Пха тоьхна, гIалин са бохийна кIант

 

Жима волуш нана а елла, висина цхьа кIант. Дас кхин зуда а ялийна, дестечуьнца Iаш а, кхуьуш а хилла иза. Шеца Iаш волу меран кIант дестечунна бIаьрга ван ца везна. Эххар а, цунна детта са а кхачийна, дестечо аьлла кIентан дега:
– ХIара кIант, мичча хьой а, хIокху кертара дIаваккха, ца ваккхахь, со кхин Iийр яц кху кертахь, со хIокхо яха юьтуш яц.
– ХIун дийр ду ткъа, цхьа мижарг бел тхойшинна, тхойша хьуьнах гIур ву, – аьлла, шен хIусамнене мижарг байтина кIентан дас.
Юха, и мижарг а эцна, кIантаца хьуьнах вахана да. Хьуьнах дIакхаьчначул тIаьхьа, цхьана берда йистехь хIара шиъ садоIуш Iаш, дас мижарг, ларамаза хаьхкича санна, бердах чу хаьхкина.
– Валолахь, чехкка-чехкка, и мижарг сихонца схьалацалахь, – аьлла, кIант мижаргана тIаьхьа а хьадийтина, иза хьуьнхахь а витина, да цIа веъна.
ТIаккха мижаргана тIаьхьа бердах чу хахкавелла воьдуш волу кIант, оцу бердан юккъехь йолчу цхьана гуьзалгах таса а велла, цу тIехь сецна. Мацалла гIелвелла, ша хIун дийр ду ца хууш, орцадаккха гондIа цхьа адам а доцуш, оцу гуьзалга тIехь Iаш хилла кIант.
Иштта кIентан да а, десте а, кIант новкъара а ваьккхина, паргIат а даьлла, Iаш долчу хенахь, кхечу махкарчу цхьана паччахьо хIара кIант вехаш волчу махкарчу паччахье, кхуьнан махкахь хьекъал долу, хIума хууш болу нах бу я бац хьажа, сацам бина хилла. Оцу Iалашонца кIант волчу махка ялаяйтина вовшах къасталур йоцуш цхьатерра ши бекъа, цу шиннах къенаниг а, къонаниг а къастае аьлла.
Паччахьо кхайкхина схьавалийна хIума хууш волу стаг, цуьнга хаьттина, хIун де ша аьлла. Цо аьлла:
– Мох баьлча, ший а бекъа хи мала хи тIе лалла. Жимахйолчо, махана дуьхьал а йирзина, мер ду хи, ткъа йоккхачо, букъ а тоьхна, мер ду.
ШозлагIа, вовшах евзар йоцуш, ши нIаьна яийтина цу паччахьо, къена-къона муьлха ю, къастае, аьлла.
Юха а хаьттина хIума хууш волчу стаге. Цо аьлла:
– Мох баьллачу хенахь шина нIаьнина хIоъ таса. Жимахйолчо – махана дуьхьал йирзина, ткъа йоккхахйолчо, букъ берзийна, юур ю шайна тесна хIума.
Цул тIаьхьа и кIант вехаш хиллачу мехкан паччахьо нийса жоп дахьийтина шега хеттарш динчу кхечу махкарчу паччахье. ХIума хууш волчу Iилманчин гIоьнца къастийна шина бекъанах а, шина нIаьнех а къена-къона муьлхарш ю.
– Ас динчу хаттаршна нийса жоьпаш даийтина ахь, оцу тIехь толам хили хьан, – аьлла кхечу махкарчу паччахьо. – ХIинца цхьа хIума тIедуьллу ас хьуна, ткъа иза ахь кхочуш ца дахь, ас тIом хьебо хьоьга, хьайн паччахьаллех а вохор ву хьо. Сан мехкан дозане кхоьссина пха кхачо беза ахь, и ца кхачабахь, хьайн паччахьаллех дог дилла мегар ду хьуна.
Иштта хала де тIехIоьттинчу паччахьо шен махкахь болчу нахе хаьттина, кхузара кхоьссина пха оцу дехьарчу паччахьан дозане кхачо стаг вуй шуна юкъехь аьлла.
Цхьа а ца ваьлла, и хIума шега далур ду аьлла.
ОьгIазваханчу паччахьо, массо а шен махкахь долу адам схьа а гулдина, юха а хаьттина:
– И гIуллакх кхочушдалур долуш шуна юкъехь цхьа а ву я вац?
Оццул долчу халкъалахь юха а цхьа а ца ваьлла.
– Кхин цхьа а кхуза кхачаза висина стаг вуй-те сан олаллина кIелахь? – аьлла, юха а хаьттина паччахьо гулбеллачаьрга.
ТIаккха паччахьан йоIа аьлла:
– Со хи тIе яханчохь, цхьана лекхачу берда юккъехь йолчу гуьзалга тIехь хиъна Iаш, цхьа кIант-м гира суна. И кIант воцург, массо а кхузахь ву-кх.
ТIаккха паччахьа омра дина, хIокху минотехь шена тIе схьакхачаве и кIант аьлла.
Сихонца, шайца лекха ламеш а эцна, бахийтинчара, схьа а ваьккхина, кIант схьавалийна.
Схьавалийначу кIантана паччахьо довзийтина хьалхалаьтташ долу декхар.
ТIаккха кIанта аьлла паччахье:
– Ахь хьайн цIен етт, бен а бейтина, хьайн йоIе суна баабайтахь, ша кхачор бу-кх оцу кхечу паччахьан дозане и пха.
Паччахь резахилла.
Мало ца еш, тоьхна шайн цIен етт бен а бейтина, жижигах мерза-мерза даарш дойтуш, шен йоIе иза цу кIантана баабайтина паччахьо.
Цул тIаьхьа кIанта пха кхоьссина кхечу мехкан паччахьан дозане. Кхоьссинчу пхано, дозане дIакхаьчна ца Iаш, оцу паччахьан гIалин са, «зар-р-р» аьлла аьтта, чубахийтина. Паччахь, хилларг хIун ду ца хууш, цец а ваьлла, араваьлла. ДIахьаьжча, шен гIалин са, аьтта, чубахийтина гина цунна.
Шен бIаьргашна гинчух цецваьллачу паччахьо омра дина:
– ХIокху Делан сохьта, кхоьссина пха шен мехкан дозане кхачийна ца Iаш, шен гIалин са, аьтта, чубахийтинарг шена тIекхачаве! – аьлла.
Иштта хабар шена тIекхаьчча, кIант паччахь волчу ваха новкъаваьлла.
Масийтта баттахь некъ беш, схьавогIуш волу кIант, новкъахь, цхьа боккха хIорд дIамолуш, тIаккха, и дIахоьций, хIордан кIаг юха дIабузуш, Iаш волчу стагана тIекхаьчна.
– Хьо мила ву? Ма доккха хIума ду хIара, – цецваьлла кIант.
– ХIара-м доккха хIума дацара, пха тоьхна паччахьан гIалин са чубаийтина волчу кIанта динарг ду-кх доккха хIума, – аьлла хIорд ловзош Iаш волчо.
– Со ву-кх иза, – аьлла кIанта.
– Делахь вайшиъ ши ваша ву-кх, – аьлла, цхьаьна дIавоьдуш, новкъахь цхьа латта иккхинчу меттехь, лаьтта тIе лерг а диллина, ладоьгIуш Iаш волчу стагана тIекхаьчна.
– Хьо хIун деш ву? – хаьттина кIанта.
– Со, дера, ву, лаьтта бухахь болчара хIун дуьйцу, ладоьгIуш, – аьлла лаьттаца ловзуш Iаш хиллачо.
– Ой-хIай, ма доккха хIума ду-кх хьо, –цецваьлла ши ваша.
– ХIара-м доккха хIума дацара, пха тоьхна, паччахьан гIалин са чубахийтинчу кIанта динарг ду-кх доккха хIума, – аьлла, лаьтта тIе лерг а диллина, ладугIуш Iаш хиллачо.
– ХIара ву-кх иза, – аьлла багахь хIорд ловзош Iаш хиллачу накъоста.
– Делахь кхо ваша ву-кх вай, – аьлла, кхоь а цхьаьна а кхетта, новкъабевлла уьш.
Новкъахь схьавогIуш волу хIара кхоъ стигалахь тIемадаьлла доьдуш долчу олхазаран тIемашна тIера пелагаш дагардеш Iаш волчу стагана тIекхаьчна.
– Ой, хIара ма доккха хIума ду, – аьлла, кхоь а цецваьлла.
– ХIара-м доккха хIума дацара, пха тоьхна паччахьан гIалин са чубахийтинчу кIанта динарг ду-кх доккха хIума, – аьлла пелагаш дагардеш хиллачо.
– ХIара ву-кх и, – аьлла кIентан шина накъоста.
– Делахь-хIета, вежарий ду-кх вай, – аьлла, дIабоьлхуш, паччахь волчу дIакхаьчна и виъ кIант.
Паччахьо, чIогIа базбина, сий дина, лерина тIеэцна вежарий.
Делахь а паччахьо сацам бина, хIорш зен, кхеран хьуьнар мел ду, шен зиэрах чекхбовла хIокхеран доьналла тоьа я ца тоьа хьажархьама. Оцу Iалашонца хIара виъ цхьана боккхачу яй чу а воллийтина, тIе негIар а тохийтина, кIел йоккха цIе латаяйтина.
ТIаккха, яй бох а белла, шаьш хIун дер ца хууш, холчухIиттина хIорш. Иштта хала киртиг тIехIоьттинчу хенахь кIанта аьлла хIорд ловзош хиллачуьнга:
– Дакъаза ма вала хьо, дийнна хIорд молуш хилларг, дан хIума дац-те хьан?
ТIаккха цо шен кийрара хIорд охьабассийна.
Мелчу хи чохь, хаза шайна лийча а луьйчуш, Iаш карийна виъ ваша паччахьо хьовса бахийтинчарна.
– ХIокху хьуьнарехь а туьйли шу, хIинца со къера ву шуна, – аьлла, паччахьо доккха шун хIоттадайтина хьешашна.
Цул тIаьхьа яахIума яа чубигна хIорш. Леррина кхарна кечдинчу цIа чу. Кхача шайна схьабале, кхаа вашас аьлла:
– ЛадогIал, ладугIуш верг.
ЛадугIучо, пена тIе лерг а диллина, ладоьгIна.
– Вайна бохьуш болу кхача шина тайпана бу: цхьаъ дIовш тоьхна бу, важа – дIовш тохаза.
Иштта вежарий Iаш болчу хенахь, массо а тайпана кхача биллина кхарна хьалха, шайна дIовш тохазниг а буьллуш, ткъа кхарна дIовш тоьхнарг кхочуьйтуш, нисбина иза шуьнехь.
Юха кIанта аьлла:
– Пелагаш дагардеш верг, къастабел вайна кхача.
ДIовш тоьхнарг царна хьалха а теттина, дIовш тохазниг шайна хьалха озийна пелагаш дагардеш волчо.
Ца кхоьрруш, шайн яахIума йиъна веа вашас.
– ХIокху къовсамехь а толам баьккхи аш. ХIинца шена чухIоьттина волчу цхьана ямбаш-стагаца геналла цхьаъ вада веза шух, – аьлла паччахьо.
– Делахь, дика ду, хIета, – аьлла, оцу къовсамна а дуьхьал ца хилла виъ ваша.
Вежарша, барт а бина, паччахьан ямбашца вада шайн пелагаш дагардеш верг кечвина.
ХIара шиъ дIаведча, паччахьан ямбаш генна тIаьхьависина. Кхануо ша дIакхаьчча, важа (пелагаш дагардеш хилларг) набъеш карийна ямбашна. Цунах воккхавеш, сихонца юха а вирзина, тIемаваьлча санна, вогIуш хилла паччахьан ямбаш. И хиъначу кIентан накъосташа пелагаш дагардечун гIевлангарчу шишанах пха тоьхна, вижинчуьра хIара самаваккха.
Ткъа важа, ямбаш, ма-валлу вогIуш хилла, пелагаш дагардеш верг гуш а воцуш.
ТIаккха ямбашан чолакхбоцчу когах пха тоьхна кIентан накъосташа.
Пелагаш дагардеш верг цул хьалха схьакхаьчна йиллинчу метте.
«ХантI–хинтI» деш, шина а когана астагIа а лелхаш, кхануо тIаьхьа схьакхаьчна паччахьо вахийтинарг.
Кхин кIантаца къовсавала хьуьнар а ца хилла, кхечу махкарчу паччахьо дехар дина кIанте, шен паччахьаллин ах паччахьалла а лур дара ша, уггар лакхарчу дарже а хIоттор вара хьо, иштта хьан вежарий а дIанисбийр бара, дIа ма гIахьара хьо аьлла.
КIант реза ца хилла. Шен махках а ваьлла, дуург дуьне ца хета шена, баркалла, шен иштта мах хадорна, паччахье а аьлла, цIа веана иза.
ТIаккха цIахь волчу паччахьо, шен хьомсара йоI кхуьнга маре а йоуьйтуш, шен паччахьалла хIокху кIанте дIаделла.
Паччахьалла каракхаьчначу кIанта, шен вежаршца-накъосташца цхьаьна, хIумма а кура ца волуш, къен-миска ца къастош, массо а шен шуьне а кхайкхина, кхаа дийнаххьий, кхаа бусий ловзар дина.
Иштта ирсе ваха хиъна, боху, цхьана дестечунний, дений совваьлла хилла волу кIант.
ГIалдий-булдий – царна, кай-божжий – вайна.
ДИКАЕВ Бексолта
«Стела1ад»

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля