Мамакаев Мохьмад Амаевич

Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна хIаллакбина къоман тоьлла яздархой Бадуев СаьIид, Айсханов Шамсудди, Актемиров Мусита, Дудаев Iабди, Нажаев Ахьмад. Чубоьхкина, ГУЛАГан лагершкахь яккхий хенаш яьхна Арсанов СаьIид-Бейс, Ошаев Халида, Мамакаев Мохьмада, Мамакаев Iаьрбис, кхечаран а. Оцу инзаре халчу хьелашкахь адамаллица ца догIу Iазап шаьш токхуш, доьналлех, къонахаллех ца боьхначу нохчийн яздархойх вара Мамакаев Мохьмад.
Мохьмад зоьртала дегI долуш, воьттина вича санна, онда вара, буьрсо юьхь-сибат а долуш, дуькъачу цIоцкъамашна кIелхьарчу бIаьргийн хьажар леррина а, ойлане а хеталора. Вистхилар а, лелар а дурс аьлла дара. Цунна тIехьаьжча, эр дацара иза маситта шарахь тутмакхан Iазап лайна ву.
Ша вина, кхиъна, лелла, жималлехь марзо эцна меттигаш, къаьсттина Iаьс, Ачхо дукхазза хьехийна Мамакаев Мохьмада шен произведенешкахь. «Къийсамехь ца бужуш, хийла чов йина, …къизчу къийсамехь чахчабеш кхиъна, ирча сахьт тIедоьжча, собарца бисна», даймехкан мутт муьйлуш Iаьс йистехь чIагIбелла лаьттачу ножах лаьцна йолу цуьнан стихотворени – авторан дахаран метафора юй техьа олий, хетало.
Мамакаев Мохьмад вина 1910 шеран 16 декабрехь Ачхой-МартантIахь ахархочун доьзалехь. Шен ворхI шо долуш дех-ненах ваьлла, байлахь висна жима Мохьмад. Гергарчу наха а, Iедало а терго йина кIентан. Иза дIаэцна Асланбековски берийн цIийне (хIинца Серноводск), цигахь дешна юьхьанцарчу школехь . Юккъера школа чекхъяьккхина Соьлжа-ГIалахь. “Со вина де”, “Ненаца дина къамел” поэмаш тIехь дийцина яздархочо шен бераллех, дешаран шерех лаьцна. Хала хиллехь а, хаза хан яра иза, боху поэта.
Школера дешна ваьлча цхьана муьрехь комсомолехь болх бина Мамакаев Мохьмада. 1926-чу шарахь иза Москва Малхбалехьарчу къинхьегамхойн коммунистически университете (Коммунистический университет трудящихся Востока) деша вахийтина. Университетехь ша доьшуш волуш а нохчийн литература, культура кхиаран гIайгIа беш хилл Мамакаев Мохьмад. Нохчийн яздархошца Исаева М., Эдльдарханов I. цхьаьна цо дакъалаьцна нохчийн маттахь литературно-исбаьхьаллин журнал арахецар вовшахтухуш. “Латта” цIе йолчу оцу журналан хьалхара номер араяьлла 1927 шарахь.
Университет чекхъяьккхинчул тIаьхьа Мамакаев Мохьмада жоьпаллин белхаш бина пачхьалкхан органашкахь а, тайп-тайпанчу учрежденешкахь а. 1930 шарахь Хьалха-Мартанан ВКП(б)-н Окружной комитетан секретарь хаьржина иза. Областной прокуроран болх а бина цо, “Грозненский рабочий” газетан редакторан заместитель а, тIаккха Нохчийн меттан, литературин, историн Iилманан-талламан институтан директор а Iийна иза кхечахаь балхахь хиларца цхьаьна..
1934-чу шарахь Мамакаев Мохьмад юха а Москва хьажаво, партийни белхахойн лаккхарчу школехь деша. Дешна а ваьлла цIа веъча, 1935 шарахь Нохчийчохь уггар яккхийчу организацех йолчу “Грозхимстрой” куьйгалхочун заместитель хIоттийна иза. Цул тIаьхьа Мамакаев Мохьмадана тIедиллина Республикин обкоман партин школийн, Iилманан отделан куьйгалхочун дарж. Цхьана муьрехь “Ленинан некъ” газетан редактор а хилла иза. Муьлххачу балхахь ша хилча а, жоьпаллица кхочушдина Мамакаев Моххьмада шен белхан декхарш. Амма, цу хенахьлера дукхахаболу нохчийн яздархой а санна, Мамакаев Мохьмад а ца ваьлла сталински таIзаран кхиэлах. Иза бахьна а доцуш лаьцна, Сибрех вахийтина. 1940-гIа шерашший – 50-чу шерийн хьалхара муррий Сибрехахь баьккхина цо. Амма оцу халчу хьелашкахь а исбаьхьаллин дош ца дитина Мамакаев Мохьмада. Ша яздеш хиларал совнаха, 1954 шарахь литературни тоба вовшахтоьхна цо Игарка гIалахь арадолуш хиллачу «Коммунист Заполярья» газетан редакцехь. Цигахь 1956 шарахь оьрсийн маттахь араяьлла Мамакаев Мохьмада «Первый гудок» цIе йолу повесть. 1955 – 1958 шерашкахь Алма-Атахь нохчийн маттахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газета агIонаш тIехь зорбатоьхна Мамакаев Мохьмадан Iилбаседехь язйина цхьайолу стихаш. ХIетахь цо яздинчу дийцарийн, очеркийн книга «Ша меттах баьлла» а араяьлла Алма-Атахь Казахски литературни издательствехь 1957 шарахь. Оцу книги тIерачу дицарийн, очеркийн турпалхой дахар а девзаш, шайн хьаналчу къинхьегамца мохк цIинбеш, дахар хаздеш долу адамаш ду. Цу тайпана яра 1960 шарахь Соьлжа-ГIалахь араяьлла «Даймехкан некъаш» цIе йолу дийцарийн, очеркийн книга а.
Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа, Мамакаев Мохьмада 1962 шарахь дуьйна шен дахаран тIаьххьара де тIекхаччалц «Орга» альманахан редакторан болх бина. Мамакаев Мохьмад кхелхина 1973 шеран 17 августехь.
Мамакаев Мохьмадан дуьххьарлера исбаьхьаллин произведени зорбатоьхна 1926-чу шарахь «Серло» газета тIехь. Поэтан дуьххьара зорбатоьхначу стихотворенешна юкъахь яра «Зеламха» цIе йолу стихотворени. Цо тIаьххьара язйинчу произведенешна юкъахь «Зеламха» роман ю.
Мамакаев Мохьмадана хIетахь шен ерриг стихаш дагахь хууш хилла, накъосташна хьалха еша лууш а, йьшуш а хилла цо уьш. Цуьнан стихотворенийн хьалхара книга зорбатоьхна 1930 шарахь. «ДоттагIалла» цIе а йолуш, поэта дуьххьара язйинчу стихийн сборник яра иза. Оццу шарахь «Серло» издательствехь араяьлла Мамакаев Мохьмадан «Коминтерн» цIе йолу очерк а. Поэтан исбаьхьаллин корматалла кхуьуш яра, эвсараллица болх бо цо литературехь. Кхин цхьа шо даьлча, поэтан стихотворенийн шолгIа сборник а араяьлла. «ЧIегIардиг» цIе йолчу оцу сборник тIехь авторан шен, кхечарах къаьсташ долу исбаьхьаллин хатI хилар гойтуш йолу стихотворенеш яра. Яздан волалучу хенахь Мохьмада шен цхьайолу произведенеш псевдонимца – М. Тур – арахоьцура.
Ша яздан волавеллачу хьалхарчу муьрехь дуьйна а лирически стихотворенешца цхьаьна яккхий поэтически произведенеш а язйина Мамакаев Мохьмада. 1936 шарахь араяьлла авторан «ЦIий хуьйдина лаьмнаш» цIе йолу стихийн, поэмийи сборник. Цу тIехь зорбатоьхна яра «ЦIий хуьйдина лаьмнаш» цIе йолу поэма а. Иза вайнехан литературехь дуьххьара язйинчу поэмех ю. Нохчийн къоман исторехь ХIХ бIешарахь хилла драматически хиламаш бу поэми тIехь исбаьхьаллин кепехь луьстуш. Воккхачу стеган Довлатан дийцар ду поэмин чулацамехь. Эпически шуьйра гойту цуьнан дийцаро шен паргIатонехьа халкъо латтийна къийсам. Поэма дIа а йолало, чекх а йолу авторан дашца. Воккхачу стеган къамел сеца а соьцуш, юкъа-кара вайна хаало авторан ойланаш, кхочушхуьлчу гIуллакхех лаьцна цунна хетарг, цара меттахбаьхна авторан синхаамаш. Оцу авторан лирически юьстахвийларша гIо до поэмин чулацамах кIорггера кхета, иза дика тIеэца. Лирический, эпический билгалонаш ю «ЦIий хуьйдина лаьмнаш» поэмица.
ПаргIатонехьа къийсам латточу къехойн тхьамда ву поэми тIехь Таймин Бийболт. Къехойн лаам, адамийн деган Iийжамаш шега схьаэцна ву Бийболт. Цуьнан васт дукха даьржина ца диллина автора. Кхин а кIезиг гайтина поэми тIехь кхийолу персонажаш. Поэмин коьрта турпалхо халкъ ду. Иза даим а къийсамехь гайтина. Цуьнца цхьаьна вайна хьалха хIуьтту «цIий хуьйдинчу лаьмнийн» васт, даймехкан васт.
«ЦIий хуьйдина лаьмнаш» лиро-эпически поэма ю. Кхузахь ша-тайпана цхьаьнаийна лирически а, эпически а, драматически а билгалонаш. Поэми эпически агIо билгалйолу коьрта долчунна цуьнан чулацамехь халкъан турпалаллин къийсам хиларца. Шайн паргIатонехьа къехоша къийсам латтош бинчу тIеман шуьйра суьрташ кхоьллина поэми тIехь, майра, турпала амалш гайтина. Поэмин оцу эпически агIонашца цхьаьна къеггина лирически агIонаш а ю. Авторан ойланехь схьахIутту хьалха дIадахана хакъан балане дахар, цо поэтан дог Iовжадо, ойланаш, синхаамаш меттахбоху. Адамийн таханлера дахар ирсе хила лаьа цунна. Хьалха хилларг кхин цкъа а ца хилийта дуьйцу поэта царах лаьцна. Авторан хьалхара дош чекхдаьлча дIадолало воккхачу стеган Довлатан дийцар. Амма цул тIаьхьа авторан а, Довлатан а аьзнаш цхьаьнауьш ду. Оцу шинний а ойланаш, лаамаш лирически турпалхочун дог-ойлане йоьрзу. Шадерриг цуьнан кхетамехула, цуьнан дагчухула схьагойтуш санна ду поэми тIехь. Шен дош долуш, шен ойланаш а, шена хеташ дерг а гучудоккхуш ву поэмин лирически турпалхо.
Цу тайпана, «ЦIий хуьйдина лаьмнаш» шен чулацамца исторически поэма ю, сюжет схьаястаяларехь а, шен композицин дIахIоттамехь а лиро-эпически ю. «ЦIий хуьйдина лаьмнаш» нохчийн литературехь дуьххарлерчу лирико-эпически произведенех яра. Шен заманан литературехь керла жанр юкъаялорехь мехала а яра.
Цул тIаьхьа поэта язйина шен биографица йогIуш йолу “Со вина де”, «Ненаца дина къамел» цIерш йолу поэмаш. Царна тIехь шен бераллех, дешаран шерех лаьцна а дийцина цо. Хала хиллехь а, хаза хан яра иза, боху поэта.
1930-чу шерашкахь Мамакаев Мохьмад хаддаза дакъалоцуш хилла Нохчийчоьнан литературни дахарехь. Иза куьйгаллехь а волуш арадийлира «Итт бIаьсте», «Кхиам» цIерш йолу нохчийн маттахь литературно-исбаьхьаллин журналаш. Цо дакъалаьцна Москвахь, Пятигорскехь арахецначу нохч-гIалгIайн поэтийн произведенийн сборникаш тIехь.
Арсанукаев Iабдулла

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля