Забарийн суьйре

Мульххачу а къоман бух – иза мотт а, оьздалла а, 1адаташ а, ламасташ а, истори а йу. Нагахь санна царах цхьаъ д1адалахь йа халкъо дицдахь, доьхна хьал ду йог1учу ханна дерриге къоманна т1ех1уттур дерг. Иза иштта дуй а хууш, вайн къоман Оьздаллин урхаллин белхахоша д1ахьош боккха болх бу. Къаьсттина, Дагестанехь бехаш болчу нохчаша а жигара дакъа лоцу оцу г1уллакхехь …
Хууш ма-хиллара, президентан указаца карара шо вайн пачхьалкхехь «Оьздаллин шо» аьлла билгалдаьккхина ду. Оцу хьокъехь, массо а регионашкахь д1ахьош программаш йу оьздалла кхиорехула. Ткъа вайн республикехь къаьсттина дика кхочуш йо уьш, х1унда аьлча, «пхьид иэккхал» бен йоцучу Дагестанехь цхьабосса дехаш 15 къам ду, шайх х1оранна а къоман бийца бух а болуш. Царах цхьаъ ду – Нохчийн къам. Кхечарга хьаьжча, вайн-м лулахь Нохчийчоь а йолуш атта дара иштта белхаш д1адахьа. Дукха хьолахь, цигара оьздаллин белхахоша а, артисташа а, иштта политикехула болчу векалша а доккха накъосталла до вайна. Иштта, церан г1оьнца д1айаьхьира даханчу к1ирнахь Хасавюртовски к1оштарчу Солнечное йуьртахь хилла йолу «Нохчийн забарш» ц1е йолу оьздаллин суьйре.Иза хилира ерриге Россехь кхайкхинчу «Оьздаллин шо» а, «Фольклоран цхьааллин де» аьлла Дагестанехь д1адаьхьначу дийнан а гурашкахь. Билгалдаккха дог1у, и мероприяти луларчу Нурадиловехь д1айахьа лерина йара. Берриге кечамаш а цигарчу Оьздаллин ц1ийнахь, шен коьртехь куьйгалхо – Темаева Марьям а йолуш бина а бара. Делахь, т1аьххьарчу деношкахь оцу йуртахь мосийтта тезет даларна бахьна долуш, кхелхинчеран гергарчарна ларам а бина, Солнечное йуртахь д1адахьа сацам бинера и цхьанакхетар.
Сценарин автор а, д1айаьхьнарг а  вара НР-н Оьздаллин хьакъволу белхахо – Ибрагимов Ризван. Иштта, дакъа лаца а, хьажа а кхайкхина бара Хасавюьртовски к1оштан администрацин белхалой Касимов Вахьид а Абдуллаев Абдулла а, Республикански Халкъан кхоллараллин ц1ийнан куьйгалхо Абакарова Аминат а, НР-н халкъан артисташ Межидов Сахьаб а Асхабова Хадижа а, халкъан илланча Бисултанов Саламбек а, мехкарийн тоба «Ламанан аз» а, иштта меттигера бахархой а. Иштта, декъашхойн а, хьовсархойн самукъанна а, халкъан истори йовзийта а меттигехь кечйина майданаш йара: «Этно», «Нохчийн кхача», «Куьйган говзалла». Ала дог1у, х1оранна а таро йара вайн варх1адайн 1ер-дахар довза а, жижиг-гала, ч1епалгаш, иштта кхин долу даарш кхалла а, церан чоме хьажа а, музейни экспонаташна уллохь суьрташ даха а.  «Мерза салам-маршалла ду шуьга тхан хьоме доттаг1ий, лераме хьеший!» – баьхкинчаьрга вистхилира д1ахьошверг. «Оха д1айолайо «Нохчийн забарш» ц1е йолу фольклорни суьйре. Тхуна хазахета тхан дикане шу даьхкина!Цул т1аьхьа, кечйина программица цхьана а дог1уш, д1аболабелира артистийн гайтамаш: эшарш, иллеш, сценкаш, х1етал-металш, дийцарш. Муьлхха а лоьмар самукъане тематикана лерина йара. Масала: «Оха таланташ лоьху» сценка; «Тамара» ц1е йолу шира илли; «Эхь доцу лулахо» ц1е йолу эшар; «Райсин чамда» ц1е йолу илли иштта д1а кхин а.Лакхахь йийцина йоцурш а, программа кхин а тайп-тайпана лоьмаршца йуьззина йара. Уггаре а гулбеллачарна хазахеттарг – иза «Хьанна евза уггаре дика нохчийн фольклор» ц1е йолу къовсам бара. Дакъа лаца йиш йолуш бара берриге. Мероприяти д1ахьошволчо лучу хаттаршна нийса жоп деллачунна таро йара цхьа а раг1 йоцуш хелхар бал баккха. Ала лаьа, берриге а баьхкинчара къобалбеш т1еийцира артистийн белхаш. Ма-дарра аьлча, т1аьххьарчу шерашкахь тайп-тайпана бахьанаш т1е1итталуш, иштта цхьанакхетарш хила йиш йоцуш, дуьне ма-дду хуьлучу зуламаша бода балийна 1аш болчу нахана иштта самукъане мероприяти пайдане йирзира. Иза иштта хилар сих-сиха т1еч1аг1дора хьовсархоша т1араш тохарца. Кхин дериг ца дийцича а, церан йаххьаш т1ехь гуш дара иза. Организационни белхаш лаккхарчу т1ег1анехь д1абаьхьна хиларан коьрта гайтам бара иза. 
Йеррриге а программина йукъахь йара иштта лоьмарш: 
1. «Тешаман ч1уг» — эшар (Межидов С., Асхабова Х.)
2. «Оха таланташ лоьху» — сценка («Ламан аз»)
3. «Тамара» — илли (Бисултанов С.)
4. «Эхь доцу лулахо» — эшар (Асхабова Х.)
5. «Объявлени ЛСПО» — сценка (Курбанов Д., Ибрагимов Р.)
6. «Райсин чамда» — илли (Межидов С.)
7. «Хьанна йевза уггаре дика нохчийн фольклор» — х1етал-металш
8. «Хьоьца д1авог1ур ву» — эшар (Ибрагимов Р., Тутаева Л.)
9. «Нана-Даймохк» — илли (Межидов С., ткъа цуьнца цхьаьна берриге а декъашхой).
Т1аьххьарчу лоьмарца д1айирзира мероприятин самукъане аг1о. Цул т1аьхьа массеран а таро хилира суьрташ даха а, вовшашца уьйраш а, гергарлонаш а таса а. Ткъа кечбина кхачанна массеран а чоме хьажа а аьтто хилира.Мероприятин жам1ашца, Нурадилово йуьртарчу Оьздаллин ц1а (ЦТКНР) а, цуьнан куьйгалхо Темаева Марьям а, нохчийн оьздалла а, фольклор а кхиорехь даггара, хьанала къахьегарна, диплом йаларца декъалбира Дагестанан Оьздаллин министран заместителан М. Мугудован ц1арах. Цул совнаха, баркаллина дош олуш иштта диплом йелира кху мероприятин режиссер-постановщик йолчу Дагестанан Оьздаллин хьакъйолу белхахочунна Исаева Совдатна а. 
Т1етоха лаьа, х1окху мероприятина кечамаш беш жигара дакъа лецира Хасавюртовски к1оштарчу нохчий алссам бехачу йарташкара Оьздаллин ц1ийнан куьйгалхоша а, иштта цхьамогг1а церан белхахоша а. Шегара царна массарна а баркалла кхайкхира цхьанакхетар вовшахтоьхначу Темаева Марьямас.

Авторан суьрташ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля