Вайн дукха дог-майра к1ентий, шайн б1аьхаллин декхар кхочушдеш, сий ца дойуш, йахь ца йухкуш, д1акхелхина. Вайн декхар ду цара гайтина хьуьнарш т1екхуьучу т1аьхьенашна довзийта. Исторехь эхье, 1аьржа терахь ду — 1944-чу шеран ткъе кхоалг1а февраль. Масех сохьтехь хьаьвзина, берриге нохчий махках бехира. Д1абайра церан дайша, дедайша а, ворх1е а дайша б1еннаш шерашкахь летийна, уьш...










