«Дуьненахь уггар а хазаниг серло ю»

Даймохк! Лаьара, Малх къевкъича, мархин 1индаг1 хилла, четар санна, хьуна латта. Йокъа х1оьттича, дог1анах хьуна т1е лиэша. Лаьара, латта якхделча, токхе т1уналла хилла, г1одехула хьала хьада, з1аьнаран йовхонехь, заза хилла, дат1а. Лаьара, Малхана серло хилла, дегайовхо хьуна луш, массо хенахь а хьоьга хьоьжуш, ваха.Ассалам-1алайкум! Дай баьхна лаьмнаш. Шун басешкахь баьхна тхан дай, жима къам, маршонан х1аваах синна кхача бина, акхачу стоьмех шайна пхьор дина, 1инан басехь баьхна уьш, шийлачу шовданийн хиш а муьйлуш. Уьш баьхна, хьан букъ т1ехьа, ненан гихь санна набарна а тийжаш. Уьш баьхна хьан акхачу арахь а, лаьмнийн баххьашкахь а, майра, маьршачу ненан 1аьнарехь шайн амалш а ч1аг1луш.
Нохчийн к1ант! Машаран ц1ергахь кхиъна къоман ч1аг1о. Хьо-м ву, лам санна собаре, Терк санна сиха, лом санна майра, доьналлах вуьзна. Лаьа ала дозаллица, дош ойбуш: «Яхь йолу нохчийн къонах – къоман сий».
Лаьара терзанахь Маьлхан серло оза. Лаьара, буьйсанан бода серлабоккхуш, Маьлхан з1аьнар карахь ловзо. Лаьара, хинан тулг1енехь лораза лела. Лаьара, маханан сихалла ойланца сецош, цунах суо д1аийна, дог ловзуш, дуьхьало йоцуш, самукъне вела. Лаьара, дог1анан т1адамех керт юьйцина, мархин 1аьнарах четар дина, жималлин асанех гаьнгали бина, зезагийн тулг1енехь, ирсан марахь, сайн дахар хестош, техка. 
Арахь ц1ена, к1айн, ло ду дог1уш. Хета массеран а дегнаш цо ц1андеш санна. Керла шо деана. Массо а сатийсамехь хьоьжу хьалхахьа. Беркате дог1ийла хьо массарна а, массеран а барт болуш, вайн наной а йижарий ца боьлхуш! Массарна чу диканиг дохьуш, дика лаамаш, сатийсамаш кхочушхуьлуш,   массеран а ирсе юьхь хуьлийла хьо, чаккхе а йоцуш.
Нана! Хьо-м еха сан даг чохь, ойланах д1аийна. Хьан безаман марг1ал ас кхиадо сайн б1аьрхица, деган йовхонехь, экам, безам цунна ца кхоош, сайн са а цунна чу диллина. Хьо м еха сан даг чохь, массо хенахь а жимлуш, хазлуш, дог хьоьстуш, дуьненахь ваха суна ницкъ луш.
Дахар – хи чохь тоьхна муьрг. Цо яржийна хинан тулг1енаш –  сан дахаран лар. Уьш-м ю яьржина Дуьне ма-дду, т1аьхье а, хьалхе  а йоцуш, сох юьсур йолуш, со дийна хиларан билгало. Дахар – т1аьхьало йоцу буркъаш. Цуьнан тулг1енаш яьржина чаккхе йоцучу есаллехь.
Генарчу махкахь барз байна, безачарна бицбелла, ярашлахь, уьш-м 1охкура хийрачу арахь, белча а, ц1а сатуьйсуш, цхьалло садукъдина, дог доьлхуш. Ца хаьа, мила ву бехке. Бери ву, 1едал ду, я зама ю. Амма, шеко йоццуш, цхьаъ ду: цигахь 1охкурш бехке цахилар. Белар сан ницкъ, церан сатийсамех некъ а биллина, уьш ц1аберзо, Даймехкан кийрахь уьш парг1атбаха, суо а царна улле, синпарг1ато а карийна, цаьрца цхьаьна д1авижа массо а ханна.
Кхойкхуш н1аьнеш яц, 1оьхуш даьхни дац, хезаш ж1аьлеш дац, декаш олхазарш дац, чохь са доцуш, лакхара чухьаьжча, цхьана тхевна к1ел йолуш санна, хета юрт. Шаьш-шайх тоам а хилла, дуьйладелла лела адамаш, г1аларташ санна. Аьтто совбаьлла адамийн, адамалла къийелла. Юхахьажа кхетам лойла вайна массарна!
Ца кхиъна со х1инца а суо-сайна вовза, Дуьне х1инца а довза. Ца кхиъна х1инца а, самукъне а ирсе а волуш малхехь вохвала. Безамо йина чов ца кхиъна х1инца а ерза. Ца кхиъна х1инца а гонахара бода серлонца эшо. Ца гина х1инца а ирсан нур. Ца кхиъна х1инца а ирсан кад мала, дуьненан серло ша ма-ярра ган.
Т1аьххьарчу хенахь сан бахам: кехатан цуьрг, къолам, йозанца д1аязйина дахаран цхьа дакъа. 
Сан дахар, бехке ву со хьуна хьалха, суна хьо цадовзарна, хьан хазалла цагарна, цуьнан терго ас цаярна. Сан дахар, бехке ву со хьуна хьалха, дог доцуш ойлане хиларна, дина дика цагарна, хьан ницкъ ган б1аьрзе со хиларна, Дуьне ца гуш, бахам ас лехарна. Тахана-м сан дахарехь массо х1ума ду, мах а боцуш, деза. Новкъа яц т1ейог1у хан, хала ду юхахьежа, кхоамаза д1аяханчу хене.
Гуобаьккхина дуьхьало. Хета суо хено а, дахаро а, ор чу кхоьссича санна. Хьалахьаьжча, стигал бен гуш х1умма а доцуш. Ойла д1аг1ерта пана, 1алашо а, йистйоцчу чаккхене. Цхьалла ю сан тешаме накъост а, синпарг1ато а, суна ваха ницкъ ло г1ортор. Цунах волу со дага, цуьнца ву со ирсе, цо вуьгу со шеца чаккхе йоцчу новкъа, к1адвала хан йоцуш, цунна т1аьхьа воьду со, хьалха дерг ца гуш, б1аьрзе. Ца лаьа х1умма а леха, еза яьсса аре, Маьлхан серло бен йоцу ойла. Ваха лаьа 1аламах д1аийна, синпарг1ато карийна, сатийсамехь, х1умма а доцуш, догц1ена, сайн дахар дицдина, суо а вицвина, дуьненан бахам бицбина, синан маршонах пхьор а дина, маьршачу ойланех дахаран бахам а бина. Лаьа ваха деган бахамца, иза кхиош, цуьнца цхьаьна ирсан марахь, цуьнан серлонах д1аийна, ирс карийна. Лаьа сайн Дуьне кхолла, адамаша кхоьллинчу къизачу дуьненах д1ахада. Ца хьежало, ца лаьа оцу дуьненахь ваха. Стенах кхолла ас иза: сайн ойланах, серлонах, йовхонах, тулг1енах, ирсах, безамах, х1аваах, шовданах….  Мичхьа ду сан Дуьне а, дахар а, ас сайна сатийсамех кхоьллина? Лаьа, цхьана дийнахь ваьхна а, оцу дуьненахь ваха, иза ган, цуьнан чам бовза, кхоамечу ойланехь тоаме дог ган. Лаьа, безамо дог хьоьстуш, сайн лаамехь, цхьаннах воьзна а воцуш, мел оьшург а лаамах доьзна долуш, айса кхоьллинчу дахарехь, сайн дуьненахь ирсе, чаккхе а йоцуш, ваха.
Вайн дерриге а хьекъал коьртан туьтанахь ду, боху. Ткъа иза цхьа кийла бен дац.
Сан ойла, юьстахъяьлла хьоьжу соьга, йоьлуш. Со а ву цуьнга хьоьжуш, воьлуш. Дуьненан бала тхойшингахь бац. Лаьтто, хетта, суо д1ахецча санна. Сан ойлано вуьгу со пана, адаман лар йоцчу, ара. Безаман х1у дийна, иза хьаладаьлла, серлонах кхолладелла ирсан г1ад, ирсан арахь техкаш лепа, нуьре хилла, ирсаца кхелина. Со-м техка цуьнца, ирсан марахь, з1аьнарах д1аийна, суо а цуьнан серло  хилла. Цуьнан серлонехь ловзу со, сайн ойланца, бераллехь санна. Ц1а кхача сихлой, со-м вог1у ирсан курс марахь, ирсан новкъа, сатесна, массарна а декъа нуьре совг1ат. Юха а самаволий, дуьненан балано  дог дузу. Лаьтто къовлу шен мара. Юха а воьду со, дуьненца гуотаса, хан ягаръеш, сайн чаккхене. Хала ду, ирсо хьаьстина дог-ойла йижо. Иза-м йоьду хьала, пана, сох йоьлуш, шех хьега, т1аьхьа хьаьжначохь со а вуьтий.
Дуьненахь уггар а хазаниг серло ю. Серлоно гойту суна Дуьне. Х1ун хир ю цул хаза, х1ун хир ду цул деза?! Ала лаьа, Маьлхан серло – сан дахар, дуьненан хазна, т1аьхье йоцу бахам, б1аьрса, деган йовхо, сан са.
Баркалла хьуна, сан дахар, суна доцург ду моттуьйтуш, со, 1ехош, лелорна! Баркалла хьуна, сан дахар, хало дахарехь самукъне ахь ярна! Баркалла хьуна, сан дахар, кхерамна хьалха со юха ца валийтарна. Баркалла хьуна, сан дахар, эхь-бехках, юьхь1аьржонах со ларварна. Баркалла хьуна, сан дахар, Маьлхан серло, Дуьне а, 1алам ахь суна довзийтарна! Баркалла хьуна, сан дахар, де -ненан марзо суна йовзийтарна, массо тайпанчу безамах сан дог дузорна, суна суо ахь вовзийтарна, хьайца ахь со кхиорна! Баркалла хьуна, сан дахар.
Лаьара цхьа де дан, дахар санна,  деха а долуш. Харцахьа мел дерг адамашна дицделла, цхьаболу нах б1аьрзе хьийзаш, мел ойла йича а, диканиг бен дага ца дог1уш. Дуьненахь боьха мел йолу х1уманаш, дикачу ойланаша хьийзош. Лаьара и «ун» дуьненахь хьовза, де-дийне мел долу ч1аг1луш, адамийн дегнашкахь иза даьржаш. Лаьара оцу уьнах белларш доггах д1абохка. 
Кегий а, яккхий а, замано горгйина, малхана гонаха хьийза кескаш, чохь са доцу шелонан т1улгаш, газах дуьзна ахкаргаш. Йовхонан ц1еран серлонехь уьш лепа, вайна шаьш доцурш ду моттуьйтуш. Уьш лепа, генара вайна серлонан з1аьнарех кхоьллина хаам боуьйтуш. Со-м хьоьжу цаьрга, ойланехь уьш хьоьстуш. Хаьа суна, царна т1ехь, сатийсамехь соьга хьоьжуш сан вежарий а, йижарий буйла.   
Ма хила ойлане, сингаттамехь дог делхош, х1ара-м г1ан дай серлонах кхолладелла. Ма хила ойлане, сингаттамехь дог делхош, х1ара-м б1арлаг1а яй ойлано кхоьллина. Х1ара-м хи чохь горга т1улг бай, заманна т1аьхьа бедда, гонна хахкабелла есаллехь, цхьанне а сацо ницкъ боцуш, адамаша шен б1аьрсица кхоьллина, къагийна, хазбина, массеран юкъара массо а ханна, цхьанне а долахь боцуш.
Суна атта ду безам каро. Иза соьца бу массо ханна. Суна гонаха мел дерг ду сан безамах кхолладелла, со ву цуьнан серлонехь вехаш. Безаман серлонах кхолладелла ду сан ирс а, дахар а, Маьлхан серло а, цуьнан йовхо.
Цкъацкъа сайх ларамза ледарло яьлча, суна-м хуьлу иза лан хала. Сан дог, суна къинт1ера ца долуш, догу юх-юха а…. Дохковаьлла къера хилча а, ца вуьту цо со. Хала ду суна иза лан, к1езиг долу х1ума а гуш, лехьош. Хала ду, цунна ца гуш, цунна хьалха бехке воцуш, къайлаха ойланца х1ума дан, айса динарг юха а нийса ду аьлла, сайх иза тешо. 
Хьуна еза иза, ткъа цунна-м хета ша еза а, йоккха а. Хьуна хазахета иза. Иза-м хуьлу хьоьх ца ешаш, кура а, коча а. Ахь досту цунна хьалха дог, ц1еначу ойланца, цо-м оцу т1ехь шен когаш ц1анбо. Хьо г1ерта цуьнца дика хила. Хьан дикалла, хьан дог а дохош, хьуна дуьхьалйоккху цо. Хьо хуьлу цунна хьайн са а д1алур долуш. Иза-м хьоьжу цуьнга, бен а доцуш, иштта хила дезаш санна.
Сингаттам д1абахана, х1инца-м ю сан даг чохь есалла, соьга иза синпарг1атонах юза ца ло. Цунна цхьалла сингаттаме ю. Иза-м арайоду оцу чуьра, тийналло садукъдой, юха а сингаттамах сан дог дуза.
Цхьаннах а ма кхера, хьеста ма ло, къар а ма ло. Халонна хьалха юха ма вала, цхьа ма хета хьайл ч1ог1а а, лакхара а. Цхьа вац х1умма а, хьо воцург, муьлхха стаг а, адам бен, кхин х1умма а вац. Харцонна дуьхьалое. Массо хенахь хила хьайх б1обулуш, дог-ойла ч1ог1а йолуш. Массо х1уманехь а айхь-хьуо кхиош, ч1аг1ло. Диц ма де, хьо ву ч1ог1а, хьол ч1ог1а адамех цхьа вац, цхьана а х1уманна т1ехь. Дуьненан сема хьан буйнахь ю, иза ласто хьан ницкъ хилчахьана.
Хьуна моьтту хьайна массо х1ума хаьа, хьо-м лела, хьуо цхьана а х1уманна т1ехь г1алат воцуш санна. Хьуна хьуо иштта ву моттар ду хьан доккха г1алат.
Лайн чимех тегна, т1еюьйхина г1абали, Маьлхан серлонца юьйцина ч1аба, шелоно беснеш ц1ийина, нур догуш, генахь, мархаш юккъехь, сайга хьоьжуш гира суна, карахь еха 1аса йолуш, 1аьржачу чухтина т1ехула к1айн йовлакх тиллина, баьццара коч юьйхина, сайга хьоьжуш, тхайн ненах тера йоккха стаг. 
Сан дахаран хан, саца! Къорачу тийналлехь, яккха сан сингаттаме ойла сама. Юхахьажийта со, суо ма варра ган. Хаьа суна, сайгахь хьекъал доцийла, делахь а, суна кхин цхьа х1ума а хаьа: т1аьхье йоцчу дуьненахь хьалхе а йоцийла.
Массо а хенахь юьхь а кхолийна, цхьанне а резавоцуш иза гича, цунна уллехула волуш жирга дог-ойла кхоллора, сингаттамо дог къовлура, кхерамечу 1индаг1на уллехула волуш санна. Хан яхлора, чаккхе а йоцуш. Ца безачу нахана юккъерачу херонех вича санна вара иза, массо а хенахь къийсамехь, халоно ч1аг1вича санна. Хетара, цуьнан дахаран некъахь хьацаран чорпица т1улг биллича санна.                                                   
Сайн къинойн тептар д1ач1аг1а воллу со. Цхьаьнцца а дац сан х1умма а. Сан кийра баьсса бу. Ас къинойх иза кхин бузур бац. Суна тоьъна сайн къинойн мохь.  Ас сайн тептар д1ач1аьг1на. Кхин д1а сан тептар хир ду ц1ена, т1е йоза а яздаза. Со ваха воллу сайн дахарца. Ца безачу нехан тептарш т1ехь сайн ц1арах язбина йозанан мог1а. Лаьа т1аьххьара чаккхенан т1адам билла, йоза яздаза ц1ена аг1о д1аелла, керла дахар доло…. 
Соьга цабезаме букъ беттачаьрга ала лаьа: шун букъ т1ехьа суна-м карийна самукъане синпарг1ато.
Дог т1ег1ерта безачарна, иза б1аьрзе ду гонаха дерг ма-дарра ган. Аса-м иза чудоьллина, иза арахьоьжу херонехула, цхьалло садукъдина, синпарг1ато лоьхуш. К1езиг а дуьхьало д1аяьлча, иза-м хьоду, дистина хи санна. Цунна ца хаьа, Дуьне хьийзаш дуйла, массо х1ума хийцалуш дуйла. Иза-м деха д1аяханчу хенаца, гонаха цхьа а хийцам боцуш санна. Цкъацкъа хала хуьлу иза сецо. Иза-м арахьоду, со а вуьтий. Юха а шена хетарг ца карадой, чу а дулий, д1ахьаьрча. Хала ду иза хийцамечу дуьненах кхето.
Кхана соьга хьоьжуш хир яц жималла. Хьаьжа т1е куьг диллина, со ларвеш хир ю къаналла. Иза-м ю Жоьра-бабех тера: хебаршка яхана юьхь, йоккха  г1аттийна бага, цхьа церг ара а кхевдина, со шех тарван г1ерташ, д1акхалла кечъелла.
Массо х1ума дина даьлча, синпарг1ато карийна кийра басбелча, хала хуьлу и есалла лан. Хета, суо кхин д1аваха некъ боцуш, дахаран дозанан йисте кхаьчча санна. Юха а лоьху ас сингаттам, дуьненан баланах сайн дахар кхолла.
Сан ваша! Муха го хьуна х1ара Дуьне? Суна-м цкъа сирла го, юха – бодане. Цкъацкъа хетта, х1ара Дуьне сайн дуьхьа кхоьллича санна. Юха а ойла хийцало, х1ун эшара х1окху дуьненчу со ваккха, дуьненан марзонан чам баккхийта, юха а къаьхьа къурд соьга байта.
Сан юьхь. Сан дахаран куц. Деза ду суна хьан аматаш. Хено тишйина, хебаршка яхана, дахаро кхиийна къаналлин бустам. Хала а, еза ю суна сайн дахаран чаккхенан юьхь сайн куьцехь ган. Хета, зарзъелла, тишъелла цхьанне ца оьшу бехчалг санна, суо дахаро юьстах кхоьссина. Хала ду, суо Дуьненара д1аваьлча, Дуьне ц1анлуш санна, д1аваха. Лаьара, суо д1аваьлча, дуьненна эшам хаабала. Лаьара, суо д1аваьлча, есаллехь, цкъа а лийрйоцу лар йита. Лаьара, сайн борза т1ехь къух а ца долуш, массо а хенахь махо техкош зезагаш лепа.
Ца лаьа хьо ган, хьоьца юкъаметтиг лело, ца лаьа хьо сан ойланехь хила. Сан деган моьнаш т1ехь, массо меттехь а, суна-м хаало хьан цабезаман лар.  
Сан дахар – халонах бина бухь лекха такхор. Сан ирс – некъахь лехьийначу чемхалгех дина жима литта.             
Ненан юьхь – хазаллин куц. Къинхьегам – бух боцу х1орд. Хазахетар – б1аьрхинан т1адам. Сатийсам – йистйоцу есалла. Лаам – т1аьхьало йоцу сатийсам. 
Со-м г1ерта, адамийн юьхь т1ерачу хершнийн лораца, дахар довза, нах бовза, суо вовза, хиндерг хаа, д1айоьду хан кхоаме яйа.
Самукъане хила, хьайна гонаха долчуьнга кхачаме хьежа. Цхьанне а ма къежа, дог-ойла маьрша кхиае, массо везаш, цхьаннах йоьзна йоцуш. Хьайн дерг ларде, доцчуьнга, иштта хила дезаш санна, хьежа. Массо хенахь юкъаметтехь латтабе деган ойланан цхьамза. Диц ма де, хьуна гонд1а дерш адамаш ду, г1алаташ, къинош а долуш.
                                                                                                     
 

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля