Керла киншка зорбане йалар дика гӀуллакх а, хаза кхаъ а бу, ткъа къоман маттахь аьлла исбаьхьаллин дош дукхадезачарна гергахь-м муххалле а, литературин хьаьрмин боккха хилам бу иза.
Кху тӀаьхьарчу шерашкахь Нохчийн Республикин Йаздархойн союзо зорбане йохучу киншкийн барам алсамбаьлла. Тахана йеша киншка ца хилла буьсур бац нах, коьртаниг киншкаш йеша лаар а, йешар дезаш долу чкъор кхиар а ду.
ГӀуран беттан хьалхара денош беркате деана Ишхой-Юьртарчу Янсуков Казбекана. Соьлжа-ГӀаларчу «Грозненский рабочий» типографехь зорбане йаьлла Казбекан «Дахаран жамӀаш» поэзин гулар.
Киншка йовзийтаран суьйре А.Айдамировн цӀарахчу къоман республикин библиотекехь дӀайаьхьира. Библиотекехь цхьаьнакхеттера бевзаш болу йаздархой, вайн республикин кхоллараллин интеллигенцин векалш, журналисташ, Янсуков Казбекан накъостий, гергара нах.
Суьйре дӀахьош вара литературин криктик, Нохчийн Республикин Йаздархойн союзан коьрта редактор Бурчаев Хьалим.
Хьалхара дош киншкин редакторна, йаздархочунна, киншкин дешхьалхе йазйинчу Юсупов Ӏусманна делира. Автора шен кхоллараллехь Даймохк, да-нана, оьздангалла, къоман гӀиллакхаш шена дукхадезаш хилар гайтина элира цо. Бакъдолуш, Казбек нахана уггар хьалха бусалба дог-ойла йолу а, оьзда стаг а санна вевзина. Ша дуьнене Ӏеха ца войтуш, собаран урх сецош ваьхначу цуьнан йозанехь йешархочунна карор ду Далла гергахь нийса дерш а, ткъа иштта, гӀан, чан, бӀарлагӀа бен йоцуш дӀадевр долу, дош доцурш а. Вала везаш волчо кечдан дезарш тӀорказаш цахиларх а, Ӏамалех дуьззина тептар бен оьшуш цахиларх лаьцна дуьйцуш йу цуьнан цхьайолу байташ. Шен хеннахь цунах кхеттачу Казбекан тахана дуьззина ала дош хили. Россин Йаздархойн союзан декъашхочо, вевзаш волчу поэта Яралиев Юсупа Казбекан «Дахаран жамIаш» киншкех лаьцна шена хетарг элира. Казбекан поэзин башхаллах лаьцна дийцира Айдамирова Машара. Цо шен къамелехь билгалдаьккхира Казбекан поэзехь вайн дахарера бакъдерш философин хьежамца гайтина хилар. Казбекан гуларна йукъара шена дукхайезайелла «Дахаран некъаш» байт дӀайийшира Машара. Киншкин автор дукха хенахь дуьйна вевзаш волчу Амаев Юсупа а, Махаражева Седа-Хьаьжас а элира дош.
Казбеках а, цуьнан кхоллараллех а дош элира Дагестанан Республикехь нохчийн маттахь зорбане долучу «Нийсо-Дагестан» газетан коьртачу редактора, Дагестанан культурин хьакъволу белхахочо Якиев Ӏумара а, «Гумс» газетан коьртачу редактора, поэта Борхаджиев Хож-Баудис а элира дош. Суьйре Нохчийн Республикин халкъан артиста Ясаев Мохьмада иллешца а, Гуьмсан кӀоштарчу ГӀоьрдала йуьртан ишколерчу дешархоша байташца а хазйира. Леррина Дагестанера йеанчу нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо, Россин Федерацин Йаздархойн союзан декъашхочо Татаева Хьурмата ша йазйина акростих йийшира. Суьйренехь дакъалоцуш волчу Нохчийн Республикин Йаздархойн союзан председатела Ельсаев Ӏаламахьада баркалла элира суьйрене баьхкинчарна. Къоман литература кхиорехь къахьегарна Нохчийн Республикин Йаздархойн союзан цӀарах Баркаллин кехат делира цо Казбекана.
«ХӀара Казбек суна Машара вовзийтира. Кхунах дика накъост а хилла суна. Казбек шен говзаллица бухгалтер хиллехь а, амма исбаьхьаллин дош девзаш а, нийсонна бен тӀаьхьа хӀуттур воцуш а стаг ву», – элира Ӏаламахьада.
Шайн вешин кӀант Казбек лерина баьхкинчу нахана баркалла олуш вистхилира цунан деваша Янсуков Ахьмад. Иштта, шайн гӀуллакхаш дӀатеттина, хан йойъуш шен ларам беш баьхкинчу нахана а, шен киншка зорбане йоккхуш къахьегначарна а Казбека ша а элира баркаллин дош. Гулбеллачарна шен киншкаш йелира цо. Ламасте дирзина ма-хиллара, суьрташ дахарца дӀайерзийра суьйре.
Янсуков Казбек дуьненчу ваьлла 1951-чу шарахь ГӀиргӀизойн мехкан Ошскан областерчу Озгонски кӀоштан Торт-кул йуьртахь.Вайнахана цӀабахка бакъо йелча, 1957-чу шарахь, ЯнсуковгӀеран доьзал схьакхелхина Гуьмсан кӀоштарчу Ишхой-Эвла. Йуьртара ишкол чекхйаьккхина, Эна-Хишкахь йолу йуьртабахаман техникум, ткъа 1982-чу шарахь Къилбаседа ХIирийчоьнан Ламанан йуьртабахаман институт чекхйоккху цо. Коьртачу декъана бухгалтеран болх бина Казбека. Байташ йазйан волавелла 1990-чу шарахь. Царах цхьайерш журналан а, газетан а агӀонашкахь зорбане а йийлина. Ткъа «Дахаран жамӀ» байтийн гулар цуьнан дуьххьарлера киншка йу.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Суьрташ тӀехь: «Дахаран жамӀаш» киншка йовзийтаран суьйре