Ветеран декъалвар

 

Регионан куьйгалхочо Меликов Сергейс б1е шо кхачарца декъалвира Сийлахь Боккхачу т1амехь дакъалаьцна волу Инчилов Гаджи.

Дагестанан куьйгалхо кхечира ветеран волучу совг1аташ а дохьуш.
«Т1едог1учу шарахь вай цхьаьна даздан дезаш ду Сийлахь Боккхачу т1амехь толам баьккхина дезткъа шо кхачар. Тхан хьоьга цхьа дехар ду, тхоьца дуккха а хилалахь. Шу тхан дозалла ду», — шен къамел долийра Меликовс.
Шегара баркаллина дош элира Инчиловс а. Баьхкинчаьрга дехха къамел дира ветерана а, цуьнан гергарчаьра а.
Инчилов Гаджи вина 1924 шеран эсаран дейтталг1ачохь Гунибски к1оштан Согратль йуьртахь. Барх1 класс чекхйаьккхича, 1941-чу шарахь шен лаамца т1амт1е ваха лаьа аьлла, кехаташ чу делира военкомате. Цул т1аьхьа Баку г1алахь т1еман г1ашлойн училищехь дийшина. Новороссийскехь а, Крымехь т1емаш бина ву иза. Фашизм отуш т1ом чекхбаьллачулла т1аьхьа, 1946 шарахь ц1авирзира иза.
1948-чу шарахь дуьйна, ша вехачу к1оштахь лаккхарчу даржашкахь белхаш бина цо. Т1ом бина хилар бахьна долуш, цхьамогг1а совг1аташ а делла цунна, шайн йукъахь Къинхьегаман а, Сийлахь т1еман хьалхара степень а, Къаьмнийн доттаг1аллин а орденаш а йолуш.
Меликов Сергейс а дира совг1ат. Дуккха а шерашкахь республикехь белхаш барна, орден Почета Республики Дагестан IIIстепени йелира ветерана.

Баймурадов мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля