Д1адахана шотде, цхьа а шеко йоцуш, вайн къоман исторехь ц1ен мог1аршца д1айаздина хир ду. Вайн ваша – Бетербиев Артур, Са1удин Аравехь д1айаьхьначу боксан суьйренехь дуьненан абсолютни толамхо ваьлла.
Иза леташ волучу йозаллехь дерриге а доьхканаш шегахь а долуш толамхо хиланза ткъа шо сов хан йара. Цхьаъ йа шиъ доьхка шегахь долуш бокс-латархой бара. Амма, уьш дерриге даха карах ца долуш, х1окху дийне кхаччалца лаьттира.
Дикка хан йара Бетербиев кху толаме вог1уш волу. Х1инццалца схьа, масийтта шарахь ткъа латар д1адаьхьира цо, х1оразза толамхо а волуш. И толамаш а бацара мух-мухха бохуш. Дерриге а боксан цхьаьнакхетаршкахь, шена дуьхьала вериг, латар чекхдаллалца а ца вуьтуш, иэшора цо. И дерриге ткъа латар, билгалйина хан йалале (нокаутом) чекхдаьккхинера.
Шен профессиональни карьерехь х1ара латар дуьххьара дара Артуран, суьдхойн баллашца толамхо билгалвоккхуш. Дукха хьолахь, цунна дуьхьала волу Бивол Дмитрий а, х1инццалца схьа цкъа а эшна воцуш, дика латархо хиларна, охьатухуш чекх ца делира и цхьаьнакхетар. Иза а, важа а, цхьатерра дика кечамаш бина бара оцу латарна. Амма, Бетербиевс хьегна къа жимма лакхара хилира. Т1етоха лаьа, уьш шиа а Россин бахархой бу.
Церан цхьанакхетар ларош дукха нах бара дуьне ма-дду. Биъ бутт хьалха хила дезаш долу латар, Артур лазор бахьана долуш, х1окху батте д1атеттина дара. Лазийначу коган дарба лелош, хан йелира Бетербиевн. Иза иштта ца хиллехь, х1инццалца схьа санна, шена дуьхьала верг охьа а вожош, чекхдаьккхина хила тарлора цо и латар.
Цхьабакъду, вайн ваша шен 39 шо хан йолуш, йалх шо воккха вара Дмитрийла. Ма-дарра аьлча, Бивол профессиональни боксеран могашалла уггар а дика хуьлу хена чохь ву. Х1етте а, къар а ца луш, шена т1аьхьах1оьттина дерриге а къам дуй а хууш, Бетербиевс толам баьккхи.
Бетербиев Артур дуьненна а вевзаш, бокс-латархо ву. Жимчохь дуьйна спортехула къахьоьгуш схьавог1уш ву иза. Шегахь бусалба дин а, нохчийн къоман г1иллакх-оьздангалла а, дайшкара схьайеана йахь-намус а йолуш, вуьззина нохчийн Къоман Во1 ву иза. Лаьа, кхин д1а цуьнан иштта кхиамаш хуьлийла.
Нийсо газетан корматаллин тобанан а, иштта, массо а хьуна дог лозуш мел волчу нохчочун а ц1арах, даггара декъалво хьо, Артур, ахьа баьккхиначу толамца. Х1оразза санна, и хьайн толам ахьа нохчийн къомана баьккхина хирг хилар тешна а ду вай.
Баймурадов мовсар