Дала жоп ло доIанна

Везачу Аллах1а боху Шен Къуръан чохь: «Соьга кхайкха – Ас жоп лур ду шуна». Адамаша шайна цамгар кхетча ч1ог1а кхералой, г1айг1ане хуьлий шайн дог-ойла Далла т1еерзайо. Цамгар – Дала адам зен луш ю.

Х1ара харц дуьне вайх дуьсур долуш дуй хаийтаран билгало ю иза. Делах тешаш волчунна хаьа Делан лаам боцург ша оцу цамгаран балех ваккха х1умма а доций, цундела иза кхойкху ша Кхобуш-Кхиош волчуьнга.
Амма вайна хаа деза, могаш а, маьрша а долуш, кхин цхьа а сингаттам а боцуш 1аш делахь а, Дела виц ца веш до1анаш дан дезий. Бакъду, кхин цхьа х1ума хаа деза – до1анца цхьаьна бахьанаш лело деза къахьегарехь. Масала, стага ша цомгаш хилча Деле г1о доьхуш до1анаш до, амма до1анашкахь Деле г1о дехарал совнаха лоьрашкара дарбанаш лаха а деза, молханаш молуш больницехь, я ша шен дахарехь лелош долчунна тергам бан беза, х1унда аьлча, массо х1ума Дала вовшашца доьзна ду.
Амма, вайна хаа деза, до1а дар вай лара ца деза деккъа цамгарех а, сингаттамех а хьалхаваккхар санна. Баккъал Делах тешаш верг, дика деъча а, вон деъча а, даима Деле до1анца кхойкхуш хила веза, оцо гойтур ду вайгара ийман.
До1а дарх болчу пайданех лаьцна Аллах1а билгалдоккху Къуръанан дуккха а аяташкахь, юх-юха вайна гойту мел ч1ог1а ницкъ болуш а, хьекъална к1орге йолуш а ду Цо вайга бохург. «Нагахь санна Сан леша хьоьга хаттахь Сох лаьцна – Со герга ву, доьхучу дехарна жоп луш. Сан пайхамаршна жоп лойла цара (Суна муьт1ахь хиларца), Сох тешийла уьш – уьш хила там бара нийсачу новкъахь» (2 сурат, 186 аят).
Везачу Дала дикачу х1уманна т1ехь до1анна жоп лучарех дойла вай! Амин!

М. Атабаев
«ан-нУР» газета т1ера