Зама ма тамашийна х1ума йу… П1елгашна йуккъехула д1асалела г1ум санна, д1айоьду иза… Вай хенах пайдаэца 1еминчух тера дац, эрна йойъу вай и, цуьнан маь1на а, мехалла а диц а деш. Эрна йаьккхина хан йухайерзо йиш йоцийла хаьа вайна, амма, х1етте а, кхид1а а ца оьшучу г1уллакхашна йойъу иза…
Ахча дойучул а дуккха а алсам бу хан йойъуш берш. Массеран а мукъа ахча дац хир ду, амма, массеран а бохург санна, мукъа хан йу. Ткъа оцу ахчанал а йоккха мехалла йу зама.
Дагадог1у суна, бераллехь и хан вуно меллаша д1айоьдуш хетара. Мел кест-кеста ойланаш йора: сиха даккхий а хилла, школа чекх а йаьккхина, маьрша д1адаха йиш хир йу, бохуш. Суна хетарехь, массо а берийн лаам бара иза. Ткъа х1инца ч1ог1а лаьа цу г1айг1а йоцчу замане йухайерза. Бераллехь хьайна гонаха мел волчух теша хьо, цхьана а х1уманах дог ца лозу… Ткъа кхузаманан дуьне цхьа шатайпа ду — 1алам телхаш ду, адам цхьа тамашена хилла — даьсса б1аьргаш ду гонаха…
Нехан ахчанан-бохчанан хьал кхуьуш ду, амма цара уьш ирсе ца бо… Технологи талуш йу, 1илма кхуьуш ду, амма цхьацца бахьанашца адамийн дахар самукъане йоцчу аг1ор дерзадо. Х1унда хуьлуш ду и х1ума?
Х1инцалерчу вайн дахарна бакхий хийцамаш оьшу. Цара бен дикачу аг1ор хуьйцур дац дуьне, оцу г1уллакхо бен адамаллина дийна диса аьтто лур бац таханлерчу дийнахь. Мехаллаш хила йеза вайн. Шеко йоццуш, ахчано алссам г1уллакх нисдо вай, амма иза синан а, оьздангаллин а мехаллашна дуккха а гена лаьтта.
Дахар х1умма а ца хеташ, гонахарчу дуьненан хазалла тергал а ца йеш, дайшкара схьаэцначу 1илманан сий ца деш, вайгахь долчун мах ца хадош вахар — иза дуьззина дахар дац. Дахар ду ийман а, вовший ларар-дезар а, барт а болчохь. Царна т1е а тевжаш, карор бу вайна — адамашна, бакъболу некъ.
Нисдала шортта зама йу моьттуш деха вай, амма цуьнан чаккхенехь вайна 1ожалла хир йуйла дицдо вай…
Мухьаммад-Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Дуьненан чаккхе йог1ур йц, хан сих ца йелча. Иза сихлур йу, цхьа шо бутт санна сиха хир ду, цхьа бутт к1ира санна сиха хир бу, цхьа к1ира де санна сиха хир ду, цхьа де цхьа сахьт санна хир ду, ткъа цхьа сахьт минот санна сиха д1адоьду».
Вайн дахаран хан к1еззиг йу, цундела х1ора минотана мах хадо беза стага. Кест-кеста хеза баккхийчу нахера латкъамаш, дукха хан йоццуш хаза, къона, ницкъах дуьзна дара шаьш, бохуш, амма дахар минот йалале чекхдолу, шаьш сиха къанделла, г1ийла хилла бохуш.
Таханлерчу дийнан х1ора м1аьрго д1айаханчух хуьлу, эца а, йухаерзо а, йахйан а йиш йоцуш.
Адамашка вистхуьлуш, Аллах1а боху: «Х1ай Адаман к1ант, 1ожалла йиц ма йелахь, 1ожалло хьо вицвийр вац».
Цундела, Дала вайна йелла хан йоца йуй хууш, 1амалш йеш, вайн х1ора м1аьргонан мах хадош даха деза вай…
БИБУЛАТОВА Iайнаъ