
Жижиг духкучохь
Общество
В закладки

-Тlаьхьара мила ву? – аьлла, хатта а хаьттина, рогlе дlахlоьттина жижиг эца веана накъост.
Хьалхарчара шай мах бешшехь, тlaьхьара пхи-ялх стаг, и жима зуда а цхьаьна, хан йайархьама луьйш-олуш лаьтташ хилла.
Тlaккха вайн хьешо, и зуда хьовзо дагахь, аьлла-кх:
-Ва зуда, ахь мукъане а хlун леладо те кху божаршна юккъе а хloьттина, дуй хьуна?..
Тlехьаьжна а маттана ируо йолчух тера хиллачу зудчо, кхунна дуьхьал а йирзина, йела а къежаш, жоп делла:
-Ваттай! И хlун къамел ду? Шуна санна жижиг ца деза сунаъ?
-Дезахь, хьан-сан десара наха санна шай стаг ваийта ма веза, дуй хьуна те...
-Стаг ца хилча хlун да деза тlаккха? Шун зударийн санна, массеран а ма бац стагарий…
-Дера беза, дуй хьуна те, хьайн цхьа гlайгla бан. Ца хуьлча тlе далахь, со а ву-кх хьуна кху меттехь лаьтташ, дуй хьуна те. Схьа хьажал цкъа! - аз а айдеш, куро хаьн тlе куьг а диллина агlор сеттина вай вуьйцуш волу накъост.
-?!
-Бухахь кхоъ йолуш ю, хьо цхьаъ тleкхетарх галдала хlума а дац, дуй хьуна-деца хьуна...
-Эс-сай… - аьлла ца йешаш зудчо, коьртера когашка кхаччалц леррина къонахчух бlаьрг а тухуш. - Хьо бен варий иза?!. Цу Делан вазалора, хьан йоьалгlа зуда а хилла, цигахь рогlе хlyьттучул а, кхузахь жижиг оьцучеран рогlехь латта реза ма ю со, йелла дlайаллалц!.. Хьуна хlун моьтту мотта?!.
Комментарии (0)

Сан цхьа доттаг1 вара Сахават ц1е йолуш тхан юьртара Ажам ц1е йолу цхьа йо1 езаш. Цунах «Хаза Ажам» а олура дукхахболчара. Сахават институт чекх а яьккхина, цхьана

Цхьана жуьгтичо, ша генарчу махка ваха араволуш ву аьлла, шен луларчу бусалба стаге лардан деза мухIар делла хилла. Лулахочо, схьа эцна, жуьгтичунна хьалхха, цу шинна

Сарралц кха т1ехь болх бина, суьйренца ц1а вог1уш вара Аюб. Хьоча т1ехь цхьа хаза хьечаш гина, цергех хи тесна, дукха хазбелла, хьоча т1ера хьач баьккхира Аюба. Хьач