
Шун муха хета?
Общество
В закладки

Ма-дарра аьлча, цхьаболчу наха газетехь беш болчу балхана лахара мах хадабо.
Халахеташ делахь а, иштта берш бу вайн юкъахь. Т1аьхьарчу шерашкахь кхин а цхьа бала бу редакцина т1ебоьссина. Шо шаре мел долу газете язлуш берш к1еззига хуьлуш бу.
Хила тарло и интернет юкъа ялар бахьнадолуш. Амма соьга хаьттича, деккъа и цхьа бахьна хилла ца 1а. Киншка а, газет а деша лууш бац кегирхой. Дукха хьолехь царна моьтту деккъа цхьана ловзаргех 1ехалуш 1ийчахьана дахар чекхдолу. Иштта царна хета дерриге бакъдолу керланаш интернет чохь ду. Амма Дагестанехь бехаш болчу нохчашна лерина болу хаамаш къаьсттина вайн газетехь бен бац. Цундела хета суна х1ора а нохчийн доьзалехь яздеш а, доьшуш а хиладеза «Нийсо».
Кхин х1умма а ца дийцича, вайн республикерчу х1ора а кхечу къаьмнийн шайн ненан маттахь арадолуш масийтта газет ду, ткъа вайн нохчийн маттахь цхьаъ бен дац. Иза а вайна кхаба ца лахь х1ун мах бу теша вайн?
Хуьлий вай жигара газета яздеш! Тахана Дагестанехь вай шиб1е эзар гергга нохчий ву. Ткъа вайна пхиъ эзар тираж кхаба ца ло. Иэхь дуй те и? Я бала цакхачар ду те? Шуна муха хета, хьоме газетдешархой? Мухха делахь а, суна нийса-м ца хета и...
Комментарии (0)

Т1аьххьарчу шерашкахь вайн къомах доглозуш а, вайн дахаран некъ нийса хилахьара бохуш а нах вайна юкъахь к1еззига хилча санна хета суна. Дагестанехь бехаш болчу массо а

Дег1астанан нохчийн журналистика, со г1алат ца ваьллехь, «Доттаг1алла» («Дружба» газетан дубляж) газетан т1ера схьайолаелла. Шиъ аг1о йолу и нохчийн маттахь долу газет

Кхоьссина топ санна д1ауьдучу кху заманахь а, кху харцчу дуьненахь а со цецвала цхьа а тайпа х1умма дац, бохуш, 1аш волчу суна, цхьа х1ума тамашена хета (?!) – нохчийн