Поэзи

Со-м ца аьхьна

Со-м ца ваьхьна хьоьга еза ала,
Дено, дено йохкуш кханенаш.
Ас суьйренна къайлах лайна бала,
Къаьхьа луьстуш мерза ойланаш.

Со-м ца ваьхьна хьоьга еза ала,
Хьан са гатлуш дог а дилхина.
Ахь кхечунна Iенош бIаьрган алу,
Со гуш йоцчу цIаро вагийна.

Со-м ца ваьхьна хьоьга еза ала,
Лалур доцуш алахь чорда дош.
Цхьаллехь йуттуш сатийсаман гlала,
Бехке доцу летийна къинош.

Хьо езаро са суждане кхуьйлуш,
Хьан аматан йийсар со хилла.
Жимчу дагчохь боккха безам къуьйлуш,
Дохко ваьлла еза ца аьлла!!!!
Ахмаров Рамзан

Урдунерчу йишина Маймунина,
йинчу денца декъалйеш

Хийрачу цу махкахь Ненан мотт 1алашбеш,
Ков-кертахь даггара даимна буьйцуш,
Т1екхуьъчу ч1къорана денна и шар а беш,
1аш ду шу Даймахке гуттара са туьйсуш…

Тахана, сан йиша, хьо йинчу денца,
Даггара декъалйеш хуьлу со вист.
Хаза а хетар ду ирсе хьо хилча,
Мел дукха д1ахьежарх схьа ца гуш йист!

Могшалла шерашкахь алсаме йолуш,
Кхолламо ца чехош хуьлийла дахар.
Дайбаьхна латтаца гергарло долуш:
Т1аккха вайх дуьненахь хьерчар бац бала.

Нохчалла 1алашйеш шераш а луьстуш,
Ненан мотт биц бала ца буьту аш.
Т1екхуьу бераш а вайн маттахь хьоьстуш,
Хазхета Барт болуш шу хилча 1аш!
Якиев 1умар

ДАЙН ЛАТТА, ДАЙН КХЕРЧАШ…

Юккъерчу Азехь со дуьненчу ваьлла,
Виълара текхаш со кхойтта шо даьлла.
Дайн латта, дайн кхерчаш диснера генахь,
Уьш хьеста, хьестийта кхиаванц берахь.

Х1ун г1уда хьаьрчина хилла – те дайх?
Х1ун сардам бахана хилла – те вайх?
Кхерч байча д1ахеда, олуш ду, дахар,
Баьлла бехк х1ун бара халкъ махках даккхал?

Цу некъан бохалла х1олламаш лаьтта,
Дайн кешнаш кхойкхуш ду цаьрга, мохь баьтт1а.
…Кхойтта шо – кхойтта чов х1инца а 1ийжа,
Дайн ярташ, дайн кхерчаш ц1е – шийла тийжа.

Дайн махка, дайн кхерча дихкина некъаш,
Велча бен т1ех1итта тхуна дац кешнаш.
Масс ву уьш генарчу шийлачу махкахь,
Метта – мотт карийна, висинарг лаьттах?

Ша боьг1на бен хьаста да ц1а ца вирзи,
Велча бен кхолламо къилба ца нисди.
Ц1а вирза. Х1инца а ца туьуй сан б1аьрхиш,
Ц1ераша йорт еттарх, дакъалац б1аьргаш.

К1ант кхуьу. Корта а къежбелла сан,
Цундела ойла йо. Дог 1ийжа сан.
Ас санна, цуьнан а, шен махка – ц1а,
Кхелхича деза – те вига шен да?

…Дог догу. Йогуш ю сан кийрахь ц1е,
И яйа ницкъ хир бац цхьана а де.
…Кхойтта шо – кхойтта чов х1инца а 1ийжа,
Дайн ярташ, дайн кхерчаш ц1е – шийла тийжа.
1абдулнесаран 1умар
1989 – г1а шо. Дитташка.
Оьрсийн маттера гочйина
Шайхиев 1алвадис.

Хьехархо.

Хьайца йохьуш маьлхан з1аьнарш,
Хьекъал, кхетам леларехь,
Къинхетамца хьоьстуш дегнаш,
Йог1у хьо хьайн боларехь.

Лела дезарх хьаьдда-едда,
Я сада1а йоцуш хан,
Йиш ца хиларх наб ян 1аббалц,
Хета дахар хаза г1ан:

Берийн ловзарш, ирсен аьзнаш,
Доттаг1аллин сирла мур,
Хьох тешайо шайн къайленаш,
Ткъа б1аьргаш чохъ лепа нур.

Лаьа царна хьан куьг лаца,
Ахь белша т1е дилла куьг,
Лаьа довха ахь дош ала,
Хьайн безамца ойъуш дог.

Хьан карахь ду нийсо ярца,
Бакъдерг, харцдерг къастадар,
Хьан декхар ду-ялар орцах,
Жимчу дагчохъ юьтуш лар.

Ца нисделлехь гулбан бахам,
ЙОг1а лекха г1ишлонаш,
Таро хили хьайн безамца
Эшон хийла халонаш.

Эр ду мацца дешархочо:
«Хьо сан дагчохь лаьттина,
Ахь деллачу цу 1илмано
Хийла балех ваьккхина».

Дас я нанас хийла эр ду:
«Дала хьан дог хьостийла,
Сан доьзалан терго ярна,
Могаш, ирсе ехийла».

Хьехархочун сирла дахар
Дерриг дийца ларор яц,
Кхочушдахь ахь доггах декхар,
Хьол сийлахь стаг лаьттахь вац.

Сабуралиева Йисита

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля