ДIадаханчу шинарин дийнахь, эсаран беттан 31-чохь, Соьлжа-ГIалахь Къоман библиотекехь дIайаьхьира Нохчийн Республикин халкъан йаздархочун Айдамиров Абузаран 90 шо кхачарна лерина юбилейни суьйре. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Йаздархойн Союзо Къоман библиотекин гIоьнца. Библиотекин исбаьхьачу, «аьхкенан беш» олучу зала чохь охьахаа меттиг йацара – оццул дукха бара Айдамиров Абузаран кхолларалла йезаш а, йевзаш а болу йешархой. Царна...








