Барт хиларехь — вайн коьрта ницкъ

Х1ора шарахь лахьанан беттан 4-чу дийнахь даздеш ду Къоман цхьааллин де. Вайн пачхьалкхехь иза уггаре а дезчу денойх цхьаъ ду — халкъаш цхьаьнатохар а, церан декъашхойн цхьалла а мехала хилар гойту цо.

1612-чу шарахь Польша оккупацех мукъайаккхира Минин а, Пожарский а коьртехь а болуш. Россин аьтто белира цхьаьнакхета а, шеен мохк мостаг1чун т1елатарх ларбан а. Иза вайн исторехь къоман бартан а, турпалаллин а масал хилла д1ах1оьттина.
Дика а, ч1ог1а оьшуш а дезде ду, аьлла хета суна Къоман цхьааллин де. Массо а хенахь вайн хьалха х1уьтту баккхий баланаш, кхерамаш. Царна дуьхьало йан вайн халкъан барт а, лаам а, ницкъ а оьшу ерриге дуьхьалонаш а, халонаш а эшо.
Муьлххачу а минотехь шен Даймахкана г1ортор йан кийча хила а, иза ларбан а х1ора вахархочун декхар ду. Барт хиларехь бу вайн коьрта ницкъ. Иза вайн халкъо гайтина Сийлахь-боккха Даймехкан т1ом д1абоьдуш. Вайн пачхьалкхан массо а мостаг1ашна хаа деза, халачу миноташкахь вай цхьаьнакхетар дуй а, цхьана а х1умано вай дохо йиш йоцийла а.
Х1ора стагана шен махкахь хилларг хаа деза, х1унда аьлча, д1адахнарг ца девзича, хиндолчун ойла йан йиш йац. Ткъа х1окху дезчу дийно г1о до вайна, д1айаханчу заманан ойла йина ца 1аш, х1инцалерачу хиламийн а, вайн мехкан кханенан а ойла йан. Къоман барт хиларан коьртачу аг1онех цхьаъ йу х1ора стеган маршо ларар, муьлххачу къомах а, динах а, йукъараллин хьолах а хьаьжна доцуш.
Барт болуш, вайн къоман йукъаралла ч1аг1ъйар — вайх х1ораннах а дозуш ду.
Массо а халкъийн ламасташ а, г1иллакхаш а лардарца, лаьтта т1ехь машар а, вовшех кхетар а латто йиш йу вайн. Ша лелочун ойла йан еза х1ора стага. Вовшашца лерам барца кхуллу х1инца вай деха юкъаралла.
Карарчу хенахь дуккха а некъаш ду дика йукъараллин хьал кхолла. Х1ора стаг шен лаамехь болх бан а, адамашна юкъара йукъаметтигаш ларош йолчу барамашкахь дакъалаца а йиш йолуш ву.
Хаза а, йоккха а пачхьалкхехь дехаш ду вай, шен чохь 1аламат дукха адамаш долуш. Россин Федерацин территори т1ехь 200 гергга къам ду. Уьш массо а тайп-тайпана а, культурица а, г1иллакхашца а вовшех къаьсташ делахь а, вай цхьаъ ду, аьлла хета суна.
Х1ора стаго кхин къаьмнаш ларош хилча, вай машаре а, бертахь а дехаш хир ду, вайн халкъийн цхьаалла а ч1аг1лур йу.
Вай цхьаьнатоьхна йукъара историно. Х1ора стаг лулахо а, уггаре а дика доттаг1 а санна т1еэцар – иза дуьненахь мел долчу халкъийн доккха совг1ат ду.
Цхьаьна хилча бен вай барт болуш хир дац. Цундела вай лардийр ду вайн къаьмнашна юкъахь кхиъна доттаг1алла! Дала декъалдойла Къоман цхьааллин денца!
БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля