Таханлерчу дийнахь шорта бес-бесара а, хаза а духарш а, тайп-тайпана йуург а, инзаре дукха кхачанан туьканаш а, супермаркеташ а йу. Цигахь мел йезарг а, оьшург а эца йиш йу, нагахь санна шортта ахча делахь. Амма хьалха санна, таханлера сурсаташ ч1ог1а зене йу, бохуш, дуьйцу, химин т1етохаршца йина.
Ткъа муха дара х1етахь, Советан пачхьалкхехь? Туьканашкахь коьрта сурсаташ дара: бепиг а, х1оаш а, хасстоьмаш а, ч1ара а, колбаса а, дуккха кх.а.
Суна дагадог1у, жима йолуш, нанас йа бабас со кест-кеста туькана йохуьтура бепиг а, шура а, кефир а йан. Массо а оцу хенахьлера бераш санна, ч1ог1а сатуьйсура ас кисанахь моссуьйта кепек йисарна, сайна ирисаш йа шоколадни кампеташ эца аьтто хиларе…
Ма чам болуш хуьлура и туькнара ц1а йог1уш, церг тосуш долу бепиг (массо а оцу хенахьлера бераша лелош хилла моьтту суна и тайпа х1ума)! Ткъа кампеташ… Кхин кепара хаза чам бара церан, таханлерчаьрца буста йиш йоцуш.
Масала, «Каракум» ц1е йолу хаза шоколадни кампеташ х1етахь инзаре йеза йара, амма даго ч1ог1а сатуьйсура цаьрга. Айса гулйина шай-кай д1а а лой, «шоколадкаш» оьцура аса, т1аккха, сайн вешица йоькъий, йуура оха уьш.
Морожени дукхахйерг вафельни, йа кехатан кад чохь йара х1етахь. Стоьмаш дукха хилла дага ца дог1у суна, амма даима а картолаш, хьаьжк1аш, хасстоьмаш, баклажанаш а, кабачокаш а йара. Ткъа уьш цхьа а нитрат йоцуш кхиош йара советски аренан белхалоша.
Х1етахь массо а х1ума шортта дара, ур-атталла кхачанан маркаш а йара. Х1инцалерчу заманахь хьан дагна мел дезарг дерриге а ду туьканашкахь. Амма хьалха СССР-хь ГОСТ йара, продукци чам болуш йора, дикалла ларйора.
Ткъа вай тахана х1ун йууш йу? Производителаша йеккъа цхьа «химин» т1ехь йеш йолу сурсаташ йохкарца пайда бо, шайн йукъахь ароматизаторш а йолуш. Ткъа адамаш могуш-маьрша хир дуй-те и д1овш дууш лелча…
Ткъа кест-кеста коьрте хаттар хьовзу: вайн х1етахьлера дахар дика дара йа х1инцалерниг дика ду? Суна-м сайна шера жоп ца карадо оцу хаттарна. Амма цхьаъ-м дика хаьа суна: адам х1инца санна цомгуш дацара оцу хенахь, больницашкахула лелаш дацара. Ткъа советийн 1едалехь долу хьал а, х1инцалерчу заманан хьал а дуьстича, шеко йоцуш, оцу замане йерза луур дара суна, хетареь, х1унда аьлча, пачхьалкхана х1инца бен йац хьан могушалла… Цул сов, леррина деш х1уманаш хила а тарло, адамаш дукха ца дахийта а, уьш ирсе ца хилийта а…
Шуна х1ун олий хета, хьоме газетадешархой?
БИБУЛАТОВА Iайнаъ