КХОЛЛАРАЛЛЕХЬ ИРС ЛОЬХУРГ

Театр… Iаламат вуон «ун» ду иза. Цкъа мацах  дика спектакль гина, цунах самукъадаьлла хьан театре безам бодахь, и безам тIеттIа чIагIлуш, хьайна дукхабезачу актерех бIаьргкхетар ирс хеташ, керлачу спектакле хьажа лаам лаьтташ, театран искусствох къилба дина лелар ву хьо. Иштта хилира Джамиляна а. Иза дукха жима яра церан юьрта вайнехан къоман театр еача.  «Бож-Iела» спектакль яра актераша юьрта еанарг. Цуьнга хьажа ирс хилира йоьIан. КхидIа йолчу ерриге а ханна и спектакль цуьнан даг чу йижира. Спектаклехь дакъалоцуш болу берриге а артисташ, цхьа тамашийна, исбаьхьа адамаш хетара цунна. ЙоIана чIогIа лаьара царах тера хила, уьш санна сцени тIехь хьийза. Амма цу хенахь хIара жима яра, юьртарчу школин лакхарчу классийн Iамархо яра. Хьаьнга хIун аьлча ша цу дикане кхочур ю ца хаьара. ЦIахь шен лаам Джамиляс бовзийтича, да а, нана а деладелира. 
Дахаран алссам зеделларг долуш болчу царна хаьара, кхиъна богIучу мехкарех дукхахболчеран хуьлий театрехь болх бан лаам. Заманан йохалла дIаболу иза. Иштта хир ду моьттура Джамилян дений, нанний. Амма цуьнан коьртера йовлуш яцара театрах йолу ойланаш. Буьйсанна мерзачу гIан-набаршкахь а театран сцени тIехь хуьлура иза. Цунна ша цкъа Офелиян вастехь гора, тIаккха Бусанин  васте йоьрзура, тIаьрсиган барзакъ дуьйхина, хаьн тIехь маузер йолуш, Комиссаран вастехь ша гуш меттиг йогIура наггахь.
ХХ-чу бIешеран 80-чу шерийн чаккхенехь юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина йолуш, йоьIан коьртехь сецна яьлла цхьа ойла яра. Иза актриса хила сецна ойла яра, цхьана стаге а хьашалур йоцуш. Мел хала хиллехь а, оцу Iалашоне кхечира иза.
Вайн луларчу Дагестанан республикин, Хасавюьртан кIоштарчу  Покровски юьртахь бехачу нохчийн интеллигентийн доьзалехь 1970-чу шеран хIутосург (май) беттан 5-чу дийнахь дуьнен чу яьлла Джамиля. Цуьнан да Шахбазов Висирпашин Висир-Iела Дагестан Республикин консервийн заводехь экономистан даржехь болх беш вара. Нана ПетIамат а циггахь экспериментальни цехехь болх беш яра, мерза варенеш, повидлаш, тайп-тайпана джемаш еш. ШахбазовгIеран доьзалехь диъ бер дара, кхо йоI цхьа кIант.  Царна юкъахь йоккханиг яра Джамиля. Кхин цхьа ирс хилира йоьIан жимачохь. Цуьнан да-нана чIогIа книгаш йоьшуш дара, исбаьхьаллин литературех чIогIа самукъадолуш. Пхи шо кхачале Iамийра цара Джамиляна  книгаш еша. Юьхьанца уьш туьйранаш дара. Царах дукхахдерш хIокхунна  хIинца а дагахь хаьа. Берийн беша  яхча дIадолийра цо байташ ешар, йиш лакхар, туьйранашкарчу дийнатийн васташкахь цхьацца кепаш хIиттор. Суьйранна берийн бешара цIаеача, цIахь болчарна гойтура йоIа цигахь ша лелийнарг. Цунах массеран а самукъадолура. Ткъа Джамиля ша мел йоккхаера церан самукъадаьлча.
Кхо шо кхаьчна яра иза Висир-Iела, цуьнан хIусамнана ПетIамат а  Покровскера Хасавюьрта схьакхелхича. Оьрсийн яздархочун Горький Максиман цIарахчу №1 йолчу школин хьалхарчу классе деша яхара иза. Хетарехь, цуьнан ирсечу бераллера уггаре а къегина бу школехь доьшуш баьхьна мур. Школехь мел хуьлучу кхоллараллин суьйренашкахь дакъалоцуш, дукха хьолахь, уьш вовшахтухуш хилла Шахбазова Джамиля лакхарчу классашкахь доьшуш йолуш. 1987-чу шарахь школа кхиамца чекхъяьккхинехь а, Дагестанан Университете деша яха аьтто-м ца белира цуьнан. ДIаэцаран зерех чекх ца ялийтира нохчийн йоI. Делахь а, Джамиля йоьхна ца хьаьвзира. Цунна болх карийра Хасавюьртан кIоштан культурин цIийнехь. Ткъа 1989-чу шарахь Дагестан Республикин культурин министерствос хьажорца Краснодарерчу культурин институте деша яхара  режиссеран корматалла караерзо Iалашо лаьцна. Балхана юкъаха ца йолуш, дешар дIадаьхьира йоIа. 1995-чу шарахь кхиамца институт чекхъяьккхина «Театрализованни гайтамийн режиссер»  корматалла караерзийра цо.
Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан драмин театраца долу гергарло, Краснодарера институт чекхъяьккхина ялале тасаделла Д.Шахбазован. ХХ-чу бIешеран 90-чу шерийн юьххьехь дара нохчийн къоман театран къона актрисаш оьшу аьлла цунна хезча.  Дех дагаяьлла, йоI Соьлжа-ГIала еара, бевза-безачаьргахула режиссерана Хакишев Русланна тIекхечира. Джамилян ирсана, кхуьнан Краснодарехь хиллачу институтан хьехархочуьнца Курашинов Хьусайнаца цхьана дешна хиллера Хакишев Руслан. Юьхьанца гергарлонийн а гIо динехь а я вайн турпалхо похIма долуш хиллехь а, 1993-чу шарахь дуьйна  Нурадилов Ханпашин цIарахчу драмин театрехь болх беш ю Д.Шахбазова. Амма цхьана балхах тоам беш яц иза. Актрисин балха ша дIаэцнехь а, цо юьхьанца дуьйна барт бира Р.Хакишевца Хасавюьртахь Спартакан цIарахчу культурийн цIийнера болх дIатаса шена луург цахилар дIахоуьйтуш. Цундела, ткъе итт шо гергга хан ю, дийнахь нохчийн къоман театрехь, ткъа суьйранна луларчу республикехь къахьоьгуш, и ший а болх Джамиляс кхиамца дIакхоьхьу. 
1993-чу шарахь дара нохчийн халкъан яздархочо Ахмадов Мусас «Марчо эца вахнарг»  комедии язйича. Режиссера, РФ-н халкъан артиста Хакишев Руслана хIоттийра и комеди  1994-чу шарахь. Театрера тоьлла актераш бара спектаклехь дакъалоцуш. Хьовсархоша самукъадаларца тIелаьцнера иза. Амма хIетахь Нохчийчохь Iедалехь хиллачарна ца тайра спектакль. Уьш кхийтира пьесин автор а, цунна тIаьххье спектакль хIоттийна театран белхахой а «нохчийн революцин муридех» боьлуш хиларх. Цундела Iедалан векалша сихха театран репертуарера дIаяккхийтира «Марчо эца вахнарг». Делахь а, кIезиг бац цуьнга  хьовса ларийнарш а, хIинца а и спектакль дагайогIурш а. Шахбазова Джамиля яра комедехь дакъалоцуш.  Бикатун васт кхуллуш яра иза. Цуьнан дуьххьарлера роль ю Бикату. Бакъду, дуьххьарлера роль елахь а, къеггина васт кхоьллира цо. Трагикомедин коьртачу турпалхочун Борзин йоI яра Бикату. Нохчийн къоман оьздачу гIиллаккхийн гурашкара яьлла дукха хан яра иза, спектаклехь гарехь. Нене хIун дийца деза, да волчохь хIун къадон мегар ду хууш яцара. Iаьнан чиллахь дарна шина-кхаа баттахь божалахь даллийна, малх хьаьжначу дийнахь цIеххьана бай тIе даьккхина эса санна, кхийсалуш, шена езарш охьаягаръеш, кхидIа долчун гIайгIа-бала боцуш, тоххара шен лааме  яьлла, урх хецаелла йоI яра иза. Нохчийн мехкаршкахь хила догIучу эхьах цхьа хьаса бацара цуьнгахь. Иштта гойтура Бикату «Марчо эца вахнарг» спектаклехь Шахбазова Джамиляс. Шен кхерчахь  низам хIоттон гунахь доцу Борза, халкъ ирсе дан араволучу мIаьргонехь самукъанечу комедера трагикомедига йоьрзу спектакль  синкхетамехь болу хьовсархой ойлане бохуш. ХХ-чу бIешеран 90-чу шерашкахь Бикату санна болу мехкарий болуш бара Нохчийчохь. Дукха хьолахь, церан дай а бара нохчийн халкъ «зовкхе кхачо» герз каралаьцнарш. Шегахь йолчу таронца дуьнене орцадохуш яра къона актриса Шахбазова Джамиля, ца моьттучу кепара дастаме яьллачу нохчийн йоьIан Бикатун васт кхуллуш, хьовсархойн кхиэле иза дуьллуш. Амма «Марчо эца вахнарг» спектаклаца нохчийн къоман театро дуьнене шийлачу маьхьарца доху орца вайнахана ца хезара я хаза Ичкерин куьйгалхоша халкъ дита а ца дитира, шайн питанечу кхайкхамашца радион а, телевиденин а эфираш хьалаюьзна. 
Цхьа спектакль репертуарера дIаяккхийтарх, дебначу халонашна къар ца луш, халкъана, махкана оьшуш шен мехала болх дIакхоьхуьш яра Нохчийн пачхьалкхан драмин театр. Цу цIемзачу муьрехь театро хIоттийначу масех спектаклехь дакъалоцуш яра Д.Шахбазова. ГIалгIайн яздархочун Чахкиев СаьIидан пьеси тIехь режиссера Хакишев Руслана хIоттийначу «Асхьаб Бендер» спектаклехь  Муъминатан васт кхуллуш яра иза. Хьовсархоша хазахетарца тIелаьцна спектакль яра иза. Вайн турпалхочо говзаллин лаккхарчу тIегIанехь кхоьллина дара Муъминатан васт. Делахь а, къаьсттина боккхачу кхиамца ХХ-чу бIешеран 90-чу шерашкахь Джамиляс кхоьллинарг «Майра Кикила» спектаклера паччахьан Дахтингуран йоьIан (принцессин) васт дара. Кхиазхошна, церан дайшна, наношна чIогIа хазахеташ спектакль яра «Майра Кикила».
Гуьржийн яздархоша Нахуцришвили Георгийс а, Гамрекели Бориса а шайн къоман барта кхолларалли тIехь язйина пьеса яра иза. Нохчийн дуьххьарлерчу режиссера Батукаев ХIарона цкъа-шозза вайнехан къоман драмин театран сцени тIехь хIоттийна, хьовсархоша хазахетарца тIеэцна яра. Ларамза дацара 1997-чу шарахь нохчийн къоман театран сцени тIехь и спектакль хIоттор а. Луьрачу тIеман доза доцчу къизалло Iадийна, бале лаьцначу адамийн дахарехь болу бохамаш тоьаш бара, театро даръеллачу чевнашна тIе туьха ца тийсича а. Хьовсархошна синхьаам оьшура, чолхечу сюжеташца, вуьшта а холчохь долчу дегнашна лазаме тIеIаткъамаш ца беш. Цу хьолехь уггаре а бегIийла туьйра хийтира «Майра Кикила». Ткъа спектаклехь принцессин васт кхуллуш йолу Джамиля бераллехь дуьйна яра туьйранаш дукхадезаш. «Майра Кикила» санна долу туьйра-м ца дезийла а дацара. Мел оьшу а забарш яра цунна юкъахь. Муьлххачу актерана шен корматаллин таронаш яста аьтто бара спектаклехь. Д.Шахбазовас пайдаийцира оцу аьттонах. Паччахьан муьлхха а йоI санна, кура-коча яра актрисас васт кхоьллина принцесса. Бакъду, хазалла-м яра цуьнца милла а  йийсаре лаца ницкъ кхочур болуш. Ткъа уггаре а коьртаниг, принцессина хаьара ша хаза, товш юй, цунах мелла а дозалла деш хетара паччахьан йоIа. Иштта гойтура иза актрисас хьовсархошна ша «чомехь» васт кхолларехь. 
ХХ-чу бIешеран чаккхенехь еанчу буьрсачу заманахь Нохчийчохь дика евзаш, хьовсархошна езаш актриса хилла дIахIоьттира Джамиля. БIаьрла гуш дара нохчийн къоман театран сцени тIехь похIмечу актерийн керлачу чкъуро шайн меттиг дIалоцуш хилар.  
1999-чу шеран гуьйрено бохамаш дебийра Нохчийчохь. Луьста дечу авиатохарша чу-ара вала, бIаьрг белла ца вуьтура. Балхах а, некъах а хадийра маьрша адам къизалла сийсош дIаболабеллачу буьрсачу тIеман шолгIачу гуоно. Кхидолу адамаш санна, махках бевлира драмин театран актераш а. Уьш цкъа ГIалгIайчохь бара, тIаккха ГIебартойн-Балкхаройчохь бара, эххар а, Кхарачойн-Чергазийн махка а кхечира. Бакъду, Джамиляна ца лиира шен белхан накъосташца махках яла. Иза шен да-нана долчу Хасавюьрта дIаяхара. Амма хьомечу кхерчахь садаIар деха ца хилира. Кхарачойн-Чергазийн махкахь волчу Хакишев Руслана, шена уллехь болчу нохчийн актерашца цхьаьна вовшахатуху «Пхьармат» цIе йолу кегийрхойн театр. Джамиляга хабар доуьйту сихонца дIакхачар тIедуьллуш. Шен белхан накъостий гаре а, болх дIаболоре а сатесна йолу актриса сихонца новкъа йолу. Луьрачу тIамо къинхетамза махках баьхначу нохчийн актераша хIара дIакхачале шайн болх дIаболийнера. Оьрсийн туьйранна тIехь берашна лерина «Дашо кIорни»  спектакль хIоттош вара режиссер Хакишев Руслан. Оцу спектаклехь дакъалецира Джамиляс а.
Мел халахеташ делахь а, тахана вайна дуккха а хIуманаш дицделла. ТIеман къизалло халкъехь латтийна Iазап ирча гIан-набарш хета. Дага ца догIу бехк боцу дукха адам хIаллакдар, хеназа масане дахар хадийна, мел наной белхийна, мел бераш Iовжийна. Дуьне ма-дду даржийна дара буьрсачу тIамах довдийна нохчийн бераш. Дара уьш Ставрополехь, Краснодарехь, Нальчикехь, ГIалгIайчохь, кхечанхьа. Оцу берашна лерина хIоттийна яра  театро «Дашо кIорни» спектакль. ЦIеначу даггара, алапа луш дуй-даций бохург хьеха ца деш, нохчийн актераша лакхахь цIе яьккхинчу массо а гIалахь хIоттийра и спектакль. Къизачу тIамо Iовжийначу вайн берийн цу спектаклах чIогIа самукъадаьллера. Берийн самукъадоккхуш, церан дог хьаьстинчу актерийн могIарехь Шахбазова Джамиля а яра. 
Кхин цхьа спектакль а яра «Пхьармат» театро нохчийн берашна лерина хIоттийна. «Туьйранча Сулейман» яра спектаклан цIе. Иза а яра Хакишев Руслана хIоттийна. Алссам нохчийн бераш гулделла цхьа юрт, гIала, санатори юкъара ца йоккхуш, ерриге а Къилбаседа Кавказехула чекхъяьккхира вайн актераша «Туьйранчу Сулейман». ТIеман кхийсарш нилхаевлча Нохчийчохь йолчу дукхахйолчу школашкахь а гайтира иза. Бераша хазахетарца тIелоцура спектакль. ТIаккха, бераш санна, самукъадолий актераш шаьш а хьийзара. Царах цхьаъ яра вайн турпалхо Шахбазова Джамиля. Бераллехь дуьйна ира хьекъал долуш хилла актриса,  дика кхетара таханлера бераш иза нохчийн къоман кхане хиларх. «Тахана цIеначу даггара Iуналла деш уьш хьалакхиийча, вайн кхане а зовкхе хир ю, Дала мукъ лахь», – бохура цуьнан даго. Цундела хьостура Джамиляс спектакле даьхкина бераш. Хан ярий-яцарий аьлла ца Iаш, цаьрца къамеле  йолура, церан дагахь дерг хIун ду хаа лууш, уьш ца къаьхка болчу кепара хьехар дан а гIуртура, уггаре а коьртаниг дахарехь дешар а, хааршка кхийдар дуй хоуьйтуш. Иштта, доза доцчу деган комаьршаллин адам ду-кх вайн турпалхо. 

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля