А. Халикован — Дашочу оьмаран юьхь

Дукха хан йоцуш Москварчу Российски 1илманан академехь болх беш волчу    накъостаца къамелехь нохчийн литература хьахаелира тхан.
«Муьлхачу т1ег1анна т1ехь ю аьлла хета хьуна нохчийн х1инцалера литература?»-хаа лиира цунна. Цу хаттарна кхоччуш жоп дала хало хилира суна.
«Хетарехь, х1инца дашочу оьмаран юьхь ю-кх нохчийн литературехь гучуяьлларг»,-элира  аса. «Дашо оьмар хила Пушкинг1ар кхиа беза,ткъа  нохчашна юкъахь Пушкинг1ар кхиа кхин  зама еза,паччахьан зама.Х1инца компьютерни оьмарехь кегийчарна  кхиа  таронаш ца йитина,-олу  соьга. Я поэзи а кхин нехан тергамехь а яц. Пушкина шен дикаха йолу произведенеш а дукха жима волуш язйина… Шу буй ишта  поэташ?»
«Бу,-доцца хадийра аса.Ткъа,айса и жоп луш, сан иесехь карладелира къоначу т1екхиъначу чкъурах йолчу поэтессин Халикова  Асетан поэзин хат1, цуьнан шатайпа, дукха хьалхе зазадаьккхина  пох1ма а.
Халикова  Асет  кхоллараллин новкъаяьлла  дукха жима йолуш.Иза дуьнен т1еяьлла 1ашхой-мартанан к1оштарчу 1ашхойн-к1отарахь. Цигахь дашочу мидалца  ишкол чекхяьккхина, цул т1аьхьа -Соьлжа-г1алара Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Белхаш дина университетехь, «Даймохк»-телевиденехь, радиохь, Къоначийн хьаштийн министерствохь.Цунна совг1аташ дина М.Ю. Лермонтовн, А.П. Чеховн, М. Мамакаевн  ц1арахчу мидалашца, иштта  цуьнан къинхьегаман юьхь мидалца билгаляьккхина Нохчийн Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а. Карарчу хенахь аспирантурехь доьшуш ю,диссертаци  т1ехь болх беш ю.
Нохчийн Республикан яздархойн декъашхо а,иштта яздархойн правленин декъашхо а ю Асет.
Х1окху т1аьхьарчу шерашкахь Яздархойн союзехь вовшахтоьхначу «Синмаршо» ц1е йолчу литературан цхьаьнакхетараллин коьрта декъашхо а ю Асет Халикова. Цуо шега далучу аг1ор г1о а деш,вовшахтоьхна гулар «Синмаршо» кхиамех лара мегар ду нохчийн х1инцалерачу литературехь.
Нохчийчохь бевзаш болчу яздархоша,поэташа Уциев Абус а, Хатуев 1абдул-Хьамида а 2006-чу шарахь юха вовшахтоьхначу Керлачу» Пхьарматан»  жигара декъашхо хилира Асетах. Х1ета тайп-тайпанчу  журналашкахь, газеташкахь  зорбане евлира дуьххьара байташ. Уьш яра безамах, Даймахках, 1аламах. Къоначу чкъурана юкъахь къаьстина яра  йоь1ан безаман лирика.Кехате ерзаян а кхиале, мукъамашка  йирзира царех цхьаерш «Безаман тезетахь», «Со-зезаг», «Догу дог»…
Шен 23 шо кхаьчча дуьххьара поэма «Дахаран цхьамза» йиллира поэтессас дешархойн кхеле.Доккха совг1ат ду иза нохчийн  маттана а, литературина а. Х1ета  дуьххьара  цуьнан  поэмах  интернет-сайтехь сайн б1аьрг кхетча,боккха кхаъ хилира ненан маттах, литературах дог лазаш йолчу сан.
Цкъа охьа хиина йийшира  аса поэма, юха  авторца къамел хилира.
Поэма  язйина  хиллера 2010  шарахь, цхьана буса. 2014 шарахь  Яздархойн  Союзо  арахецначу Асетан дуьххьара книгина «Дахаран жайна» юкъа яхана и поэма шеца цхьацца  кхачамбацарш доцуш яц.Уьш кегамерса х1уманаш ду- кеп,рифма,ритмика  дукха тергамехь ца латтор. Иза а поэтан  кхоллараллин  ша тайпа башхаллех хила  тарло. Коьртаниг — поэмин к1орггера чулацам.
Къоначу поэтессас шатайпачу васташца досту шен заманахьлера а,д1аихна б1ешерийн лар йитина а Дахаран чолхе маь1на: дуьненан къизаллех  коьртаниг -1ожалла массаьрга а цхьатерра хьоьжуш хилар, малхбалехь цкъа малх г1оттуриг хилар, Делах тешар, кхерар а -и шадерг  а   халкъан кхетаман  иесара  дагалецам   башха  гайтина  поэмехь.Дин а, дахар а къаьстина  доцучу  хьелашкахь кхиина хилар гуш ду поэмин лирически турпалхо.
Поэмин   философаллин  маь1на шатайпанчу ц1арехь-метафорехь а билгалдолу-Дахаран  цхьамза. Дахаран  сихабелла  беттало  цхьамза  сацарна  кхоьруш   даьккхинчу орцанан  мохь буй те х1ара назманийн-жанрехь язйина башха  произведени?
Поэмин композици а ю шатайпа: 8 б1ог1амех, до1а, дерзорах лаьтта иза.
Шел хьалха хиллачу илланчаша Маршонехьа биллина некъ зен байна цахилар  гойту къоначу поэтессас. Цу некъан тоьшаллаш, д1адан ца туьгуш,  карладуьйлу  юх-юха  кхуьнан иесех, юха-ойланашкахь-мог1анашкахь: 21 чу б1ешарера юхахьахьоьжу лирически  турпалхо кьизачу хиламашка. Йиц ца ло яханчу оьмарашкахь къиза хьаьшна Хьайбаха, Дадин-юрт а. Нохчмехкан сий ца дайта оьздачу мехкарийн 1ожалла шена чохь лан езна Терк-хи а,дайн латта-Шаройн мохк а, Шейх Мохьмад а, цуо шена т1ехь ламаз дина Орга –хи а — шатайпа к1орггера маь1на долуш васташ далийна Асета шен поэмехь.
Нохчийчоьнах йоккхайер, цуьнан чевнах доглазар, цуьнан дикане сатийсар-Делан дикане сатийсарехь, Аллах1ана т1етовжарехь лоьху. Нохчийчоь яха езаш ю эвлаяийн  до1анийн дуьхьа. Шен до1а а царех д1аиэдан г1ерта къона поэтесса.Цуьнан до1ийца ерзайо аса къоначу пох1манчех йолу ойланаш. Теша лаьа, Нохчийчоь дуьненна а масала хилла, Оьздангаллин, Иманан кхерч хилла д1ах1уттург хиларх.
              

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля