Вайн гIалин ишколехь схьайиллина веллачу СВО-н декъашхочунна лерина турпалхочун парта

Леррина т1еман операци д1ахьош, вайн турпалхоша гойту лакхара адаман аматаш, майра къийсам латтош, халкъ к1елхьардаккхархьама, вайн берашна а, берийн берашна а маьрша стигал хилийтархьама.
Леррина т1еман операцехь дакъалоцуш берш Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман ветеранаш санна турпалхой бу; царех йаздийр ду историн учебникаш т1ехь, уьш ишколашка бог1ур бу, берашна шаьш муха т1ом бина дуьйцур ду.
Оханан беттан 13-чу дийнахь 19-чу йуккъерчу ишколехь СВО-н декъашхочунна Занкиев Хайрулана лерина турпалхочун парта схьайелларан мероприяти хилира. Цигахь дакъалецира лерринчу т1еман операцин декъашхой Юлдашев Файзуллас а, Курахмаев Асадулас а.

Вайн мохк ларбарехь доккха дакъа лаьцначу нехан хьуьнар дагадоуьйтуш, доьналлин а символ хир йу турпалхочун партах. Мероприятин гурашкахь берашна довзийтира Занкиев Хайрулин турпалаллах лаьцна дийцар.
Схьайоьллуш баркаллин дешнаш элира, турпалаллин г1уллакхех дагалецамаш бийцира, маьрша стигалш ларйинчу массеран а иэс сийлахь дира.
«Оха дозалла до, тхан дешаран учрежденин СВО-н декъашхойн сий дан аьтто хиларх, ткъа турпалхочун партано т1ейог1учу т1аьхьенашна дикачу г1уллакхашка а, патриотизме а дог доуьйтур ду аьлла хета тхуна», — билгалдаьккхира ишколин хьехархойн тобано.
Вай кхане муха хир йу доккхачу декъанна дозуш ду Хайрулла санна болчу нахах — Даймехкан хьакъболчу к1ентех а, вайн лардархойн турпалалла шайна масал хир долчу нахах а.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля