Поэтессин керла книга

Евзаш йолчу нохчийн поэтессин Дагалаева Маликин «Серлонан зIаьнар» цIе йолчу керлачу книгин презентаци дIаяьхьира дукха хан йоцуш Соьлжа-ГIалахь Къоман библиотекехь.
Нохчийн Республикин Яздархойн союзо а, Къоман библиотекин куьйгалло а вовшахтоьхначу цу цхьаьнакхетарехь дакъалецира яздархоша а, Iилманан белхахоша а, журналисташа а, студенташа а, литература езархоша а.
Презентацина лерина суьйре дIахьош волчу яздархочо Бурчаев Хьалима Дагалаева Маликин керлачу книгех лаьцна дийцира. Цу тIехь коьрта долчу декъана керла стихаш ю, авторан кхиъна яьлла говзалла къеггина гуш ю, элира Хьалима.
Цо дош ло Яздархойн союзан коьртачу редакторна Ирисханов Iимранна. Яздархойн союзан правленехь хиллачу бертаца Дагалаева Маликин книга зорбанера арахеца плана юкъаяхийтина яра, элира цо. Цунна тIехь леррина болх Бурчаев Хьалима а, Яздархойн союзан къоначу белхахочо Ганаев Заура а, ша а бира, хаийтира Iимрана. Цхьацца нисдарш дира шаьш, авторх дага а довлуш, цуьнан лаам тергоне а оьцуш. 
Iимрана Дагалаева Маликина совгIаташ ло, дукха хан йоцуш цуьнан йина де хиларца доьзна. Уьш Яздархойн союзан цIарах долу Сийлаллин кехат а, Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентах Кадыров Ахьмад-Хьаьжех лаьцна книга а ю.  Бурчаев Хьалима а дийцира ша Маликин книги тIехь болх барх лаьцна. Шен яккхий халонаш ца хилира цу книгина редакци еш, элира цо. Атта а, цIена а нохчийн мотт, говза суртхIоттор долуш ю иза. Цуьнан чулацам зударийн поэзица боьзна бу. Иза хаало авторан синхаамашкахула, васташкахула, поэзин чулацамехула. Малика дешан говзанча ю, поэзин  лакхенашка кхаьчна поэт ю, чIагIдира Хьалима.
Шена дош делча, поэта Борхаджиев Хож-Бауддис а дийцира Дагалаева Маликин кхоллараллех лаьцна. Шаьш къона поэташ долчу хенахь Гуьмсехь «Шовда» цIе йолчу литературни цхьаьнакхетарехь дара, дийцира Хож-Бауддис. Шайн куьйгалхо вевзаш волу поэт Рашидов ШахIид вара. Цо шайн хIораннан говзар толлуш, йийцаре еш, болх бора шайца. Иштта цу хенахь а шен поэзи шатайпа хиларца, мотт цIена а, говза а хиларца билгалъяьлла яра Малика. Цо дуккха а къахьоьгура дашна тIехь, хаза, говза суртхIоттор лохура шен стихашкахь. Тахана Дагалаева Малика нохчийн поэзехь тоьллачарах цхьаъ ю. 
Цул тIаьхьа къамел динчу яздархочо Арсанукаев Мусас, хьехархочо Вагапова Асета, журналиста Аболханов Хьаькама Маликин кхоллараллин лаккхара мах хадийра. 
Зударийн поэзин шен башхаллаш ю, элира Мусас, цкъа-делахь, иза вастхIотторехь къаьсташ ю божарийн поэзех, шолгIа-делахь, цуьнан мотт кIеда а, аьхна а бу. Муьлххачу а шен говзарехь меттан говзанча ша хилар дIагайтина Маликас. Иза кхиъна яьлла поэтесса ю, дерзийра яздархочо.

Маликин стихаш евзаш ю, царна тIехь яьхна эшарш а ю, элира Хьаькима шен къамелехь. Амма, вайна ма-хаъара, литература цхьана стага еш яц, иза дуккха а авторийн говзарех лаьтташ ю. Царна юкъахь шен меттиг карор а, шен девзаш аз хилар а муьлххачу авторна мехала ду аьлла, хета шена, бигалдаьккхира Хьаькима. Маликина шен меттиг нохчийн литературехь карийна, цуьнан цхьа а шеко яц, тIечIагIдира цо.Вагапова Асета дийцира Маликин поэзехь шена дика хетачу агIонех лаьцна. «Цуьнан коьрта турпалхо адам ду, шен лехамашца, дог-ойланца, шен хазахетаршца, халахетаршца. Цу адаман, иза дукха хьолахь зуда ю, синхаамаш дика гайтина Маликас,элира Асета. Поэтессин керлачу книгин презентацехь дуккха а наха къамелаш дира. Царна юкъахь бара: яздархо Айдамирова Машар, поэтесса Дахаева Роза, яздархо Джунаидов Аюб, яздархо Алиев Мохьмад, кхиберш а. Дагалаева Маликин поэзин лаккхара мах а хадош, цуьнан кхоллараллех лаьцна шайна хетарг элира цара. Массара а билгалдаьккхира тахана презентаци еш йолу поэтессин книга боккха кхиам хилар.
Гулбеллачеран эшаршца самукъадаьккхира Нохчийн Республикин халкъан артиста, иллиалархочо Джамалдинов Ислама. Цо дIаэлира Дагалаева Маликин стихаш тIехь даьхна иллеш.
Литературин суьйре ерзош, Бурчаев Хьалима дош делира  Дагалаева Маликина. 
Цо даггара баркалла элира, шега а, шен кхолларалле а ларам хилла, кху презентаце баьхкинчарна. Ша нохчийн поэзи езачеран дуьхьа къахьоьгуш хилар а, халкъо шен дешан мах хадор шена чIогIа деза а, ладаме а хилар хаийтира поэтессо шен къамелехь. Маликас баркаллин дашехь къаьсттина билгалбехира, книга арахоьцуш, шена гIо дина болу Ибрагимов Канта, Бурчаев Хьалим, Ирсханов Iимран, Ганаев Заур. 
Презентаце баьхкинчарна Дагалаева Маликин керла книга елира.