Адам пайхамара (Дела реза хуьлда цунна) тоба дарх лаьцна
Везачу Дала Къуръана чохь аьлла: «Ас цуьнан тоба къобалдира. Со къинхетаме ву, тоба къобалдеш ву». Адам пайхамар (Дела реза хуьлда цунна) Деле вирзина хилла х1окху дешнашца: «Х1ай тхан Дела, оха зулам дина тхайн дог1машца, Ахь тхуна геч ца дахь, тхо дакъаза девллачарах хир ма ду». Ибн 1аббаса (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Адам а, Хьава а дилхинера шаьшшиъ ялсамани чуьра арадаьккхинчу хенахь.
Шина б1е шарахь дилхинера и шиъ. Юуш, молуш доцуш шовзткъа дийнахь а, буьйсанна а 1ийнера». Раввах1у Мас1уда дийцина: «Шегара г1алат даьллачу хенахь, Далла дукха вилхина хиллера Дауд. Лаьттан букъа т1ехь мел долу хи гулдича, Даудан б1аьргех охьадаьлла хи дукхох хир ма дара. Даудан б1аьргех охьа мел даьлла хи а, лаьтта т1ехь мел долу хи а гулдича, Адам пайхамаран (Дела реза хуьлда цунна) ша ялсамани чуьра араваьккхича, Далла вилхина б1аьргех охьадаьлла хи кхин а дукха хир ма дара. Шега ма баа аьлла шена бихкина хилла болу стом биъна ша ялсамани чуьра араваьккхинчу хенахь, Адам пайхамар (Дела реза хуьлда цунна) кхаа б1е шарахь1ийнера, Делах эхь хеташ, шен корта хьала ца та1ош. Дала цуьнгара бехк баьккхина: «И стом х1унда кхаьлли ахь. Ас хьоьга ма баа ма аьллера и». Адам пайхамара (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Х1айн тхан Дела, суна и Хьавас баий-кха». Хьавага хаьттина Дала: « Х1унда баийна ахь и стом Адамна?» Хьавас аьлла: «Лаьхьано баа аьллера соьга иза». Дала лаьхьане хаьттина: «Х1унда баийна ахь и цунна?» Лаьхьано аьлла: «Иблисо баийта элира соьга». Дала аьлла т1аккха: «Х1ай Хьава, х1ора баттахь зударшна лазар лур ду Ас, и стом баа алар бахьана долуш. Х1ай лаьхьа, хьан когаш д1ахедор бу Ас, хьайн юьхь текхош лелар бу хьо. Хьан корта отуьйтур бу Ас хьуна дуьхьалкхеттачуьнга. Хьо, х1ай Иблис, Ас Сайн къинхетамах гена даьккхина». Шегара даьлларг хууш вара Адам пайхамар (Дела реза хуьлда цунна). Шегара даьллачунна дохковаьллера иза, дохковаларца сихо йинера цо. Делан къинхетамах цо дог ца диллинера. И Дела къинхетаме ву, дохковаьллачу Шен лена гечдеш ву Веза хилла волу Дела. Дала Шен къинхетамах ма дохийла вай. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен шапа1атах ма дохийла вай. Вайн устазаша шайн 1уналлех ма дохийла вай.
БИСМИЛЛАХ1ИРРОХЬМАНИРРОХЬИЙМ
Тоба даран кхо бехкам бу:
1. 1есачу, къа долчу, хьарамчу х1уманах юхакхетар.
2. Ша динчунна дохковалар.
3. Кхин цкъа а цу т1е ца верза лаам хиларна т1ехь ч1аг1о яр.
Х1окху бехкамех цхьаъ ца хилча тоба дан мегаш дац. Дала боху: «Тоба де аш массара а, х1ай бусалба нах, шу декъала а хуьлда». (Сура «Ан-Нур»). Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Х1ай нах, Далла тоба де аш, Цуьнга гечдар деха аш».
Тоба дечо хьалха шах1адат далор ду иштта:
«Ашх1аду аллаилах1а иллаллах1 ва ашх1аду анна мухьаммадар-расулуллах1». «Астаг1фируллах1, — кхузза эр ду. Деле сайна гечдар доьху ас, яханчу хенахь сайгара дийлинчу Дела реза воцучу х1уманашна дохковели со. Т1ейог1учу заманахь Дала а, Пайхамара а хьарам динарг ца лело ч1аг1о йи ас». Иштта Далла хьаставелла «Сан тоба къобалде Ахь», — аьлла, Деле доьхур ду, Делан къинхетаме дог дохуш. Хьайгара мел даккхий къинош дийлинехь а Дала гечдийр дац алий Делан къинхетамах дог ма дилла. Дала Шен лай дохковалахь цуьнан къинош д1а а даьхна, церан метта дика яздийр ду аьлла. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Къиношна тоба динарг – къа ца латийнарг санна ву».
Юнус пайхамар (Дела реза хуьлда цунна) ч1еран кийра ваханчу хенахь цо Деле тоба дина: «Лаилах1а илла анта субхьанака инний кунту миназзолимийн». Дала иза цу балех хьалхаваьккхина. Иштта и аят доьшуш болу бусалба нах Дала хьалхабохур бу.
Ибрах1им пайхамар (Дела реза хуьлда цунна) Намруз паччахьо ц1ерга кхоьссича Ибрах1има аьлла: «Хьасби яллох1у ва ни1мал вакийл». Дала цу ц1еран балех хьалхаваьккхина иза. Иштта ц1ена шайн болх Деле буьллуш болу нах Дала массо балех хьалхабохур бу.
«Я Аллах1, Хьо воцург кхин дела вац. Хьо со кхобуш верг ву, со Хьан лай ву, Хьан ч1аг1онна т1ехь ву со, сайн ницкъ ма-кхоччу Ахь бохург деш ву со, Хьоьца ларло со вонах, Ахь суна деллачу ни1маташна со къера ву, сан къиношна гечде Ахь, къиношна гечдеш верг Хьо бен вац».
«Бисмиллах1и ма шааллах1у ла ясукъул хойра иллаллах1, Бисмиллах1и ма шааллах1у ла ясрифуссу ла иллаллах1. Бисмиллах1и ма шааллах1у ма канна минни1матин фаминаллах1, Бисмиллах1и ма шааллах1у ла хьавла ва ла къуввата илла биллах1» . Х1ара 1уьйранна, суьйранна кхузза дешнарг 1алашвийр ву х1ума лачкъорах, ц1е яларх, хи буха вахарх.
Зорбане
кечйинарг —
З. Адамов