Товбецан 27-г1а де ду Дуьненаюкъара туризман де.
Цуьнан 1алашо ю дуьненаюкъараллин тидам т1ебахийтар туризман мехалалле а, цуьнан социалин, культурин, экономикин маь1не а.
И дезде ду туризман бизнесца уьйр йолчу нахана: туристийн компанийн белхахошна а, музейн белхахошна а, отелан комплексийн куьйгалхошна а, белхахошна а — говзаллица синтеме садаlар лардеш волчу х1оранна а.
Т1аьхьарчу ахб1ешарахь туризм дуьненахь уггаре а сиха кхуьуш а, мехала а экономикан дакъошна юкъахь хилира. Цхьайолчу пачхьалкхашна туризм ур-атталла 1едалан бюджетан ахчанан коьрта хьоста ду. Лаьтта т1ехь х1ора итт стаг ву цу чохь балха х1оттийна. Цу декъо б1еннаш миллионаш адамашна рицкъ латтадо.
Туризм кхуьуш ю, дуьненаюкъара экономикин кризис, 1аламан бохамаш, эпидеми санна йолу проблемаш йелахь а. Цул сов, туризмаца йоьзна керла технологеш гучуялар.
Тахана туризмо ч1ог1а т1е1аткъам бо экономикина а, юкъараллина а, йаламна а кхуьуш йолчу пачхьалкхашкахь а, къаьсттина, т1еоьцучу пачхьалкхашкахь а. Дуьненан дукхахйолчу меттигашкахь и дезде даздеш долу 30 шо сов хан йу. Х1ора шарахь иза билгалъяьккхинчу темина лерина йу, иза кхайкхош йу Дуьненаюкъарчу туризман организацино. Ламастан кепара, оцу дийнахь д1ахьо туристийн гуламаш, туризмана а, туризман бизнесна а лерина даздарийн барамаш а, фестивалаш а.
Вайн республикехь таронаш йу 1 миллион сов туристаш т1еэца а, курортан а, туризман а комплексан сервисаш шарахь 6 миллиарде кхаччалц хьалаяха а, 100 эзар сов керла белхан меттигаш кхолла а.
Дагестанан Республикехь хьал долуш 1аламан дарбанан а, сада1аран а ресурсаш ю. Церан буха т1ехь кхоьллина санаторийн а, курортийн а йерриг система. Вайн туризм кхион дерриге а хьелаш ду: Каспий-х1ордан г1ум йолу берд (шера дарбане хи, сирла г1ум, лийчаран мур лаьтта 150 дийнахь, шарахь 200 де маьлхан ду); лаьмнашкахь — лаьмнин туризм а, альпинизм а кхиорна.
Дагестанехь туристаш шена т1еберзо йиш йу дуккха а 1аламан а, историн а, архитектуран а х1олламашца: Сары-Кум 1индаг1 (локхалла 250 м, уггаре а шатайпа парг1ат лаьтта 1индаг1), Пушкин-Тау лам (Каякентан к1ошт), Карадахан 1индаг1 (Гунибан к1ошт), Сулакан каньон, Самуран хьун, Хучнински хидоькъе, Базардузу лам.
Цигахь дуккха а историн а, архитектуран а х1олламаш бу: Нарын-Кала гlап, Ахулго лам (Шамилан т1ом хилла меттиг), Кубачи эвла, дуккха а музейш (краеведчески, исбаьхьаллин музей, и. д1. кх. а).
Дагестанан уггар коьрта бахам бу Каспий-х1ордан берд. Цигахь дуккха а санатореш а, туристийн центраш а, дарбанан центраш а йина, ян герга а йу.
Туризм кхиарца вайн республикан бахархойн сатийсам бу белхан меттигаш хиларе. Шайн бизнес схьайоьллуш, хьешан ц1енош дан аьтто хир бу церан.
Д1аяханчу туристийн сезонехь Дагестан кху шарахь уггаре а езаш йолчу сада1аран регионийн лакхарчу меттехь яра. Кхид1а а туристийн д1асалелар хаддаза алсамдоккхуш ю.
Бибулатова Iайнаъ