Вайн заманан бакъдерг…

 

Де д1адоладелира, балха йоьдуш, делкъанна х1ума эца, ц1енна уллохь йолчу уггаре а гергарчу туькана йаха сацам барца. Туьканахь йолчу терхишка хьоьжуш, эца х1ума цахиларх кхета хьо — йеккъа цхьа зене «нехаш» йу, консерванташ а, йорах мохь а болуш печенеш, рулеташ, цхьа тамашийна чам болу кампеташ, пластикан йогурташ, иштта д.кх… Химин т1етохарш а, пальман даьтта а гойту ингредиентийн ярлыкаш т1ехь…
Къаьсттина тидам т1ебахийта лаьа чай долу терхин т1е. Кхузахь го къинхетаме сурт — хьалха «гуьржийн некъийн ча», олуш хилла цунах.
Тахана дуккха а телеканалаша хаддаза гойту вайн туьканашкахь йухкучу массо а тайпана кхачанан сурсатех лаьцна программаш. Билгалдаккха дог1у, федералан хьаькамаша кест-кеста тидам т1ебохуьйту оцу хаттаршна. Суна ца хета, цара шаьш и суррогатни сурсаташ дууш ду, аьлла. Вайн туьканашкахь юхкучу кхачанан сурсатийн зенех лаьцна бахархошкара латкъамаш дукха хуьлу, цундела цхьана кепара реакци йан йеза церан.
Нехча, шура, кхин долу шурин сурсаташ, дукхахдерш шура санна доцуш, пальман даьттанца, дуккха а химин х1уманаш т1етоьхна ду. Тахана кхачанан индустрина химикаша дукха х1уманаш кховдадо чамна а, хьожана а, куц-кепна а. Харц шурин сурсаташ арахецар доьхкуш низам т1еэца дагахь бу хьаькамаш, бохуш, дуьйцу. Суна-м могашаллина зене долу дерриге а даар туьканашкара д1адаккха деза, аьлла, хета.
Селхана кийланах 1100 сом мах болу нехча эцна ас. Цхьана йевзаш йолчу йохкархочо тешийра со, нехча керла а, чам болуш а йу, х1инцца туькана кхачийна йу, аьлла. Цхьа а латкъам бац сан керла хиларх, амма х1окху нехчан йа чам бац, йа, ур-атталла, хьожа а йац.
Вайн бахархой дукхаха долу дакъа вегетарианцаш бац, цундела х1ора дийнахь жижиган сурсаташ дуу вай. Кхузахь хьал, шурин санна, дика дац. Колбасаш, сосискаш, кхин йолу жижиган сурсаташ тахана массо а тайпана химин х1уманаш тlетоьхна, цунах лаьцна ярлыкаш т1ехь яздина доцуш, ду. Х1унда йохка лерина йу иштта зене йолу сурсаташ? Х1унда сагат ца до цо шен бахархойн могушаллех?
Могуш долу адам ца оьшу-те вайн 1едална? Даккхий къамелаш-м хеза вайн, амма кхузаманан кхачанан сурсаташца ницкъ кхочур буй-те могуш чкъор кхио?
Тийна, къайлаха геноцид йу д1айоьдуш, аьлла, хетало суна. Х1унда ца гойту могашаллин министралло цигаьркийн пачканаш т1ехь бен зе? Цуьнан х1ун бахьана ду?
Амма уггаре а хьалха цо тидам т1ебохуьйту къаьркъанах а, цигаьрках а долучу зенна. Массара ма ца лелайо и вон амалш. Нахана тахана ца лаьа зенечу сурсатех йина яъх1ума яа.
Суна ч1ог1а лаьара СССР-н заманашка юхайерза. Мог1аршкахь лаьттар йара со, амма могушалла ларъеш сурсаташ даа аьтто хир бара сан. Могушалла ларъеш йолу юург йара цу заманахь, бакъйолчу сурсатех йина йолу. Колбаса, нехча, даьтта, бепиг чlогlа чам болуш а, хаза хьожа йолуш а дара цу хенахь. Царна т1ехь яздина дара составах лаьцна бакъдерг.
Х1аъ, туьканаш чохь, х1инца санна, кхача алссам бацара, амма цуьнан дикалла тахана болчуьнца буста йиш йоцуш бара. И зама д1аяьлла дукха хан ю. Т1емаш а, терроризм а ца тоьу вайна — химин кхачанца а дойу адамаш, цамгарш т1етохарца. Ч1ог1а халахеташ делахь а, вайн заманан боккха бала бу и, цкъа а д1абер болуш боцу… Могуш хир дуй-те вай?
Аг1о кечйинарг —
Бибулатова Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля