Республикера журналисташна совг1аташ дира

Хаамийн г1ирсийн белхахой Россин зорбанан денца декъалбира Правительствон Председатела Абдулмуслимов Абдулмуслима. И мероприятии д1айаьхьира Х1инж-г1аларчу Доттаг1аллийн ц1ийнахь.

Цхьанакхетар д1адоладалале, лакхарчу хьешана леррина гайтам бовзийтира. Кхузахь массеран а аьтто бара ненан меттанашкахь йазйина йолу кинишкаш а, газеташ а, журналаш а йовза а, йеша а. Абдулмуслимовс билгалдира, къаьмнийн газеташ дерриге а цхьанатухуш, бина белхаш дика жам1аш гойтуш бу аьлла. Цо довзийтира, республикин газеташ ша самукъа а долуш доьшуш ду аьлла.
Иштта кхузахь дийцаре дира, ненан меттанашкахь кинишкаш арахецарах лаьцна. «Таьхьарчу шерашкахь вайн махкахь арахецна б1е эзар сов 1аматаш. Царах цхьадолу дакъа, Россин керлачу регионашкарчу ишколашна делла, меттигерачу бахархошна Дагестан к1орггера йовзийта 1алашо йолуш», — билгалдира цо.
Шен къамелехь Премьера баркаллина дош элира гулбеллачарна.
«Даггара шуна баркалла ала лаьа суна. Аша регионера хьал ма-дарра довзуьйтуш ду. Йехха истори а, культура а, халкъийн ламасташ а – и дерриге довза йиш хир йу церан.
Бакъдолуш, тахана журналистийн болх халчу хьоле баьлла. Дуккха а халонаш йу корматаллехь. Амма, уггаре а коьртаниг, дагестанерачу хаамийн г1ирсийн белхахошна хаа дезарг – аша бечу балхе хьаьжжина кхоллало дагестанан а, дагестанхойн а сурт кхечу махкашкахь бехачу бахархойн. Цундела, вайн сий а айдеш, бакъдерг а дуьйцуш, белхаш бойла аша. Т1аккха, аша бечу белхан мах лаккхара хир бу», — элира цо.
Цул т1аьхьа, лаккхарчу т1ег1анехь белхаш биначу журналисташна совг1аташ дира Правительствон Предстедатела.

P.S. Декъалдаран шолг1ачу муьрехь, «Нийсо» газета а хастийра. Цуьнан гурашкахь, Госдумин депутатан Гасанов Джамалдинан ц1арах, вайн белхахочунна Зайнулабидов Халидна грамота а, мехала совг1ат а делира. Ткъа Дагестанан журналистийн союзан ц1арах баркаллина кехат делла Якиева Аминатина. Цул совнаха, Терахьин кхиаран Министерствос шегара баркаллина кехатца билгалйаьккхина редакцин корматаллин тоба.

Россин зорбанан денца доьзна, Дагестанан Госсекретара Магомедов Магомед-Султана журналисташ декъалбар

«Лараме редакцийн белхахой! Даггара шу декъал дан лаьа суна, дезчу денца. Шун корматалла уггаре оьшучарех а, самукъанечарех а цхьаъ йу. Керланаш а, шайн халкъийн культара а, истори а, 1адаташ а, дуьне ма-дду довзуьйту аша.
Иттанашкахь шерашкахь болх бинарш а, кеста шух кхеттарш а, шу дерриге а цхьатерра къахьоьгуш ду. Со тешна ву, кхин д1а а аша вайн мохк хазбеш бовзуьйтур бу аьлла.
Лаьа, шу дерриге а могуш аа долуш, шайн балха т1ехь бакхий кхиамаш а болуш, ирсе дехийла»!

БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля