Вайн «жима вежарий»…

Лахьанан беттан 30-чу дийнахь дуккхахйолчу пачхьалкхашкахь даздо Дуьненайукъара ц1ахь кхобучу дийнатийн де. Тайп-тайпанчу организацеша а, 1аламан 1алашдаран йукъараллаша а д1акхайкхийна, ц1ахь кхобучу дийнаташна жоьпалла кхолларан 1алашонца. И де х1ора шарахь ламаст хилла даздеш ду.
Вайн пачхьалкхахь 2000-чу шарахь дуьйна даздеш ду Дуьненайукъарчу дийнаташ 1алашдаран фондан инициативица, иза х1инца а официалехь т1еч1аг1дина дацахь а.
Акхаройн 1уналла дар йеккъа цхьана вайн дуьненчохь дехачу кхечу дийнатийн 1уналла дар дац. Вайн массо а бахархоша шена т1ехь латтош долу жоьпалла ду иза. Кхузахь вай дуьйцур ду хьайбанех дог лозуш хиларан цхьадолу бахьанаш.
Цкъа делахь, акхарой вайн дуьненан экосистеман д1акъаста йиш йоцу дакъа ду. Цара доккха дакъа лоцу 1алам ц1ена латторехь. Цара дика хийцамаш бохьу вайн экосистеман.
Шолг1а делахь, хьайбанашца йолу йукъаметтиг вайн оьздангаллин а, адамаллин а гайтам бу. Акхаройн дола даро г1о до вайна къинхетам а, йукъарчу дахарца лерам а кхио.
Кхоалг1а делахь, дукха акхарой ц1ахь а, вайн дахарехь доггаха а, тешаме а накъостий бу. Ц1ахь кхобучу дийнаташа доьзалшна самукъа а, безам а бохьу, синхаамийн халонаш д1а а йоху, цхьалха ца хета а г1о до вайна. Акхачу меттигашкахь акхаройн шайн хазаллица вайн хазахетар до.
Кхоалг1а делахь, хьайбанаша 1аткъам бо вайн бахамна а, экономикана а. Дукха акхарой вайн йукъараллина мехала ресурсаш йу. Церан терахь лардар — иза вайн декхар ду.
Акхаройн доладар 1аламан а, дерригенан а лерам бар ду. Церан бакъо йу малхехь шайн меттиг д1алаца.
Цу кепара, акхаройн доладар оьшу вайн дуьне лардархьама а, вайн оьздангалла а кхиорхьама, вайн ц1ахь кхобучу дийнаташца ирсе а, могуш а йукъаметтигаш кхоллархьама, экономикан дика хьал латторхьама, йеккъа цхьана 1аламан а, массо а садолчу х1уманан а лерам гайтархьама. Акхаройн доладар — вайн дахарехь мехала аг1о йу.
Ц1ахь кхобучу дийнаташца дехачу берашна а 1амайо мах йукъараллин говзаллаш. Ж1аьлаша, цицигаша, кхин долчу ц1ахь кхобучу дийнаташа берашна жоьпалла а, ларам а, синтем а 1амабо. Акхарошца йукъаметтиг лелоро г1о до берашна къамел даран говзалла кхио, кхечаьрца лерам бан 1амадо, дуьнене дика хьежамаш кхио.
Къаьсттина мехала ду ц1ахь кхобу дийнаташ заь1апхошна. Масала, ж1аьлеша г1о до б1аьрзечу нахана арахула лела, г1о до дарбан х1усамашкахь а, реабилитацин центрашкахь а болчу пациенташна. Оцу дийнаташа шайн долахойн дахар аттачу даьккхина ца 1аш, церан ша-шех тешам а алсамбоккху.
Баккхийчу нехан дахарехь доккха дакъа лоцу ц1ахь кхобучу дийнаташа. Дуккхаъчу цхьалхачу пенсионерашна ц1ахь кхобучу дийнатах тешаме доттаг1 а, накъост а хуьлу, цаьрца хан йаккха а, къамел дан а, шаьш оьшуш хета а. Цара г1о до баккхийчу нахана цхьаалла д1айаккха а, церан дахаран дикалла лакхайаккха а.
Цу кепара, ц1ахь кхобучу дийнаташа массо а аг1ор т1е1аткъам бо адамийн дахарехь, церан дег1ан а, синмехаллин а могашалла тойеш. Акхарой долахь хилча жоьпалла а, ахча а, хан а оьшу, амма цунна дуьхьал стагана мах боцу синхааман а, дег1ан а пайда хуьлу.
Ц1ахь кхобучу акхаройн Денна лерина мероприятеш вуно тайп-тайпана йу, х1ора пачхьалкхехь уьш тайп-тайпана д1ахьо: акхарой къизаллех ларйеш пикеташ д1ахьо, акхарошна раг1у дан клиникаш кхолларна г1ортор йеш флешмобаш йо, цицигийн а, ж1аьлийн а гайтамаш, кхин а.
Т1аьхьарчу шерашкахь дерриг а дуьненахь шуьйра йаьржина «Горгали» бохуш акци — муьлххачу а г1алин йа пачхьалкхан зоопаркашкахь бераша цхьана минотехь горгали бетта, цуьнца массеран а тидам акхарой ларйаран хаттаршна т1еберзош.
БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля