1944-чу шарахь Дагестанера махках баьхна нохчий шаьш баьхна х1усамаш йухайерзо аьтто боцуш бу. Х1инца а цигахь бехачу г1азг1умкийн керахь йу уьш. Вайн лаьттанаш а, керташ а схьайала дагахь а боцуш, ондда д1атарбелла уьш Овхойн к1оштахь.
Вай йеххачу хенахь деш долу дехарш республикан а, федералан а хьаькамаша тергал а ца до. Цул сов, кхин цхьа а иэхь ца хеташ, х1ора шарахь чиллан беттан 23-чу дийнахь хьаькамаша декъалбо республикан бахархой Даймохк ларбархочун денца, амма цкъа а билгал ца доккху, нохчашна иза г1айг1ане де ду, аьлла.
Нохчий бехаш хилла Овхойн к1ошт д1айаьккхира 1944-чу шарахь вайнах махках баьхначул т1аьхьа. Дукха хан йалале арабаьхначу нехан х1усамашка д1атарбира лаьмнашкара бахархой, Овхойн к1оштах Новолакски ала йолийра. Цуьнца цхьаьна цу к1оштана йукъайог1учу нохчийн йерриге а йартийнц1ераш хийцира. Уггаре а йоккха ши эвла Акташ-Аух а, Юрт-Аух а — Ленинаул а, Калининаул а аьлла, луларчу Казбековски к1оштана йукъайахийтира. Овхойн к1ошт меттах1оттийча, уьш цу чу йухаберзо дагахь а бац.
1957-чу шарахь Советан 1едало бакъо йелира дийна бисинчу нохчашна а, г1алг1ашна а шайн даймахка бухаберза. Амма, махкахбаьхначу нохчийн х1усамашкахь бехаш бара кхин нах.
Уьш ца битира церан дай баьхначу к1ошта бухаберза. Овхойн к1ошт меттах1оттаза йисира, махкахбаьхна ц1абирзинарш, коьртачу декъана, Хасавюьртан к1оштахь бисира.
1991-чу шарахь Российн куьйгалхоша т1еийцира «Репрессеш лайна къаьмнаш меттах1итторан хьокъехь» ц1е йолу закон. И документ федералан 1едало ара-м даьккхира, амма репрессеш лайна къаьмнаш реабилитаци йарца доьзна хаттарна тйе-м ца дирзира.
Оццу 1991-чу шарахь Дагестанан Автономин Советски Социалистически Республикан халкъан депутатийн съездо сацам бира Ауховски к1ошт меттах1отто. Хьалха цига дехьабевлла г1узг1умкий йуха а д1атарбан дагахь бара леррина йуьхьанца дуьйна йиначу к1ошта, «Новострой» олу цуьнах.
Дагестанан 1едало, ур-атталла, кхоьллира г1азг1умкий д1атарбаран а, Овхойн к1ошт меттах1отторан а программа. Амма иза ткъе иттех шо даьлча а г1азк1умкий д1атарбаран а, вайн к1ошт меттах1отторан а хаттар луьстуш йац.
Х1ун бахьана ду цуьнан? Цкъа а нийсо меттах1оттор йуй-те Дагестанерчу нохчашна?
Вай 1994-чу шарахь арадаьхна ц1енош йухадерзор а, вай арадаьхначул т1аьхьа д1айаьккхина йолу Ауховски к1ошт меттах1оттор а вайн кхин х1умма ца оьшура-кх…
Ма собаре нах ду-кх вай, оццул заманахь садетташ 1аш долу, амма вай йухадер-м дац, Дала мукъалахь. Нийсо оьшу вайна…
Кхана хир йу Дагестанан Республикин куьйгалхочун Меликов Сергейн рог1ера «Прямой лини». Суна ч1ог1а лаьара лакхахь далийна хаттарш эфире даха, амма, халахеташ делахь а, вайна х1инцале а гуш ма-дарра, царна жоьпаш лур дац.
Цул сов, кху шеран чиллан баттахь Меликов Сергейн хиллачу «Прямой лине» тхан белхахочо Зайнулабидов Халида хьалха а деллира и хаттарш куьйгалхочуьнга, амма уьш тидаме а ца ийцира. Уьш тергал дийр доцийла вайна-м хууш ма дара, амма йух-йуха а теллира-кх оха и хьал…
Вайн к1ошт йухаметтах1оттор ца оьшу цхьа а тайпа хьаькамашна, йа меттигерчу а, йа федеральни а. Церан озабезам бу иза аьлла, хета суна…
БИБУЛАТОВА Iайнаъ