Эсаран 22-г1а де лоруш ду Дагестанан халкъан поэтан Гамзатов Расулан поэзин дезде санна — «К1айн г1арг1улеш», аьлла, ц1е йу цунна. Гамзатов Расулна литературин декъехь баккхий кхиамаш бахарна Дагестанера а, Россера а, Советан пачхьалкхера а, дуьненара а дуккха а ц1ераш а, совг1аташ а делла. Цуьнан поэзино тахана тайп-тайпанчу къаьмнех адамаш цхьаьнатуху, диканиг, хьекъал, безам хьоьху....










