Берийн футбол кхиорах лаьцна

 

Дагестанехь «Динамо» клуб а, берийн футбол а кхиорех лаьцна кхеташо д1айаьхьира Меликов Сергейс. Цул совнаха, кхузахь дийцаре дира «Анжи-Арена» майда кечйар а.

«Со ваккхийве дагестанхойх, Динамо –Х1енж-г1ала йукъахь ловзуш болу. Аша дуккха а болх бина, лахарчу турнирашкара лаккхарчу дивизионе кхочуш.
Шеко йоцуш, Динамо Дагестанан тоба йу шен амалш гайтарехь. Муьлхха а цхьанакхетарехь толам баккха ловзу уьш. Царна ца го халонаш.
Суна йуха а баркаллина дош ала лаьа Керимов Сулейманана. Цо материальни дакъалацар бахьна долуш, дуккха пайде хийцамаш бу вайн регионехь, шайн йукъахь футбол а йолуш. Динамо йеккъа ц1ена цхьа футбол хилла ца 1аш, республикерачу дахаран цхьа аг1о бу.
Спортхой боцуш вайн йиш йац. Уьш болчохь низам хуьлу. Царах т1екхуьучу чкъорана масал а хуьлу. Берашна дика хьехам бу спорт. Т1аьхьарчу шерашкахь оцу аг1ора жигара белхаш а бу д1ахьош. Вай иштта къахьегар бахьна долуш, дуккха а кегирхой футболах ловза болабелла. Царна аьттонаш а бу Дагестан ма-ййу беш», — элира Меликовс.
Баймурадов мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля