Хир йолу Меликовн «Прямой линих» шен хетарг элира «Нийсо-Дагестан» газетан коьрта куьйгалхочо Якиев 1умара
Вайн республикан бахархошца Меликов Сергейн хьалхалера и тайпа «цхьаьнакхетарш» дагайог1у суна. Цо боккха тидам т1ебохуьйту х1ора эфирехь луш долчу хаттарна. Т1аьхьарра «Прямой лини» чиллан баттахь д1айаьхьира, дуккха а нехан сатийсамаш а кхочушбира вайн регионан куьйгалхочо цу муьрехь.
Оцу хенахь 4,5 эзар гергга хаттар делира Меликовга. Дуккхах йолу а к1оштийн кхачамбацарш дийцаре а дира, эзарнаш нехан аьтто а хилира шен угаре сатуьйсу г1уллакхаш тодан. Цу йукъахь дара Украинехь д1ахьуш йолу леррина операцин а, медицински а, социалан а и кх. д1. а г1уллакхаш.
Со тешна ву, х1инца д1ахьур йолу «Прямой лини» а, хьалха санна, бахархойн сатийсамашна а, церан хьашташ кхочушдарна а лерина хиларх.