Дуьненан йукъара ненан меттанийн де даздеш схьадог1уш ду 1999-чу шарахь дуьйна. Иза даздаран хьолехь кхоьллина ЮНЕСКО-н 30 Генеральни сессехь. Х1ора шарахь чиллин 21-чохь билгалдоккху иза. Х1ун бахьана дара и де иштта лаккхарчу т1ег1анехь дийцаре даран? Хууш ма-хиллара, лакхахь хьахийна йолу организаци адамаша йуьтуш йолу т1аьхье ларйан кхоьллина йу. Иза хила тарло историца, оьздаллица, маттаца, иштта...










