Лахьанан беттан 28-чу дийнахь Дуьненаюкъара Палестинан халкъаца цхьаалийн де ду. Х1ара рог1ера шо, д1адаханарг санна, оцу декъаза халкъан исторехь уггаре а бодане шо ду. Лазамех, г1айг1анех, баланех буьзна бу и нах…
Стохка товбецан баттахь Газа-секторехь т1еман операци йолийначул т1аьхьа Израилан эскарша лелийна та1зар бахьана долуш велла 43,6 эзар сов палестинец, царна йукъахь дукхахберш зударий а, бераш а ду.
Газехь бехачу палестинцашна цхьанхьа а йац маьрша меттиг — миллион гергга стаг шен ц1ера д1аваха дезна, амма массо а аг1орехула кхерам бу царна. Ирча хьал ду цигахь дерг…
Палестинехь, къаьсттина Газа-секторехь хуьлуш болчу бохамаша дог лаздо. И халкъ, шайн латтанаш лардар бахьана долуш, х1аллакдеш ду. Царна зулам деш йу терроран пачхьалкх, алсам къизаллаш лелош йолу.
Даима а та1зарехь лаьтташ болу палестинцаш дешна халкъ ду. Карарчу хенахь Палестинехь дуккха а йу кхачанан а, молханаш а кечдеш йолу заводаш а. Амма церан продукцин ницкъ бозуш бу Израило Палестине д1алуш йолчу сурсатийн барамца. Т1еман хенахь Израило арахьара сурсаташ д1а а дохуш, хи а, йагориг а д1а а йохуш, лахбо продукцин ницкъ.
Х1аллакдаран барам инзаре боккха бу — иза гуш ду социалан машанашкахь йаьхначу дуккхаъчу видеошкахь. Газера цхьана палестинцо иштта дуьйцу:
«Сан гергарчу стеган х1усамнана а, к1ант а вийна луларчу ц1енна т1е герз тоьхна. Оккупацин кеманаша хьалххе хаам а ца беш, нах бехачу г1ишлошна бомбанаш йетта, шайн х1усамашкара д1а а бевлла, раг1у лоьхуш, лелаш болчу палестинцашна. Маьрша меттиг цхьанхьа йан а йац.
Т1аьхьарчу шерашкахь Палестинера д1аваха лаьара суна, амма аьтто ца баьлла. Эххар а ас сацам бира цигахь 1ан, х1унда аьлча суна Палестина а, Газа а йезаш йу, кхузахь сан доьзал а, доттаг1ий а бу.
Дуккха а баланаш а, халонаш а йу тхуна хьалха лаьтташ: болх бан кхераме ду, Газа-секторехь ток а, хи а, интернет а хадийна йу. Арахь болх беш а, арахь наб йеш а ву со, х1унда аьлча, муьлхха а хенахь Израило бомбанаш йетташ йу.
Иштта, сан бераш а ца го суна, царна сагатдо ас, шайн ц1енойн экъанашна к1елара г1азотехь дайина бераш арадохуш гича…
Газехь цхьа а меттиг йац палестинцашна синтемехь лаьтта – х1оранна а бомбанаш йеттар тарло.
Карарчу хенахь Россехь ехачу Палестинин зудчун дешнаш далон лаьа суна: «Сайн дахаран дукхах йолчу хенахь Газехь йехаш йара со. Цул т1аьхьа со Россе деша д1айахара, амма х1инца сан дукхахболу гергарнаш кхид1а а Палестинехь буьсуш бу. Царех дуккхахберш д1акхелхина: нана а, да а масех шо хьалха, х1инцалера т1ом болабалале. Сан гергарчарна йукъахь бераш а, зударий а, баккхий нах а белла.
Палестинехь нах ток а, йуург а, хи а доцуш беха. Товбецан беттан 15-чу дийнахь сан кхин цхьа гергара стаг велира, бомбанаш бахьана долуш.
Гергарчаьрга телефон тоха йиш йац сан, вовшашка смс-аш бен ца йохьуьйту оха, х1унда аьлча, церан з1е йац…
Бахархоша вовшашна г1о до кхачанца йа хица. Газехь дерриг а некъаш д1акъевлина ду, Израило к1айн фосфор лелош йу боху, амма цу хьокъехь билггал х1умма а ала йиш йац сан. Сан цхьаъ хаттар кхоллало: «Цхьаммо а г1о х1унда ца до сан халкъана?! Массо а тийна х1унда лаьтташ ву?! Мича дахана дерриг дуьне, бусулбанаш?».
Газехь адамаш х1аллакдар д1ахьош ду таханлерчу дийнахь а. Массо а хьоьжуш а, вист ца хуьлуш а ву, Палестинан халкъ дайъар тергал ца деш.
Х1умма дац, дерриг а Аллах1а дийр долчуьнга хьаьжжина ду. Х1инца Иза воцург латкъам бан цхьа а вац тхан…».