Iилмано цкъа а цхьаннена а зе ца дина…

 

Кху заманан йукъараллехь сингаттам кхуллуш тенденци йу — наха хьалха хиллачул дуккха а к1езиг йоьшу книшкаш. Вайн кегийрхоша йерриге хан йоккху компьютершкахь а, телефонашкахь а. Церан куьйгаш цаьрца д1алаьцна ду.
Х1инцалера технологеш а, интернет кхиар а, кхеташ ма-хиллара, сацо йиш йац. Х1етте а…

Ас сайна а кест-кеста пайдаоьцу интернет чуьра. Амма кхузахь мехала дуй хаа, ахь интернетах пайдаоьцу дешаран т1ехь, балха т1ехь, йа йеккъа хан йаккхархьама лаьтта хьо цу чохь… Т1аьххьарниг, халахеташ делахь а, дукха нисло.
Коьртачу бахьанех цхьаъ ду мехаллаш а, дахаран кеп а хийцайалар. Таханлерчу дуьненахь адамаша сиха информаци кхачорна а т1е тидам бохуьйту. Книгаш йеша хан а, ницкъ а оьшу, ткъа интернето сихонца информаци а, самукъадаккхар а ло. Кхечу хьостанашкара хаамаш сиха а, атта а хиларо, дукха хьолахь, адамийн тидам д1абоккху книшкаш йешарх.
Кхин цхьа бахьана ду информаци т1ехсов д1асайаржар. Вай хаддаза тайп-тайпанчу информацина чудоьжна долу дела, хала хуьлу вайна книшкаш йеша. Иштта, йешар лахдарехь дакъа лоцу самукъадаккхаран технологийн 1аткъамо. Социалан машанашкахь тайп-тайпана чулацаман форматаш йу. Хаддаза оцу самукъадаккхаран кепашна т1екхача аьтто хиларо а лахйо дог-ойла а, книшкаш йеша луш йолу хан а.
Уьш ца йешаро, вайна гуш ма-дарра, шен вон т1аьхьалонаш йуьту, ткъа йешаро г1о до хьекъал а, критически ойла а, синкхетам а шорбан а. Аналитикин а, меттан говзалла а кхиайо цо. Дог-ойланан хьоста а, ницкъ а, хьекъал а ло; иэс тодо, тидам т1ебохуьйту. Йешар — кхечу культурашка, заманашка, хьежамашка кор хила тарло, вай дехачу дуьненан тайп-тайпаналлех дика кхета а, мах хадо а г1о деш долу.
Цундела мехала ду книгаш йешар йухадерзор а, и кегийрхошна йукъахь даржор а.
Цхьа масал дало лаьа суна. Асам—м и хьалха йаздина хила а тарло. Дукха хан йоццуш Махачкалара ц1а йог1уш йара со. Микроавтобусана чу йаьлча, со дуьхьал нисъелира, телефонаш чохь лаьтташ 1ачу нахаца цхьаьна, 11 шо гергга хан йолу йоӀ. Книшка йоьшуш йара иза, Булгаковс йазйина йолу!
И сурт ч1ог1а дагах кхеттера суна — цуьнца къамел д1адоло дагахь йар со, амма т1аккха и ойла хийцира ас, цуьнан синпарг1ато ца йохо. И роман йешарна т1ейирзина йара иза, шена уллехь хиъна 1ачу нахаца бала а боцуш.
Ч1ог1а хаза хийтира суна гаджеташца бала боцу кхиазхо гича.
Вайн иколашкахь а, вузашкахь а йешаран мах лакхабаккха беза, олий, хета суна — г1о дан деза дешархошна тайп-тайпана исбаьхьаллин произведенеш йеша аьттонаш беш.
йешар — тешаме хаарийн хьоста ду. Дай-наноша а доккха дакъа лаца деза шайн берашна книшкаш йешар совдаккхарехь а, уьш лело аьтто барца а. Йешийта берашка книшкаш! Тайп-тайпанчу теманех лаьцна кест-кеста къамелаш де.
И вайн дахарехь мехала а, д1акъаста йиш йоцу а г1уллакх ду. Цо вайн хаарш хьалдаьккхина ца 1аш, вайн амал кхиийна ца 1аш, тайп-тайпана синхаамаш зедан аьтто бо. Йешаре безам йуха а кхиош, цуьнга йухадерзар — мехала г1улч йу. 1илмано цкъа а цхьаннена а зе ца дина.
БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля