Дикачу сацамашка сатуьйсу…

Хьалха заманахь дуьйна вайн халкъ дехаш ду кхечу вежараллин къаьмнашца цхьаьна. 1944-чу шеран чиллан баттахь дерриг а къомана дуьхьал сийдоцу акци йира. Амма, массо а халонаш т1ех1иттинехь а, вайн аьтто белира вайн халкъан т1е мел кхаьчна халонаш лан а, дай баьхначу махке болу безам, къинхьегам, баккхийчаьрга лерам, кхийолу къоман мехаллаш т1аьхьенашка д1акхачо а.
68 шо сов хан йу Дагестанера нохчий Дагестанан АССР-н д1айаьккхинчу Ауховски к1оштахь шайн х1усамашка йухаберзаре сатуьйсуш болу. «Репрессеш лайна къаьмнашна а, политикан репрессеш хиллачаьрна а реабилитаци йарх лаьцна» боху низам а, Дег1астанан АССР-н халкъан депутатийн III-чу съездан сацамаш а т1еэцна а дуккха хан йу, амма цу йукъахь вуно к1езиг дина.
Вайн халкъо тоьлла к1ентий, дай, вежарий фронте а бахийтина, Толаман ц1арна мало йоцуш къахьегна. Ткъа г1ийбат дина нохчий даймахках д1акъаьстича а, Казахстанан а, Г1ирг1изойн а шийлачу аренашкахь Толам баккхаран г1уллакхна шайн далуш долу г1о дина цара. Шина а республикехь ду вайн кешнаш. Ц1ерпошташ севцначу станцешкахь декъийн лаьмнаш а дисина.
Халахеташ делахь а, и дерриг а лайнарш к1езиг бисина. Историн нийсо толам баккха сихлуш йац, ткъа вай, Дагестанера нохчий, х1инца а некъахь, вайн х1усамашка доьлхуш ду… Вайх мила кхочур ву цига — хууш дац.
Бакъдерг къайладаккхар а, эхь доцуш г1ийбат дар а, нохчий латтанаш схьа ца далар — иза ду вайн хьаькамийн таханлерчу политикин бакъдерг.
Геноцид хиларан аг1о пачхьалкхо къобалйеш йу-те, аьлла, хетало. Иштта ца хилча, Дагестанерчу нохчашна ц1а боьду некъ т1ех беха нислур барий-те?
Амма вайн халкъ собарца дикачу сацамашка сатуьйсуш ду, тешна ду вайн республикин куьйгалхочо а, Дагестанан Правительствос а эххар а 1944-чу шеран 23-чу чиллан беттан дийнахь хиллачу дозанашкахь Ауховски район меттах1оттош, историн нийсонан массо а г1уллакхаш д1ахьур ду аьлла.
Дагестанан а, йерриг Россин а дуккха а къаьмнех долчу вежарийн халкъийн а беркат, ирс, машар хуьлийла! Цкъа а нохчийн халкъана т1ех1оьттина 1азап ма гойла цхьа а бусулба стагана!

ХУНКАРОВА Р.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля