НОХИЙН МОТТ ЛАРБАРЕХЬ ХЬАННАЛА КЪАХЬОЬГУ

…Йистйоцу хIорд санна, бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт…

Арсанукаев Шайхи

Вайна ма-хаъара, 25 апрелехь билгалдоккхуш ду «Нохчийн меттан де». И даздаран де д1акхайкхина 2007-чу шарахь Нохчийн Республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Кхечу къомах болчаьрна шайн ненан мотт санна, вайна а хета нохчийн мотт уггаре хьоме а, хаза а, исбаьхьа а, хьалдолуш а. Вайн истори а, гIиллакх-оьздангалла а, Iадаташ а, ламасташ а, и дерриге б1ешарийн йохаллехь ца-хаддош вайна т1екхачийнариг вайн мотт бу. Ненан меттан дозалла деш, Нохчийн меттан денна лерина тайп-тайпана конкурсаш, конференцеш, фестивалаш, форумаш еккъа цхьана Нохчийчохь д1айаьхьна ца 1аш, нохчий мел бехачохь а д1ахьо. Иштта и де даздеш мероприятеш хуьлу вайн Дагестанехь а. 
Муха ду вайн республикехь нохчийн мотт хьехаран хьал хаа а, иштта муьлха халонашна т1е1иттало ненан меттан хьехархой? И довза 1алашо йолуш, со хилира Хасавюртарчу Говзаллин Хьехарийн колледжан (Профессионально-Педагогический колледж имени З. Батырмурзаева) хьехархо Умаев Юсуп волчохь.

Умаев Юсуп вина 1954-чу шарахь 7-чу апрелехь Юккъерачу Азехь. Иза Дуьненчу валар нисделла Киргизски ССР-н Ошски областерачу Октабрьски кIоштан Октябрьское эвлахь. 
1959-чу шарахь вайн Даймахка бухабирзина Умаевг1еран доьзал. Хьалхара классе деша вахна 1960-чу шарахь Хасавюртан к1оштарчу Борагангечу эвлахь. Оцу ишколехь барх1 класс чекхйаьккхинчул т1аьхьа, луларчу Нурадиловехь иссалг1а а, итталг1а а классашкахь дешна цо. 
Ишколера ваьлча, Нохч-Г1алг1айн Пачхьалкхан Хьехарийн институте д1атасавелла. 1975-чу шарахь иза кхиамца чекхйаьккхина. Оцу хенахь дуьйна шайн юьртарчу ишколехь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш ткъа шарахь болх бина. 
1996-чу шарахь дуьйна тахханалца Хасавюьртарчу педколледжехь, студенташна нохчийн мотт хьоьхуш, къахьоьгуш ву.
-Ваши, хьан де дика хуьлда. Дерриге хьайн дахар нохчийн мотт кхиоранна д1аделла ву хьо. Шозткъа шо сов хан йу хьо вайн ненан мотт хьоьхуш болх беш волу. Дийцахьа, нохчийн меттан де билгалдаккхаран коьрта бахьан муьлхарг ду аьлла, хета хьуна?
— Диканца дуккха вехийла. Сайна хуучу барамехь хьан хаттаршна жоьпаш дала хьожур ву со. Нохчийн меттан де аьлла, и даздаран т1ег1ане даккхар бахьна, соьга хаьттича, ткъалг1а б1ешо чаккхене доьрзуш, Дуьненчура цкъа а ца хилча санна, д1адовла доладеллера кегийчу къаьмнийн меттанаш. Кхузткъе вуьрх1ийтта шо хьалха вайн къам цхьа а бехк боцуш махках даккхар а, иштта ткъа-ткъе пхиъ шераш хьалха Нохчийн чохь хилла т1ом а бахьна долуш вайн къам деба ца кхиъна. Дуьххьара иза а долуш, иштта вайн мотт д1абаларна кхоьруш, йукъадаьккхина и де даздаран т1ег1ане даккхар. Цул совнаха, т1аьхьарчу хенахь, дуьненан даккхий къаьмнаш дуьне мел ду даржар бахьна долуш, ткъа уьш 1амош а, ишколашкахь а, институташкахь а хьоьхуш а ду, оцу меттанашкара вайн меттан юкъадог1уш цхьацца дешнаш нисло. Ткъа т1екхуьучу чкъоранна моьтту оцу т1еэцна дешнийн маь1на долуш вайн маттахь дош дац. Схьахетарехь, и дерриге цхьана а тоьхна кхоллина и даздаран де. Ткъа г1аланашкахь, къаьсттина, кегирхоша вовшашна йукъахь оьрсийн мотт бийцар даьржаш ду. Ненан мотт д1абалийта йиш йац, х1унда аьлча, цуьнца д1абер бу берриге а вайн къоман бахам.   
-Дала ма-гойтийла вайна а, вайн т1аьхьенна а ненан мотт байн де. Къаьсттина вай республикехь х1ун кхачамбацарш го хьуна нохчийн мотт 1аморехула?
-Хала хеташ делахь а, уьш дуккха а ду. Царах коьрта дерш: киншкаш тоьаш цахилар, ишколашкахь дешархошна уьш луш яц, цара шаьшша иэца езаш йу уьш; ненан мотт хьехаран урокаш к1еззиг хилар; дай-наноша шайн доьзалехь оьрсийн мотт бийцар; ненан мотт 1амош Лакхара Хьехаран Заведенеш (ВУЗы) цахилар иштта д1а кхин а. Цул совнаха, хьалха массо нохчийн меттан хьехархойн тематически планаш цхьанайог1учу хенахь, х1ора а ишколехь дешархой цхьатерра лакхарчу барамехь 1амора. Ткъа х1инца уьш д1айаьхна. Таханлерачу дийнахь х1ора а хьехархочо ша шена х1оттайо урокийн программа. И бохург х1ун ду аьлча, х1ора а ишколехь берашна нохчийн мотт хьехар тайп-тайпана хуьлу. Цундела тхуна схьабог1уш болу студенташ берриге цхьатерра кечам бина ца хуьлу.
-Ткъа стенца къастало уьш ишколашкара схьабаьхкича? Нохчийн мотт хаар муьлхачу т1ег1анехь хуьлу церан?
-Дукха хьолахь, къаьсттина вайнах дуккха бехачу ярташкара схьабог1урш нохчийн мотт 1аморна тидам дика т1ебохуьйтуш хуьлу. Амма и бохург дац Хасавюрт чохь бехарш вуон кечам бина хуьлу бохург. Масала: №2 йолчу Гимназин а, №11, №15 йолчу ишколашкара а дешархой а хуьлу шайн хааршца къаьсташ. Уьш ярташкарчарелла эшна ца хета суна. Кху хаттарна жоп луш, дешархошна нохчийн мотт дика хаар а, кхоччуш цара кечам бина хилар а стенах доьзна ду – и мосуьйтта аг1о билгалйаккха лаьара суна: йуьртара бу уьш, я г1алара; цара шайн х1усамехь х1ун мотт буьйцу; церан ишколера ненан меттан хьехархочун ша бечу балхана жоьпалла,  иштта д1а кхин а.
-Муьлха халонаш т1е1иттало шуна, ваши, шайн балхахь?
-Уггаре коьртаниг – иза кхузахь ненан мотт хьехаран сахьташ к1ззиг хилар ду. Иза дац къаьсттина нохчийн меттан хьокъехь. Кхузахь хьоьхуш долучу Дагестанан массо а къаьмнийн ненан меттан урокашца а ду иштта чолхе хьал. Дуьззина к1ирнахь диъ са1т бен дац ненан мотт хьеха лерина. Иза вуно к1езига ду. Ткъа хьалхара курсехь йозанан урок йанне а йац, деккъа литературин цхьа са1т бен. Цул совнаха, хьалха хилла йолу региональни практика а д1айаьккхина. Хала ду дехха к1иран чохь кха-еъа урокехь ерриге программа студенташна кхоччуш йовзийта. Ткъа царна кхин а хала ду, х1унда аьлча церан кхин а йу тидаме эца езаш урокаш, т1аккха тхо реза ма-дду урокехь дакъалаца а тар ца ло церан. Жимма хьалхо, оха, ненан меттан хьехархоша, тхайн колледжан Дагестанан меттанийн предметно-цикловой комиссин председатель, Дагестанан хьакъйолу хьехархо, филологин 1илманийн кандидат йолу Расулова Написат хьалха а йолуш кехат яздина тхайн колледжехь ненан мотт хьеха программина юкъахь са1таш т1етохар доьхуш.
Хиндерг вайна ца хаьа, амма тхуна лаьарг хилахь, ч1ог1а дика хир дара дуьххьара студенташна а, кхоччуш барамехь программа йовза, иштта тхуна, хьехархошна а.   
-Ткъа дешархоша шаьшша муха тидам т1ебохуьйту ненан меттан урокан? -Вайна мел ч1ог1а лаарах а, уьш берриге цхьатерра дика доьшуш ца хуьлу. Дукха холахь, иза берашка хьаьжжина хуьлу: цара ишколехь муха дешна; церан г1иллакх-оьздангалла; кхетош-кхиорехь царна т1ехь бина болх. Амма, цара массара вуон доьшу ала а ца ло суна, х1унда аьлча дика кечам бинарш а хуьлу церан мог1арехь. Массеран хьал юкъаметтера дуьстича, тхо реза долуш а ца хуьлу иза. Тхайгара дог1учу декъана, оха студентийн ненан меттан т1е тидам совбалийта 1алашо йолуш, дуккха а йиллина урокаш, конкурсаш, фестивалаш д1ахьо. Иштта мероприятешка, дукха хьолахь луларчу Нохчийчуьра яздархой а кхойкху оха. Доцца аьлча, тхайн дан ницкъ кхочуриг до-кха оха.-Педколледжера арахецна студенташ ишколашка ненан мотт хьеха балха х1уьттуш дукха хуьлий?  
-Дукха хьолахь, тахана Дагестанерачу ишколашкахь нохчийн мотт хьоьхуш берш колледж чекхйаьккхинарш бу. Х1инца, оха арахоьцучарах дукхах берш ишколашка балха х1уьттуш бу. Хьалха образованин системехь специализации йолуш, оха арахецначеран бакъо йара 5-9 классашкахь хьеха. Иштта, аса а, цухенахьлерачу Нохчийн Пачхьалкхан университетан ректор волучу Дадашев Райкома а бинчу бартаца, тхан студентийн таро йара шаьшша колледжера бевлича оцу университетан филологин факультетан къоман отделене экзаменш а ца луш шолг1ачу курсе деша д1атасабала. Иза дара студенташна ч1ог1а пайде г1уллакх, амма, специализации д1айаьлча и таро д1аели церан. 
-Ваши, вайн т1екхуьучу чкъорана нохчийн мотт хьоьхуш, ларбеш, схьадог1уш долу шуна Дела реза хуьлда. Аша беш бериг, массарна а ца хаахь, инзаре боккха болх бу. Тахана вайн къоманна уггаре оьшучух коьртаниг бу иза. Массарна а хууш ду, кху заман чохь хьехархошна луш долу алпа кхоччуш барам болуш доций, аша беш болу болх уггаре халачарех а, коьртачарах а буй. Делахь, иза дерриге мел хала делахь а, къар ца луш вайн мотт, ткъа цуьнца цхьана вайн истории, 1адаташ, ламасташ, г1иллакх-оьздангалла, и дерриге лардеш схьадог1уш долчу шуна Дала диканца бекхам бойла.  
Со тешна ву, аша хьоьгуш дерг, шех боккха пайда болуш ду. Т1екхуьучу чкъоранна а, иштта т1аьхьенна а хуур ду аьлла хета суна таханлерачу нохчийн меттан хьехархоша хьегначунна хам бан. Шуна хаийла, шу доцуш тхан йиш йац. 
-Дела реза массарна а хуьлда. Муьлхха а халкъан коьрта билгало а, къоман бух а бу ненан мотт. Иштта ойла хила еза массо а нохчичунна, шен мотт ларбар, Iалашбар, кхиор, шен къоман истори, культура евзаш-езаш хилар а коьрта декхар хеташ. Ненан мотт вайн оьздаллин бух бу. Цуьнца схьакхачийна вайна дай-наноша халкъан иэс, г1иллакхаш, амал. Цундела бу х1орамма а шен доьзалехь и бий,ца безаш а, т1екхуьучу чкъоранна цуьнга безам кхуллуш болх бан безаш а. 
Аса даггара декъалла до шу т1едог1уш долчу Нохчийн меттан денца. Дала и бийца а, беза а ийман лойла вайна.
Вайна массарна а хаа деза, ненан мотт – вайн къоман хазна ю. Цуьнца къастало вай дисинчу халкъех. Цул коьрта х1ума хила йиш йац вайн, х1унда аьлча, вайн кицанца — «Мотт бу къам ду, мотт бац къам дац» — цхьаьна а дог1уш иза вай бицбахь къам доьхна чот йу. Нохчийн мотт вай 1алаш ца бахь, цуьнан хам ца бахь, кхечу халкъийн хьалха вайн къоман сий хир дац. Дала 1алашдойла оцу юьхь 1аржонах!

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля