Синкъерам

Нагахь санна нохчийн къомера дуьненна а хьалха дозалла дан йиш йолуш цхьа хIума даьллехь, хьалхарчу декъана, иза синкъерам лара безар бу. Тахана халкъ а хилла доьхна даьржина долу вай юха, ша хьалха ма-хиллара, къам хилла дIахIуттург хиларх а, цIена синкъерам цу тIехь вайна ницкъ болу гIортор хилла дIахIуттург хиларх а дог теша. Амма и тешам эшаме боьрзур бу, нагахь санна масех шо хьалха хиллачу Мехкан Кхелана тIехь динарг цунна тIехь дахь: тIера цIе схьа а эцна, чурх талхийна дастаме яьккхина, цIе яккхича а Iеттон дог догIучу метте цуьнан беш дIахIоттийча. Ша ду синкъерамца догIуш долчу гIуллакхийн хаза а, дика а агIонаш Iамош, толлуш, уьш тIийригна тIе туьйсу суьлхьанаш санна, схьагулдар бохург. ТIаккха ала йиш хир яр-кха: хьалха санна къам хилла дIахIоьттина вайниг.Юха а билгалдаккха лаьа: синкъерам дуьненна а хьалха вай дозалла дан догIуш йолу институт ю. ХIунда аьлча, кхечу къаьмнашна шаьш цивилизацин лакхене кхаьчна моттарехь а и санна йолчу юкъарлоне уьш хIинца а кхаьчна бац. Цуьнан баккъал болчу чулацаман а, цуьнан оьздангаллин маьIнех а шаьш кхетча, кханенга сатуьйсуш долчу дуьненчуьрчу дерриге а къаьмнийн векалш «иза шайн-шайна ца хилча ца болу», — бохуш, цуьнан гIиллакхаш Iамо гIерташ вай долчу «ХьаьжцIа» оьхур бара.Вай лакхахь элир-кх уьш дин лелош дуккха а къаьмнаш ду аьлла. Оцу кеппарчу нислучарах ду меттанаш цхьаъ хиларх, къаьмнаш тайп-тайпана хилар, масалш лоьхуш гена вийла а ца оьшу: немцойн мотт австрийцаша буьйцу; ингалсан мотт – американцаша, австралийцаша; партугальцийниг – бразильцаша; Iарбой-м хьеха а ца бо вай кхузахь.
Нохчийн синкъерам – къоман са. Дог, букъан сурт ду. ХIунда аьлча, цигахула бен оьзда а, беркате а доьзал кхолла аьтто ца хилла вайн дайн. Имам Шемал иза кагбан воьлла. Советан Iедало – синкъераман са, дог, чарх ша-ша доккхуш дIаса а даьккхина, сийначу цIергахь дагийна, мохе чим дIаса бахьийтина.
Дин, мотт кхидIа а тайп-тайпана хиларал совнаха, цу къомана юккъехь лелачу йигар-ялоран низамашца а къаьсташ ду дуьненчуьра къаьмнаш. Масала, шина вешин йоI, кIант долуш, Iаьрбойн, суьлийн кхечанхьа кхийда йиш яц; дайшкахула-м хьовха, наношкахула а захало тасаделла меттиг хилча а, хIирийн а, гIалгIайн а керла доьзал кхоллабала йиш яц. Iилманехь хьалхарчух эндогамни, шолгIачух экзогамни брачни система олуш ду. Цу шина къоман, вайчеран гIиллакхашца дуьстича, цхьа башхалла ю кегийрчеран дог-ойла юьстах йисар, керла доьзал колларан гIуллакх баккхийчарна дукъ хилла тIедожар. Вайна ма-хаъара, дукхах долчу европейски къаьмнийн гIиллакхашца, йоьIан дас-нанас йоIана мах а лой оьцуш ву кIант, (Iарбоша йоI оьцу). Оцу шина системана синкъерам, къаьсттина, тIехьийзар, догдахар, безам-уьйр бохург юкъадаьккхича а, уьш цигахь догIуш цахиларе хьаьжжина эхье а, маьттаза лара дезаш ду.
ТIехьийзар, догдахар, безам-уьйр кхоллаялийтархьама кегийрахошна юккъе кхин система кхоллаяла еза. Иза адамаша къобалйина тIеэцна хилар оьшуш а ду. И шадерг хилийтархьама, кхоллабала безаш бу цхьа кхетаман бух. Масала, нохчийниг санна, доьзал доьзал бац, нагахь санна, стаганий-зудчунний юккъера уьйр-безам хаьдча. Цу тIера ду нохчийн йитар-витар атта хилар. «ХIунда хилла-те иза иштта?» — аьлла, дуьхе кхиа гIоьртича, гучудериг стен а, майрчун а юккъера безаман зIе хаьддачул тIаьхьа дуьненна тIе ваьлла доьзалхо – къутIа хилар. КъутIа боху кхетам дуьне доладелчахьана къаьмнашна юккъехь лелла а, лелаш бу, амма нохчийниг санна кхетаман кIоргенашка кхаьчна бац.Доцца аьлча, синкъерам, шен диканиг — вониг зуьйш, цецах чекхдоккхуш, толлуш, шен оьздангаллин терхашца нисъеш, нохчийн къомо кхоьллина Iаламат мехала институт ю.
Нохчийн йоIана а, кIантана а вовшийн довза а, самукъадаккха а (тIехьийзаран юкъаметтиг дIакхехьа) ворхI тIегIа ду къастийна. ЙоIа цхьа бахьана, цхьа некъ ца белча, кIентан йиш ца хилла юкъаметтиг лакхарчу тIегIантIе яккха. Масала, дуьххьарлерачу тIегIантIера, дукха хьолахь, дIадолалуш хилла цу шиннан довзар. Хьешан цIарах сакъерар ду иза. Синкъерамехь а доцуш хечанхьа кIанта шен безам йоIе дIакховдор вайн дайшлахь дукха чIогIа даьсса хIума лоруш хилла, и шиъ берахь дуьйна цхьана хьалакхиънехь а.
Хьалхара тIегIа, вай лакхахь ма-аллара, йоIера хьешан цIарах сакъера пурба даккхар ю, уьш цхьана юьртара-м хьовха, кевнах ков а хIоттаделла бехаш белахь а. Делахь а коьрта чурх кхечу маьIница ю кхузахь. ЙоI, я кIант хьошалгIа дахча, цунна лерина синкъерам беш хилла, цу тIе, хьешана хьаша кхачош ца хилла. ХIунда? ЙоIана, я кIантана нах бовзаран го шорбан Iалашо йолуш. ЛадоьгIча, ойла йича, доккха маьIна Iуьллу цунна бухахь! Хьешан цIарах цхьана буса шега къийрина а сакъийринчу кIанте, тIаккхахула мацца а, миччанхьа а вовшахкхеттачохь йоIа маршалла хаттахь, кIантана а, гонах болчарна а хаа хилла, йоIана цуьнца долу гергарло кIаргдан лууш хилар. Нагахь ца хаттахь, шен дагахь мелла яккхий «гIаланаш» югIуш иза хиллехь а, кIант юхавала везаш хилла. Вайн дайша зIакардаьхнийн гIиллакхашха лерина долу, йоIана лаахь а, ца лаахь а кIанта «тIам» хьоькхуш гонах хьийзачуьра дIа ца валар кхечу, къаьсттина евро-оьрсийн гIиллакхашца вайна юкъа даьржина ду. Гуттар вониг: йоIа шен гIуллакх тIе ца лаьцча, кIанта дегабаамаш бар, ша санна волчу стагаца хьогIе ваьлла ца Iаьш, иза а чIогIа дастаме хIума доллушехь, йоIаца а, цуьнан нахаца а хьагI лоцуш хилар.
ТIехьовзар синкъерамехь, белхех, я ловзаргахь бен дIадолон йиш ца хиларе хьаьжча (нахана гучохь, хезачохь, хуучохь), гучуйолу цу гIуллакхан кхин цхьа тIаьхье кхечанхьа дагара хаийтар осалчу хIуманех лерина. ШолгIа делахь, синкъерамехь (узаконенни) хиллачу довзаран тIаьхье мухха хилахь а, гучудолу цуьнан ларам бар.
Дагалаца догIу, вайн хIусамашкахь хьеший дукха латтарца, царна синкъерамаш барца, йоьIан, кIентан керла довзар, хIора сарахь бохург санна, хила тарлуш хилар. Аьллачунна тIетухур вай, хIора зуда ялоза волу кIант – мехкан нуц а, хIора ара ялаза йолу йоI – мехкан нус а ларалуш хилла. ХIунда аьлча, мичахь, хьаьнца нислур ду рицкъа хууш дац. Дийца ца оьшуш гуш ду-кх мелла хийцаделла, керчина гIиллакхаш, мелла дастаме даьлла ша адам а.
ЙоьIан лаам хиъначул тIаьхьа (синкъерамехъ) тхьамдашкара пурба доккхий «дуьнена юкъара сакъоьрур ду» аьлла, дош доьхуш ша кIант, я цуьнан накъост вистхуьлуш хилла йоIе. Хьалхарчу тIегIан тIехь сакъоьручу хенахь цу шиннан вовшашна хьалха, цхьа а тайпа бохург санна, декхар ца хиллехь, шолгIачу тIегIантIе юкъаметтиг яьлча, декхарш мелла а совдовлуш хилла.
КхозлагIчу тIегIанехь, шаьш цхьана юьртара делахь а, юьртахочун цIарах сакъоьрур ду аьлла дош ло йоIа. Цигахь декхарш кхин а совдовлу. КIентан деган йовхо хьала йолу. Юкъаметтиг юьртахочун цIарах тIехьийзаре кхаьчча шена бевза-безачу лулахошка а кхайкхина, йоIаца мелла а паргIат вистхила аьтто болуш хилла кIентан.
ДоьалгIа тIегIа, «йогIур ю», аьлла, дош далар; пхоьалгIа – хан йиллар; ялхолгIа – тешамна кара хIума ялар (карара йовлакх, лергара чIагарш, мухIар и.кх.дI.); ворхIалгIа – ара яьн йолу де, хан билгалъяккхар. Хьалхарчу кхаа тIегIанах гергарло чекхдаьллехь, йоьIан йолане хьаьжжина, важа тIегIанаш ца лардар бехке лоруш ца хилла. Нагахь кIантера, я цуьнан гергарчаьргара цхьа оьзда доцу, нахана дош хеташ доцу хIума далахь, йоIа пхьоьханахь кхайкхадойтуш хилла оцу я хIокху бахьанина хьанеха-минехана делла долу дош ша юха оьцу, олий.
Нохчашна юккъехь даиманна а осала лерина ду дегабаамаш бар, моханаш кхехьар, синкъерамехь-м муххале а. Цундела кхаьсттина пайда боцчех а, дастаме а лоруш хилла йоIаца доьзна долчунна тIехь. Вай лакхахь ма-аллара, йоI цхьаннан цIарна тIе яллалц, юкъара ларалуш хилла.
Жимачу стагана синкъерамехь-м муххале а товш дац, куьйга корта а лаьцна, букар вахар, я уьсаза букъ бойна шайтIа санна, аркъал сеттина Iер. Ког-куьг дIасакхоьссина, ваьржина Iар а дац товш долчех лерина. Лехча санна меженаш дIахецна, я пхенаш озийча санна хебна Iан йиш яц оьздачу стеган. Джай гIанта тIехь Iахь а, я кхечу лекхачу меттехь дIанисвеллехь а, товхана бертиг санна голаш гIаттийна хаар а ду оьзда доцучех лерина.
ХIинца-м башха тидаме оьцуш дац, амма цхьана хенахь, гола тIе ког баккхар – эло шен лайш болчохь бен шегара далийта мегаш хIума ца хилла, шаьш муьлш ду царна диц ца далийта деш хилла цо иза. Цу тIе, и воцчо, цара массара а коьртара хIумнаш дIаяха езаш а хилла. Со жима волуш, вай цIера даьхна дукха хан ялале хила там бу иза, цхьана суьртан тидам бар нисделира сан. Цхьамма-м тилкхаза а ваьлла, голана тIе ког баьккхича, чохь мел волчо изза дира. «Дагахь хIума долуш дина хIума дацара шуна иза, шена бехк ца биллар доьху ша», — аьлла, охьабаьккхира хьешо голана тIера ког. Бухахь болчех воккхачо: «И ледарло йолуш верг а хьалха вер вацара те бохуш, сакIамделла Iаш дара хьуна тхо-тхаьш а. Баркалла хьуна некъ баккхарна», олуш дерзийра.
Стаг – стигалан векал, зуда – лаьттан векал ларалуш хиларх къамел хилира вайн. Делахь-хIета, йоIана баланаш лакхара охьабуьссуш хиларе терра, царна дуьхьал ваьлла, уьш цунна тIе ца кхочуьйтуш тIехула хьийзаш ву кIант. Зударшца шен дахарехь мел лелориг къонахчо (вуьйцург вуьззина къонах хилар диц ма де) цу тIера леладо.
Вовшийн лараман кепаш, (Iуьйре-суьйре, де-буьйса, серло-бода боху кхетамаш санна) цхьаъ ца хилча важа доцуш, ша даьккхича тIаьхье йоцуш довш, хIума дуй хууш хилла вайн дайшна. Цундела оьрсаша вайна юкъабалийна, баржийна эмансипаци (бакъонаш цхьатерра) боху кхетам. Дуьне мел ду иза нохчашца чекхдер долуш хIума доцийла хаа деза. ХIунда аьлча, божаршна, зударшна оьшург, хьаштдерг тайп-тайпана ду. Цу тIе, йовхачу цIарна, шийлачу хина тIе боьду некъ, царех оьцу пайда ша-ша бу. Оьрсашкахула вайна юккъехь даьржина эмансипаций, вайн цхьацца болчу «молланаша» зудчух яцон бIарз ян еза бохурггий, нохчийн оьздачу гIиллакхашца цхьаьна догIуш дац.
Вайн дайша керла кхоллалур болу доьзал, муха, стенна тIера кхоллалуш бу бохучуьнан мел пусар деш хилла гайтархьама масална хилларг далор ду ас.
Лакхахь аьлла ма-хиллара, синкъерамехь хелхабовлар тхьамдашна тIера дIа рогIехь хуьлуш ду, ловзаргахь санна юкъ-юкъара доцуш.
Бал боккхучуьнан маьIна гатдина, цхьана хелха бовларна тIедерзийна тахана. Бал бохучунна юкъа догIуш ду:
1/ хелха бовлар (бал цкъа дIаболийча массо а ца валарх бехке дац, юха дIадолош сецначуьра долон мегаш гIуллакх хилча-м хIетте а);
2/ хелхадовларан го сецча ладогIан эшарийн рагI тIе кхочу (чохь берш дуьненах, дахарах, гIиллакхех, дайх, дIадаханчух ойлане бовлийта деш ду иза);
3/ йоIе бистхила лууш болчу кегийрачу нахана аьтто боккху;
4/ илланча чохь велахь, цуьнан иллига ладугIу, я чувеанчу воккхачо кегийрачарна ладоьгIча пайденна хир долу къамел до.
И кеп кхоьллинарш баккхий Iилманчаш-м хаац суна – палсапаташ, психологаш, психиатраш ца хилла ала хала ду. ХIунда аьлча, дика хууш хилла царна адаман сих, лагах, дегIах дерг. Кегийра нах бистхуьлучу хенахь дош гал далар бахьана долуш кхолладелла вовшех цакхетар, илли аларо, хьекъалечу дашо, дайшкахь хилла доьналла, сий хьахоро тIепаза бойуш хилла юкъаметтигаш хьогIе ерзо кхоллабелла зирх. Цул тIаьхьа хьенан ала йиш ю уьш кхетам лахара болуш хилла?!
Вистхила лаам гучубоккхуш, шен тхьамдера кIанта дош доьху, хIара хьенех цу йоIе (йоьIан цIе а йоккхий) вистхила пурба лахьара ахь», — олий, мехкарийн тхьамдера пурба а доккху. Амма кIант вистхила воьлча, йоIа – «шена кху чохь бехкен стаг ву», — ала тарло. Чехкка хьала а иккхина неIаре ца вадарх, жимма хан-зама а йолуьйтий, цхьа бахьана а лохий, араволуш ду йоIа вуьйцуш волу бехкениг. КIант вистхилла ваьлча, чувеана шен метте дIатарло кIант шега вистхиллачо леринарг.

        

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля