Аьккхийн лом Сайтиев Бувайсарна Б1аьстенца аренгахь Зезаг ду товш, Ткъа бешахь-ношбелла стом. Мел хало язъяларх, Собарца ловш, Ламанца товш хуьлу лом! Дикачу к1антах Олу г1айракх, Атта лов цо Машар-т1ом. Малхе ойъуш Нохчийн байракх Къар ма лолахь Аьккхийн лом! Къовсаршкахь, лом санна, Г1аьттира хьо, Кхерстира б1аьргашкахь суй. Г1аьттира халонна, Б1о ца къажо Хаара хьо нохчо вуй!...
