И хан хьахочу хенахь гуттар а бӀаьргех хи хьодура тхан нанна: елхар а сецош, хала къурдаш а деш, дийца йолалора иза: — Сан итт шо кхочуш дара цу шарахь. КхозлагӀчу классехь доьшуш яра со. Г1умкийн къомах а йолуш, чӀогӀа дика хьехархо яра тхуна хьоьхуш. Со цунна къаьсттина дукха езара. Ишколе ца йоьдуш со цӀахь йисча,...
