Машар … Х1ун хир ду цул коьрта? Адамашна ч1ог1а оьшу дуьненчохь машар а, синтем а хилар. Х1ора керла дог1у де хазахетарца т1е а лоцуш, бераш ишколе а дохуьйтуш, ц1ена х1аваъца са а до1уш, хан йаккха лаьа вайна…
Кху шарахь 21-чу сентябрехь даздеш ду Дуьненайукъара Машаран де. И де даздаран хьоле даккха билгалдаьккхина 2001-чу шарахь. Вайна ч1ог1а оьшуш а, ладаме де а ду иза.
Оцу денна коьрта 1алашо х1ун йу аьлча – массо а дуьненна машарал дика а, деза а х1ума доцийла хаийтар. Х1унда аьлча, т1емашца, вовшийн ц1ий 1анорца баьккхина толамо цхьа а адам ирсе дийр дац.
Машаран дийнахь массо дуьненчохь бераша дуьхку маьлхан суьрташ, лоькху машарна лерина эшарш, т1емаш дечу пачхьалкхашка герз охьадилларца кхайкхам а бо.
Х1ора шерашкахь маь1-маь11ехь хуьлучу т1емашкахь эзарнашкахь синош д1ахьо. Къаьсттина, машаре бахархой х1алкьбо. Дуккха а наной а, бераш а дех-ненах, йиш-вашех къаста а до.
Таханлерчу дийнахь дерриге адам сема хила дезаш ду, х1унда аьлча мичча а хенахь кхерам бу вайн синтем галбаккха, тешнабехк бан. Т1емаша цхьа а стагана дика болх бийр бац, йа бина а бац – иза бодане некъ бу. Цо вайн синхьовзамаш д1абохар бац, мелла а уьш ч1аг1бийр бу, шайца баларш дохьуш, наной, йижарий, зударий б1аьрхиш а 1енош…
Мел ч1ог1а тамехь хуьлу ахь з1ай тоьхна, хьан гергарчара — дас, нанас, йишас-вашас, хаза озаца хьоьга жоп делча; берийн б1аьргаш чохь къегаш нур гича; цхьа инзаре бала т1ебеъначу стеган дог эцча; буьйсанна къегаш долчу сирла седарчашка а хьоьжуш, хаза йогуш йолу ц1еран хьалха охьахиича.
Дуьненчуьра х1ора адам маьрша хила бакъо йолуш ду. Машар хир бац адамаша вовшашна г1о-накъосталла ца дича, вовшийн лерам боцуш, со-ас бохуш лелаш, кураллаш йича. Вайн коьрта 1алашо – йерриге дуьненан тобанаш цхьанакхетар йу. Массо а пачхьалкхаш 1алашйан йеза маршо шайн т1екхуьуш болчу кегийчу чкъоранна, х1унда аьлча, уьш – вайн кхане йу.
Машарел доккха беркат х1окху дуьненчохь цхьа а дац – иза делла адамашна синтеме даха а, деша а, болх бан а. Цундела вай массара бертахь дахарца и ни1мат лардан деза.
БИБУЛАТОВА Iайнаъ