Оршот дийнахь Х1инж-г1алахь Меликов Сергейс д1айаьхьира инвестиционни проекташна инфроструктурни г1о дарах лаьцна кхеташо. Кхузахь дакъалоцуш бара регионера 1едалан лаккхара белхалой.
Т1аьхьарчу шерашкахь Республикехь кхочуш йан лерина йаккхий проекташ йу – Каспийски бердйистан кластер, энергин карлаболуш хьосташ, транспортно-логистически центр, иштта кхин д1а а.
«Кху шерашкахь Дагестанехь инвестицин г1уллакх дуккха а лакхадаьлла. Иза, дукха хьолахь, муниципалийн белхалоша дика къахьегар бахьна долуш ду. Цул совнаха, кху шарахь Дагестан йерриге Россехь 15 регионана йукъайахана, бюджетни ахча ма-дезза лелорехула.
Бакъду, цхьацца кхачамбацарш хуьлу. Иза, дукха хьолахь, инфраструктурица доьзна ду. Инвесторш дукха мел хуьлу, и халонаш дуккха гучуйовлу – токаца а, газаца а, хица а йоьзна. Иштта долу чолхе г1уллакх бахьна долуш, дукха болу инвесторш бухабовлу», -элира Меликовс.
Минэкономразвитин министра Султанов Гаджис довзийтира, йерриге республикехь кхочушйеш 32 йаккхий инвестиционни проекташ йу. Царах дукхах йерш энергетикин а, транспортни а, хи далоран а, хи д1адахаран а лерина йу.
Энергетикица йоьзна Новолакски к1оштехь йеш йолу ВЭС (мохаца ток йоккхуш) йу. Т1едог1учу шарахь кийча хилайезаш йу иза. Кхин а шиъ СЭС (малхаца ток йоккхуш) йу Ногайски а, Дербенстки а к1ошташкахь кху шарахь йан лерина.
Россин Экономразвитин Министерстве дахьийтина кехат ду, Дагестанан инвестиционни проекташна лерина инфраструктура кхочушйан вайна оьшуш долу г1о доьхуш. Йерриге церан йукъахь 13 проект йу. Цул совнаха, республикин бюджетехь кху шарахь оцу г1уллакхна лерина 20 миллион сом ахча а ду.
Кхеташонан жам1аш деш, Меликовс йуха а билгалдира, оцу г1уллакхехь болх жигара баккха безаш хилар.
Каспийски бердйистан кластерна г1о дарах лаьцна дийцира туризман Министр волчу Мерданов Эмина.
Цо дийцарехь, инфраструктурица долу г1уллакх тешам боллуш хиларна, и инвестпроект кхочушйан аьтто бу. Цигахь дан дезарг дуккха а ду. Транспортан хьокъехь 25 км гергга некъ бу бан безаш.
Мала а, иштта кхечу хьашташна лело а 15 эзар кубометр хи ду дезаш. Ткъа токаца долу хьал – 35,5 МВт нуьцкъалла йу йезаш. Цунна лерина 40 МВт йолуш трансформатор йилла лерина.
БАЙМУРАДОВ Мовсар