Хьоме газетадешархой!
«Нийсо-Дагестан» газетан тобано даггара декъалдо шу сийлахь–деза долчу 1арафат денца а, г1урбанан деношца а!
Вайн ч1ог1а дезаш т1еоьцу г1урба, иза т1екхачаре сатуьйсу, кхоччуш даздо. Оцу дезачу дийнан коьрта башхалла йу г1урба дер, г1урбанах дакъа г1ийла-мискачарна кхачийтар. Оцу дерригено а г1о до вайн йукъараллин барт, цхьаалла ч1аг1ъйан.
Дала гуттаренна Шена 1ибадат дан а, хьанал рицкъ лаха а могашалла а, ницкъ а лойла вайна! Жоьжаг1ате хьарам йеш, йалсамане хьанал йеш, дуьненахь ирсе деш, эхартахь декъалдеш, ийманчохь дахар деш, беркате т1аьхье йеш кхиъа дойла вай Везачу Аллах1а!
Дахар толуш, барт, иман ч1аг1луш Дала аьтто бойла вайн а, вайн гергарчу нехан а нийсачу новкъахь!

