Ц1еххьана Саид цомгуш а хилла, Старопромысловскийн к1оштарчу 3-чу больнице кхечира тхойшиъ. Саидан 3 шо бен дацара х1ета, иза ч1архъаьлла бер дара, компьютерах, телефонах дика кхетара, шен заманхой санна.
Тхо 5-чу палате чудигира. Керла доттаг1ий бевзира Саидна: 1аднан а, Хьасан а.
1аднан -1аьржа б1ьарг-цкъоцкъам а долуш, цхьа туьппалг санна аьхна, тайна к1ант вара. Кораца болчу маьнги т1ехь д1анисвеллера иза. Шен ненаца Заремица вара 1аднан. Берийн бешахо вара иза. Вочу хьолехь волуш кхаьчнера 1аднан больнице, гайморит долуш. Х1инца г1олехь ву. Кху чохь массо а ву цу цамгарех ун даьлла вовшахкхетта.
Не1арца болу маьнга Хьасанан а,цуьнан ненан Малканан а бу., 2-чу классехь доьшуш волуш, к1айн-сирлачу аматехь,хьекъале хьажар а долуш к1ант вара,амма гуш дара, дас-нанас качвина хилар. Даим а къийсало к1ант ненаца,цуо шега книжка еша аьлча.
Аьтто аг1ор болчу маьнги т1е со а,Саид а д1атарделира. Вовшийн салам-маршалла делла, девзира тхо. Х1инца тхайн ц1ахь долуш санна,д1анисделлера. Берийн лоьраш 1аламат дика бу кхузара, терго йо, оьшу молха-маха туху.Цундела сихха г1оле а хуьлий, ц1а боьлху уьнхой.
Тумбочки т1ехь 1уьллучу нохчийн меттан дешаран книжкина т1е ойла йоьду сан. Буобер санна, цхьалха, доттаг1ий а боцуш, йисина иза. Иза бахьана долуш, хийллаза довдолу кху чохь.
Керла, тамашийна оьмар ю карарниг, книжкица з1е хаьдда массеран а. Иза доккха зулам ду юкъараллийна. Книго хьекъал ирдо, кхетам кхиабо, дахаран г1иллакхех-г1уллакхех кхета 1амаво.
Синоьздангаллин кхача бу чулацаме, пайдехь язйина книга. Амма х1инца цхьалха ю иза. Цуьнгара меттиг схьабаьккхина керла юкъабевллачу технологин г1ирсаша.Комьютер ю уггаре а ондда дуьхьало.
Бераш дукха хьолехь телефонашца ду,цара уьш наношка а ца кхочуьйту.
Хьасанна-м нанас эцна планшет ю хаддаза лелош. Буьйсанна а цу т1ехь 1аш ву. Малкана сих-сиха довдо к1антана:
-Хьасан, д1аяккха планшет, охьавижа, аса дега д1адуьйцур ду хьуна.
-Мама,витахь со, халла дехьа ваьллера со г1опах, ма ехьа суна новкъарло.
-Д1аяккха и телефон,кхин соьга юха ма алийталахь,моссаза ала деза хьоьга?-
Хьасана дуьхьала «бур-бур» до нанна, юха шен буйнара телефон д1а а йоккхий, нохчийн меттан дешаран книжка схьаоьцу. Шен дов моссаза де, схьаоьцуш ю и, хан йолуш а, йоцуш а.
Книжкех мостаг1 тарвина берашна, оцу юкъадаьхначу хьере ловзарша. Баккхийчарна ца хаьа цара х1ун леладо,царна керла г1ирсаш лело хаарх тоам а беш,маллой, д1а 1ад1а.
1аднанна а до нанас дов, байташ 1амае бохуш, со хьехархо юйла хууш, соьга г1о доьху Заремас.
Х1ун дича ба1ахьа дара? Ма гергарло дац кхеран книгица.
Со дика кхета хьолах, хала ду кху заманахь берана книжка марзъян, амма халонех чекхваьлчий бен,хуьлуш бац аьтто. Вайн кхане сирла ган лаахь,къахьега деза. 1уьйранна а, суьйранна а дола дан деза берийн. Хьехар дан деза кхетачу маттахь.
-Хьовсал, хьоменаш, олу аса, шуьгара телефонш дукха езий шуна, цу чуьра ловзарш хазахетий шуна?
-Хета, -жоп ло Хьасана. Еза, -хеза 1аднанан аз.
-Книга дукхаезий шуна?
Тапъаьлла 1аш бу к1ентий. Бераша бакъдерг олу.Книгица гергарло ледара ду.
Аса берашна сайна хуучу аг1ор хьехар до:
-Компьютера, телефон а юкъаялале книжка хилла, дуккха а книгаш ешначу наха йина ю уьш.Нагахь т1екхуьу чкъор книга а ца йоьшуш сацахь, дахаран кхиар хир дац.Комьютеран а, телефонан а чу садиллинарг книга ма ю.
Книжка вайн уггаре а дика накъост а,доттаг1 а лара мегар ду.
Тахана вай д1атесна вайн доттаг1. Иза маггане а мегар дац.Вайн къоман а халкъан алар а ма ду: «Дешар-серло, цадешар-бода».Ткъа книжка ю Дахаран Серлоне не1, сирлачу Кханенан некъ а бу книжка.
Берийн яххьаш екхна ю, б1аьргаш а сутара хьожу. Оха цхьаьна схьаоьцу книжка. Хьасанера книжки т1ехь карайой, байташ 1амаян дуьйлало.