Къонахаллин дарс

Дуьххьара 1993-чу шарахь кхоллаелира сан  Хьаьжин ц1ийнах йолу Эсет, Дела реза хуьйла цунна, Даймахка ярах лаьцна дийцар яздан. Ч1ог1а доккха дозалла хетара меттарчу  устазан Киши-Хьаьжин, Дала къайле тойойла цуьнан, йо1 Дег1астанах б1аьрг тоха  яло доьналла,къонахалла тоьъна,оццул луьрачу паччахьан заманахь генарчу Хонкара махка вахана веана тхайн юьртара а, тайпанах а волу Исламха. Х1ета дуьйна 25 шо зама д1аяьлла сан и ойла кхоллаелла, аса и кхобуш йолу.Хийла ха хаьрци замано, Хьаьжин Эсетан доьзалаш а ц1абирзи. Шен йозанца бен хила йиш яц цхьа а х1ума, хетарехь зама кхаьчна дуьллу аса х1ара яханчу 19-оьмарехь  хилла бакъдерг дешархойн кхеле, къаьсттина кегийрхошна масала хиларе дог дог1уш…Котар-Юьртара орстхойн тукхамах а волуш,ша тайпана ц1ечо вара Исламха, Изарпан к1ант.Ша волчу ден цхьаъ бен вацара Исламха,улло х1отта ваша,деваша а воцуш, цхьалха вара дахарехь.Хонкарамахка 1861 шерашкахь нохчийн къам ц1ера долуш,д1абахана дукха орстхой, х1ета д1абахана верасаш,ткъа Исламха барх1 йишина т1евина хилла. Цуьнан да Изарп воккхо стаг хилла, д1авахча боккхачу доьзалца х1ун лелор ду улло вала ваша а ца хилча, аьлла ц1ахь сецнера иза.Дог-ойла-м х1ета д1абаханчу Хьаьжин мурдашца хилла, шен д1аваха аьтто боцуш висарх.
Исламха наха ц1е йоккхуш,майраллийца,доьналлийца,комаьршаллийца  г1араваьлла къонаха хилла,къона волуш дуьйна. Къонаха халкъан иесехь вуьтург цуо дахарехь шен къоман дуьхьа яккхийтина дика ц1е ю,ткъа и дика г1улчаш Делан динца доьзнаверг х1етте а хьакъ ву т1аьхьенашна вовза.
1903 шарахь Хонкара махкахь ехаш йолчу Хьаьжин йо1а Эсета(Дела реза хуьйла цунна) хабар даийтинера Дег1астанчу,шен Ден муридашка орца доьхуш,Даймахка ша йига улло вала ц1ера верас оьшуш(ша ехачу шахьарин 1адатехь).
Ткъа и кост схьакхаьчнера Хьаьжин мурдашка. Хьаьжин мурдашна юкъахь сиха даьржира и хабар, цига ваха таро а,аьтто а болуш к1еззиг нах бара. Исламхе а кхечира и хабар, цуо ниййат дира Дела дуьхьа и некъ шена т1елаца.
Ала деза, цига ваха новкъаваьллачу стагана,даьхни а гулдийр долуш, новкъахьовзам хилла,цхьа бохам 1оттабелла иза ц1ацавар нислахь, новкъахь кхетта валар хилахь,шаьш цуьнан доьзал кхаба а,1алашбан а т1елоцур долуш ч1аг1о йина хиллера бухарчу мурдаша.
Х1ан-х1а, даьхни,дуьненан х1ума дацара х1ета,1 903 шарахь, Исламхин дог караирах1оттийнарг. Цунна орцаха вала лиира генарчу махкахь кхойкхучу шен бусулба йишина Эсетана, Хьаьжин йо1ана.Цул доккха ирс ца хетара бакъволчу Хьаьжин мурдана.
Ткъе диъ шо бен хан йоцуш вара Исламха х1ета, х1инца ялийна  жима зуда а, карахь к1ант а волуш.
Гихтара варандо а волуш,зуькар олуш волчу  1ийсас дийцина хууш ду х1ара. 1ийсан ненандеваша Харис дика накъост хилла Исламхин, цуьнан хьехарца Ша1миюьртарчу Ахьмад-дукъ Хьаьжин (Дала къайле тойойла) т1евахана Исламха новкъа валале доьзалан хьокъехь цуьнца дагавалархьама.
Доьзалца долу г1уллакх иштта къастинера Ахьмад -Хьаьжа-дукъас, Дела реза хуьйла цунна: ц1а валлалц йолчу юкъана  зуда  мукъайита, нагахь новкъахь цхьа бохам хилла валар-висар хилахь, х1усамнанна бакъо хир йолуш шен кхоллам нисбан.
Иштт, 1903 шарахь, Майртуьпарчу Чаьммирзин г1оьнца шен кехаташ а кечдина, Хонкара махка ваха новкъавелира Исламха. Ша новкъахь лайна халонаш, цаьрца доьзнарг дуьйцуш 1едал дацара цуьнан, олий, хьахадора цуьнан х1усамнанас Рака1ата, амма Эсет йолчу д1акхаьчча, ша цхьана 1арбочо эмкалан юьхь а лаьцна Эсет ехачу х1усаман не1аре кхачарх, цигахь ша кхаа-беа баттахь яьккхинчу заманах дукха воккавераца дуьйцура, олу.
-Марша вог1ийла хьо,Хьаша,тхан х1усаме, тхан Дас вийцинарг ву хьо,аьллера цуо цуьнга. Хьаьжас дийцина хиллера шен йо1ана орцах вог1ун волучу муридан куц-кеп.
Шен доьзалца ша цхьалха йисича, орстхочуьнга Берснакъе яхнера Эсет.Берснакъ мелла а чордо хетачу Исламхин оьг1азло кхоллалуш хиллера дагчохь. Эсета олуш хилла ,кхуьнан дагахь дерг хууш санна, сатохалахь сан ваша,ялсамане яккха атта дац хьуна, собаре хила веза.
Эсет ц1аян кечлуш дуккха а кехаташ дара вовшехтуоха дезаш, цхьаъ-шиъ бутт д1абаьллера кхуьнан ц1аярах г1уллакх ца хуьлуш.
Мухха а Эсетана хиина, Исламхин ц1ахь жима х1усамнана хилар, цуо и ханна мукъайитина хилар а.
Ша т1аьхьа д1айог1ур ю, хьо ц1а ваха веза, шена ч1ог1а доккха г1о лаьцна ахь кехаташца а, массо а х1уманца, ша хьелур яц, ша йог1уш бухахь шен дуьхьала вог1ур ву хьо, аьлла, ц1а ваийитина цуо шел  хьалха Исламха.
Ша новкъаваккха шена таьлсаш кечдеш, Исламха цецваьллера цуо уьш дукха шордеш.  Хьуна кху чу хьокхамаш дахка йоллу ша,-элира Эсета.
-Вай, Эсет, иштта хала болчу новкъахь, шега муха дехьадахалур ду и таьлсаш, аьлча, Эсета аьллера Исламхига:
— Шек ма вала хьо, К1ант, (ц1е кхобуш иштта олура), ма кхерам бац хьакхарчашна хьийкхина урс кху хьокхамашна Дала хьекхийтарна.
Шен чоь яра,олура Исламхас, Эсета ламаз оьцуш, Дадин чоь, олий ц1е йоккхура цуо цунах. Хетарехь, Хьаьжин йисин бедарш а, куз а, г1уммаг1 а йолчух тера хилла.
Исламхас ша а цецвуьйлуш дуьйцура. Тамашийна х1ун дара аьлча, дозанехь массаьрна дег1ахь, таьлсех хьоьжуш болу г1аролаша, ша ца гуш санна, т1ехвалийтира.
-Д1авало дехьавала, -аз деара шен лере, олура Исламхас.
Х1ета цуо новкъахь буха битина цхьа хьокхам ц1а беана хиллера.
И хьокхам, Эсета шен куьйган п1елгаш т1ета1ош бина болу, ц1еран арадаьхча а Исламхас беркат оьцуьйтуш лелийра: цонгушчуьнга цунах цуьрг кхоллуьйтуш. Жимма цуьрг йисина хиллера оцу хьокхаман, ткъа цуьнан дехарца  коша чу а биллинера.
Исламхе ц1а вог1уш Эсета цхьацца Хьаьжин дисинчех кехаташ даийтина Майртуьпарчу Чаьммирза-молле д1ало, аьлла.
Чаьммирза-моллас хьаьжи-мурдаш а гулбина, г1овтал теснера новкъахь хилла харж меттах1оттаян, амма Исламхас цхьа шай а ца ийцира. Ша Дела дуьхьа вахана, Делан дуьхьа дан а дина ша динарг, аьлла д1авахара иза.
Эсет 1906  шарахь Дег1астана еара, кхо шо даьлчул т1аьхьа, Исламха дуьхьалаваийта,  аьлла хиллера цуо шена. Дег1астанчуьра д1аяххалц, Эсетан дехарца ,ваша санна, цунна улло ваьлла а лийлира Исламха. Иштта хаза а, дика а шех масала дитина стаг ву Котар-юьртара орстхойх волу Исламха.
Исламхин  т1аьхьенех болчу Ша1ранин шина к1анта Шахьруддис, Шамала дийцина д1аяздина ду х1ара дийцар.
Исламхин к1ентан Ша1ранин доьзалша тахана а лелош ду Хьаьжин ц1ийнан т1аьхьенах болчу верасашца гергарло. Х1инца вайн махка ц1абаьхкинчу Эсетан к1ентан берашца йолу з1е тахана а йолуш ю. Исламхин доьзалша леррина хьошалла а леладо Эсетан доьзалшца.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля