Поэт Дакаев Саь1идбек дагалоцуш…

Кху деношкахь Устрада-Г1алахь Нохчийн халкъан поэт Дакаев Саь1идбек дагалоцуш мероприяти д1айаьхьира. Вайн махкахь д1ахьучу Нохчийн меттан Шарна леринчу балхана т1ейоьг1на йара и. Цхьанакхетар д1адаьхьира лоьмар 3 йолчу ишколехь. Кхузахь шен хенахь дешнера г1аравьллачу поэто. Бераша дагахь д1айийшира Дакаевн байташ. Сцени т1ера дийкира поэтан дешнаш т1ехь даьхна иллеш а. Кегийчу бераша ч1ог1а дагах кхеташ д1алекхира нашид а.
Билгалдаккха деза мероприяти вовшахтоьхначара массо аг1ор кечам дика бинера. Мероприятехь жигара дакъалецира Устрада-Г1алин Мэрин 1едало, дешаран Урхалло а, ткъа ишта ишколан хьехархоша а, дешархоша а. Дакаев Саь1идбек дагалоцучу гуламехь дакъалецира цуьнан доьзало, гергарчаьра а.
Нохчийн Йаздархойн союзан ц1арах кхузахь дакъалецира, къамелаш а дира поэташа Аболханов Хьакима а, Саиев 1умара а.
Къаьсттина ц1е йаккха хьакъ бу, Устрада-г1алахь д1айаьхьначу мероприятехь жигара дакъа болу Барзанукаевг1ара Ахьмад, Айза а. Коьртачунна и меропряти вовшахтухуш массо урхаллашца болх беш къахьегначарех йу Айза. Х1ора йаздархочун кхоллараллех дог лозуш, к1ад ца луш, къахьегна а, къахьоьгуш а йу иза. Дела реза хуьлийла Ахьмадна а «Аргун» газета т1ехь йаздархойн Союзан дахаран массо а аг1о йовзуьйтуш волу. Дела реза хуьлда Ахьмадна а, Айзина а массо а йаздархочун ц1арах!
— Дала т1аьхье беркате йойла ишттачу дикачу г1улкхийн. Боккха болх бу бинарг г1араваьлла нохчийн поэт Дакаев Са1идбек дагалоцуш! Дукха хаза д1айахара и мероприяти. Дика поэт а, дика стаг а вара Дакаев Саь1идбек. Дала Шен дуьхьа лорийла Барзанукаев Ахьмада а, цуьнан х1усамнанас Айзас а, иштта, цхьамог1а кхечара а хьегна мэле къа! Дела реза хуьлда шуна, бохуш, къамел дира йаздархочо Саиев 1умара мероприяти д1айерзош.

Якиева Амина. Авторан сурт

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля