Бертахь дахар хуьлийла!

Хууш ма-хиллара, кху деношкахь ерриге а Россехь даздаран хьолехь д1ахьош ду «Къаьмнийн цхьааллин де». Шена чохь дуккха а халкъаш дехачарах цхьаъ йу Российски Федераци. Вайн пачхьалкхехь дерриге дехаш цхьа б1е сов къам ду. Х1оранна а шен историн к1орггера схьадог1уш оьздалла а, 1адаташ а, ламасташ а ду. Вайна, Дагестанехь бехачарна, вуно дика девза халкъийн йукъара хьал, х1унда аьлча, республикехь а ду дехаш тайп-тайпана, ткъе итт сов къам. 


Т1аьхьарчу шерашкахь, къоман политикан аг1орахула деш дуккха а белхаш ду, массо а халкъийн цхьа барт хилийта а, церан вовшашца йолу йукъаметтиг Конституцица цхьанайог1уш хилийта а. Ткъа, пачхьалкхан коьрта Закона т1ехь, массеран а цхьатерра бакъонаш йу, дерриге а къаьмнаш оьшуш а ду. Делахь, къаьсттина Дагестанехь бехаш болучу нохчашна дика девза и политика массо къаьмнашца цхьатерра лелош цахилар. 60 шо сов хан йу меттигера 1едало вайна ц1адерза некъаш хедош долу. И г1уллакх иштта доллушехь, дисинчу халкъашца мерза уьйр латтош, дехаш ду вай. Амма, вайна а лаьара, лулахь дехачу къаьмнех болучу бахархойн, вайца а иштта марзо хуьлийла.
Иштта даздаран де билгалдаккхаран коьрта 1алашо х1ун йу? Махкара массо а къаьмнийн йукъаметтиг мерза, дахар маьрша хилийтар а, гергарло т1еч1аг1дар а, йовха уьйр кхиор а иштта д1а кхин ерш а йу. Массо а регионашкахь кху денна лерина мероприятеш д1ахьо. Цуьнан гурашкахь хуьлу кхеташонаш, гуламаш, берийн ловзарш, концерташ, фестивалаш, конкурсаш. Цигахь, дукха хьолахь, коьрта декъана, дуьйцуш хуьлу къаьмнийн оьздалла, 1адаташ, ламасташ, истори, фольклор, х1унда аьлча, лелош дерг дерриге т1екхуьу чкъор кхетош-кхиорехь белхаш дар ду. Ткъа уьш муьлхха а къоман кхане йу. Къаьсттина Къилбседа Кавказехь кегийрхошна хьоьхург, дукха хьолахь, маьждигашкахь а, спортехула а хуьлу. Кхуззахь хьахо лаьа. Цхьа халахетар ду вайн. Тахана къоначарех дукхах берш шера ненан мотт бийца хууш ца хуьлу. Кхин ца хиллала йоккха ледарло йу иза. Дукха хьолахь, церан дай-нанойн бехк бу. Хунда аьлча, доьзалехь берашка и бийцийта беза. 
Билгалдаккха дог1у, т1аьахьарчу шерашкахь Дуьненахь даьржина коронавирус ун бахьна долуш, кхоччуш барамехь нах вовшахбетта таронаш йац. Адамийн могашалла лекхара йу муьлхха а даздарийн денойла а. Делахь, воккха-жима бен а доцуш хууш хила веза, йовха уьйраш, машаре дахар, беркате йукъаметтиг кхио езаш хилар. Нагахь санна, и г1уллакх иштта некъаца д1а ца кхехьахь, шен хеннахь ойла а йина, вайн т1аьхье галаерг хиларан цхьа а шеко йац. Иза иштта хилахь, йохарна кхерам бу ерриге а пачхьалкх а. Цундела, къаьмнийн цхьабарт хилийтар а, оцу некъа т1ехь хьанала къахьегар а, коьрта 1алашо массо а вахархочунна хила еза. Вайх муьлхха а схьалаьцчи, халкъийн йукъаметтигаш тойарехь а, ч1аг1йарехь а къахьоьгуш хила везаш ву. Россин ерриге маь1-маь11ехь санна, Хасавйурт г1алахь а, Хасавйуртан к1оштахь а, иштта вайнах бехачу йисинчу меттигашкахь а д1ахьо кху денна лерина мероприйатеш. Дакъалоцуш хуьлу меттигера массо а къаьмнийн векалш. Соьга хаьттича, вайна лулахь дехаш дуккха халкъаш хилар боккха бахам бу. Х1унда аьлча, вайх х1оранна а таро йу вайн а, дисинчу каьмнийн а истори, оьздалла йовза, мотт 1амо а, кхио а. Халахеташ делахь а, цхьацца осала нахах долуш зенаш а нисло. Иза а д1адалахьара, вуно дика хир дара вайн йукъара хьал, кхин а мерза хир дара гергарло. Иза, соьга хаьттича, массеран а цхьатерра декхар ду, ткъа йукъаралла бертахь бен хуьлийла дац. Ца хилахь-м мостаг1 ведда чекх валалур ву вайна т1оьхула. И хилийта йиш йац. Х1инццалца схьа, х1ара даздаран де, дукха хьолахь, тайп-тайпана гайтамашца а, беркате цхьаьнакхерашца, гул бел-беллачохь хелхарш деш, самукъа доккхуш д1ахьора. Хуьлура бина кечамаш: х1ора къоман векалша шайн даарш а, оьздалла а, духарш а гойтура. Х1иттийна истолаш хуьлура. Массеран кечбина кхача кхалла аьтту а хуьлура. Къаьмнаш бертахь а, вовшашца лараме а долуш хиларо гойту, дукха хьолахь, къоман политика нийса некъахь болх беш хилар. Ткъа иштта йукъаметтигаш тойарна а, ч1аг1йарна а т1ехьажийна йу федеральни а, региональни а программаш. Уьш кхочуш хиларе терра, къаьмнийн уьйраш дика хуьлу. 
Дагадаийта лаьа, «Цхьааллин де» даздаран хьолехь билгалдаккхар, Москва-г1ала Минина а, Пожарскис а куьйгалла дечу халкъийн г1аттамехь вуьрх1ийтталг1а б1ешерийн хьалхарчу муьрехь вайн пачхьалкх мостаг1ех ц1ан йаран бахьана долуш хилар. И де, Россин дезачу денойх цхьаъ ду аьлла ч1аг1дина 2005-чу шарахь дуьйна. Кхечу даздаран деношца дуьстича, х1ара къона ду. Амма, иштта дара аьлла доцуш, массара а дезаш т1елаьцна, доггаха даздеш ду иза. Лаьара, массо а къаьмнаш ирсе, цхьаьана бертахь дехийла. 

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля