Берийн денна коьрта Iалашо – церан бакъонаш ларъйар

 

Стеган дахарехь уггаре а сингаттам боцуш, ирсе хан йу бералла. Дуккха а хан йаьлча а, вай кест-кеста дагалоьцу и зама, цуьнга сатуьйсуш. Вай хаддаза ойланашкахь бералле йухадоьрзу, вайн хилла дика хенаш а, г1айг1а йоцуш лелар а дагалоьцуш. Ткъа цхьа лазам а хилла, бlаьрхиш деача, ненах, йа дененах хьаьрчича, берриге а баланаш д1аболура.
Иштта дагалецамаш хир боцуш дуккха а бераш ду тахана вайн дуьненчохь. Тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь бераш бакхий баланаш хьоьгуш бу. Цигахь бераш хаддаза мацалла а, тайп-тайпана леш долу цамгарш а йолуш, йоза-дешар ца хууш, кхерамехь дехаш ду. Молханаш а, лоьраш а цахиларна леш ду цхьайолу мехкашкахь бераш. Хийла бераш духкуш, цаьрга хала болх бойтуш, бакъонаш хаддаза талхош, царна т1ехь тайп-тайпана ницкъаш латтабеш ду. Д1атесна бераш а ду дуьненахь, берийн ц1енош т1ех дуьзна ду. Цхьаболчу берашна ца хаьа, муха ду нийсачу, буьззинчу доьзалехь дехаш хилар.
Иштта х1уманаш бахьана долуш, дерриг дуьненан берийн кхолламах сагатдеш деш болчу наха цхьана дийнахь гулбелла, шарахь цхьа де мукъане а берашна д1адала сацам бира, массанхьа а берашна безам а, ларар а, тидам а, г1айг1а а оьшуш хилар дагадоуьйтуш. Иштта кхоллайелира Дуьненайукъара берийн де даздан ойла.
Иза уггаре а ширачу дуьненайукъарчу дезчу денойх цхьаъ ду. Берийн 1алашдаран хаттарш дуьххьара дийцаре дира 1925-чу шерахь асаран беттан 1-чу дийнахь Женевехь хиллачу Дуьненайукъарчу конференцехь.
Цул т1аьхьа даьхкинчу т1еман шераша новкъарло йира и терахь лардан. Амма Шолг1а Дуьненан т1ом чекхбаьлча, берийн могашаллин а, дикачу дахаран а хаттарш цкъа а ца хиллачу кепара хьалха лаьтташ долчу хенахь, 1949-чу шарахь Парижехь зударийн конгресс д1айаьхьира, цигахь бераш а, церан баланаш а дуккха а социальн хаттаршна йукъабахийтира. Оццу шарахь Москвахь хиллачу кхеташонехь, шолг1ачу съездан сацамашца нийса а дог1уш, и дезде билгалдаьккхира.
Цул т1аьхьа цхьа шо даьлча, 1950-чу шарахь дуьххьара Дуьненайукъара берийн де билгалдаьккхира асаран беттан 1-чу дийнахь. Х1етахь дуьйна и дезде х1ора шарахь даздеш ду дуьненан 30 сов пачхьалкхехь.
И самукъане дезде деккъа цхьа самукъадаккхархьама дина дац. Цуьнан коьрта 1алашо йу, хьалха ма-аллара, йукъараллина дагадоуьйтуш, беран бакъонаш ларъйан йезаш хилар, берийн дахаран бакъонаш ларьйан йезаш хилар; церан маршо, дешар, сада1ар дег1ан а, син1аткъаман а ницкъбарх лардар.
Дуьненайукъарчу берийн денна шен байракх йу: баьццарчу фон т1ехь кхиаран, барт хиларан, беркат хиларан билгало йолуш, Лаьтто (вайн йукъарчу ц1ийнан билгало) го бина адамийн суьрташ ду, церан тайп-тайпаналла гойтуш.
Дукха пачхьалкхашкахь цу дийнахь д1ахьо дуккха а йукъараллин а, сада1аран а, культурин а барамаш. Берийн ц1еношка а, приюташка а, школашка а, берийн бошмашка а боьлху г1о дан йиш йолчу йукъараллин организацийн векалш. Берашна совг1аташ до цара, музейшка, берийн театрашка, цирке, зоопарке тайп-тайпана экскурсеш йеш. Ишттачу цхьаьнакхетарша берашна оцу дийнахь йовхо ло, шаьш оьшуш дуй, дезаш дуй хоуьйту.
2012-чу шарахь дуьйна Дуьненайукъарчу берийн дийнахь Санкт-Петербургехь, 1едало г1о а деш, д1ахьо «К1айн зезаг» ц1е йолу акци. Цунна 1алашо йу хала цомгуш долчу берашна ахча гулдар а, йукъараллин тидам берийн онкологин т1еберзор а.
1959 шарахь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино т1еийцира берийн бакъонаш ларъйаран деклараци, цу йукъахь бара дай-наношка а, пачхьалкхан органашка а, меттигерчу 1едалшка а, 1едалан йоцу организацешка а кхайкхамаш – деклараци тlехь билгалъйаьхна берийн бакъонаш а, маршонаш а къобалъйар а, ларъйар а кхайкхош.
Дуьххьарлера бух болуш дуьненайукъара юридически документ — дуьненайукъара берийн бакъонаш ларъйеш — хилира Берийн бакъонаш ларъйаран конвенци. Иза т1еийцира Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино 1989 шеран лахьанан беттан 20-чохь, куьг та1ийра 61 пачхьалкхо.
Дуьненайукъара берийн де доцург, берашна лерина ду Дуьненайукъара берийн де (лахьанан беттан 20-чохь), Африкерчу берийн де (асаран беттан 16-чохь).

БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля