Дуьненан йукъара ненан меттанийн де даздеш схьадог1уш ду 1999-чу шарахь дуьйна. Иза даздаран хьолехь кхоьллина ЮНЕСКО-н 30 Генеральни сессехь. Х1ора шарахь чиллин 21-чохь билгалдоккху иза.
Х1ун бахьана дара и де иштта лаккхарчу т1ег1анехь дийцаре даран? Хууш ма-хиллара, лакхахь хьахийна йолу организаци адамаша йуьтуш йолу т1аьхье ларйан кхоьллина йу. Иза хила тарло историца, оьздаллица, маттаца, иштта кхин йолучу мехалашца йоьзна. Къаьсттина х1окху денна лерина дийцича, дуьненчуьра д1адовлуш дуккха а меттанаш, ткъа цаьрца цхьаьна халкъаш ду. Церан мог1арехь, ЮНЕСКО-с биначу хаамаца, гергарчу хенахь д1адовр долчу меттанашна йукъахь бу вайн нохчийн мотт а.
Хала а хета, хаттарш а кхоллало. Х1унда бу вайн мотт оцу мог1арехь? Х1ун дан деза вай и иштта ца хилийта? Муха дала деза кху хаттаршна жоьпаш? Шун ойланаш муха йу оцу хьокъехь, хьоме газетадешархой?
Вайн махкара а ду дуккха а меттанаш оцу мог1арехь. Тахана вайн пачхьалкхехь цхьа б1е сов къам ду шайн ненан меттахь йоза а долуш. Йукъара оьрсийн мотт массанхьа лелош хилар бахьана долуш, вай санна, ши-кхо б1е эзар бен доцчу кегийчу халкъийн хьолаш тиша ду. Ма-дарра аьлча, ненан мотт буьйцурш к1еззиг мел хуьлу, къам д1адаларан кхерам лакхара бу.
Цул совнаха, тайп-тайпана технологиш йукъайалар а ду кегийчу халкъийн ненан меттанаш д1абаларан бахьанех цхьаъ. Х1унда аьлча, оцу аг1ора лелош берг, дукха хьолахь, ингалсийн мотт хуьлу. Ткъа интернето вайн меттанашна деш долу зиэ а ду дуккха лакхара. Х1ун бахьана долуш ду? Дера ду, къена а,къона а, берриге оцу чохь болу дела. Баккхийчара-м шайн г1уллакхана, балхана лелош хила тарло иза. Делахь, дерриге а бохург санна, бераш ду цу чохь. Ловзарш а, самукъане видеош а, мультфильмаш а — йерриге оьрсийн маттахь йу. Т1аккха бер кхуьуш дуьйна оцу матте марзло. Иза хаар-м вуон дацара. Делахь, ненан маттана цо новкъарло йеш хилча, иза д1ататта беза аьлла хета суна.
Х1унда аьлча, кхуллуш дуьйна Дала нохчийн къомах долуш кхоьллина. Нохчий долуш дала а деза. Х1ара г1улч вайн кара кхаьчначохь, ненан мотт биц а бина, къоман мостаг1ий хила йиш йац вайн. И мехалла лар ца йахь, цуьнца цхьаьна йукъара д1адала тарло 1адаташ а, ламасташ а.
Иза иштта ца хилийта х1ун дан деза? Вайх х1орамма а, къаьсттина вайн доьзалехь, ненан мотт бийца беза. Хьалха д1абахначаьра муьлхха а халонаш т1е1иттайаларх, д1а а ца тосуш, ларбеш вайна схьакховдийна бу иза. Нагахь санна вай ца бийцахь, т1аьхьа бог1учаьра бийццане а буьйцур бац. Иза ду кхоьрург.
Х1ара т1ам вайн карахь болччуьра къахьегий вай? Х1умма хала болх бацара иза, вайн ненан мотт бийцар бен. Массаьрна хууш бу, бевзаш бу. Делахь, доьзалашка иза д1абийца а, цаьрга иза бийцита а мало йо-кх вай.
Вуон дерг хиларан кхоьруш беш кхайкхам бу х1ара. Дийца дезаш, ала дезаш дацара х1ара. Делахь, т1ехьоьттинчу хьоло олуьйту-кх.
Хьоме махкахой! Со тешна ву, йог1учу ханна вайн адамаш х1ара анпал муххала к1орггера йу кхетар ду аьлла. Дегайовхо йу, дайша ларбеш, кхиош схьакховдийна нохчийн мотт кхоччуш барамехь вай д1акховдор бу аьлла т1екхуьучу чкъоре.
Дала латтабойла вайн къомана ненан мотт, ткъа цуьнца цхьаьна йисина мехалаш а!
БАЙМУРАДОВ Мовсар
