1944-чу шеран чиллан беттан 23 де… 81 шо хан… Амма лазам х1инца а дийна бу… Чевнаш х1инца а то ца йелла… Дог х1инца а доьлхуш ду… Б1аьрхиш х1инца а охьаоьхуш ду баккхийчу нехан беснеш тlехула…
Т1ех дукха нах д1абахана шайн ирсе бералла д1айаьхьначу ц1а кхача а, нийсо меттах1отторе а сатуьйсуш…
Вай массо а адамаш ду, цхьана Сийлахь-Везачо кхоьллина, амма вайна йукъахь бу адамалла, оьздангалла, къинхетам дицбелла нах…
Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман фронташкахь майра летта нохчийн-г1алг1айн халкъан к1ентий, ницкъ ца кхоош, шайн синош д1а а луш… Къаьсттина къаьсташ бара Брестан г1ап ларъйарехь а, Сталинградан т1амехь а.
Ткъа цу хенахь НКВД-н спецназаша уггаре а доьналла долчу, майрачу, тешамечу нехан истори йохош йара… Бераш, зударий, г1ийла баккхий нах махках бохуш бара…
Хlаъ, баккхийчара дийцарехь, цхьана кепара г1о дан г1ерташ цхьаболу салтий хилар, амма уьш цхьа к1еззиг бен ца хилла…
Вайна массарна а девзаш ду Хайбахехь хилларг… Гвишианин омраца, адамех йуьззина йолчу божална ц1е йиллира… Шаьш дагош дуйла хиъча, нах маьхьарий детташ, орца кхайкха буьйлабелира. Арадовла г1ерташ долчу адамашна герзаш диттира салтиша… Декъех лам кхоллабелира. Дийна берш а, бийнарш а багийра. Цхьа а к1елхьара ца велира…
Гинчара дийцарехь, лаххара а 700 стаг вийра. Дукхахберш ц1е йоцуш бисира, муьлш бу ца хууш. Х1етахь паспорташ дацара. Гвишианин цул т1аьхьа пачхьалкхан совг1ат а делира…
И берриге а баланаш а, 1азап а лайначу тайп-тайпанчу нехан дийцаршка ладоьг1ча йа социалан машанашкахь гича а, дийшича а, дог доьлху. Жоьжахатин массо а гонашкахула чекхбевлла нах бен кхетар бац махкахваккхаран ирчачу маь1нех…
Вайна цкъа а дицлур дац Хайбахехь нах къиза х1аллакбар, берийн, зударийн, баккхийчу нехан дуккха а д1адоьхкина доцу дакъош, эскархоша лелийна къизаллаш, кешнийн х1олламаш х1аллакдар, кхин дуккха а…
Вайнахана г1ийбат дина, «халкъан мостаг1ий», ямартхой, аьлла, ц1е тиллина, царна, массо а советан халкъ санна, фашизмана дуьхьал къийсам латтош, шайн даймохк к1елхьарбаккхархьама дерриг а деш хиллехь а, тешнабехк бира…
Х1ун бехке хилла кегий бераш, зударий, мехкарий, цомгуш, г1ийла баккхий нах?! Цара шайн дахар д1адаьхьира, фронтера кхаъ кхачаре сатуьйсуш, сагатдеш, до1анаш деш шайн дайшна, вежаршна, дедайшна, доттаг1ашна, накъосташна, лулахошна…
Салташа, б1аьрг а ца тухуш, доьзалхочух йолу зуда, йа б1аьрзе воккха стаг, йа шен нене кхойкхуш, доьлхуш долу бер топ тухий, охьадуьхкура. Ткъа церан т1аьхьено дозалла дан йиш йуй шайн дедайша а, деден дайша а диначу зуламех?! Наной а, доьзал а бацара церан?!
Вай къинт1ера дала йиш йац царна, вайн халкъ х1аллакдарна. Гуттаренна а латтор ду иэсехь вайн дуьхьал динчу оцу зуламан уггаре а к1еззиг дерг а…
Сталин боху йилбаз г1иртира нохчийн-г1алг1айн халкъ х1аллакдина ца 1аш, балкарш а, калмыкаш а, грекаш а, кхин а дуккха а нах х1аллакбан…. Ткъа вай к1орггера йемалво иза турпалхо ву аьлла хестош берш. Цуьнан стаг аьлла ц1е кхолла йиш йац, х1унда аьлча, цо миллионаш адамашка 1азап а, баланаш а хьегийтина…. Ткъа тахана вайна йукъахь дуккха бу Сталин а, цуьнан низам а хестош берш…
Вай тешна йу, цхьана хенахь вайн латтанаш вайга йухадерзор ду, аьлла. Церан хьакъболу долахой вай ду, вайн х1усамашкахь бехачеран синкхетам сама дала деза, мацца а даьлла…
Вайн халкъ ч1ог1а собаре ду. Нийсо а тоьлла хир йу. Х1ора х1уманан шен хан йу…
БИБУЛАТОВА Iайнаъ