Мехала цхьаьнакхетар

Оршот дийнахь йерриге а республикехь д1айаьхьира тотальни диктант. Иза лерина йара Къаьмнийн цхьааллин денна. Меттигашкахь дехачу халкъашка хьаьжжина, церан ненан маттахь йазйира иза.

 

К1ира хьалха дуьйна, Дешаран а, наукин а Министерствон интернет г1ирсашкахула бина кхайкхам бара, кху беттан ткъе цхьолаг1ачохь Дагестанехь дехачу къаьмнийн ненан матташкахь диктант хир йу аьлла. Цигахь дакъалаца йиш йолуш вара муьлхха а вахархо. Кечйина майданашкахь, ткъа уьш, дукха хьолахь, ишколашкахь йара, бина кечамаш бара оцу мехала мероприятин а . Цхьамогг1а хьехархоша дуккха белхаш а бира, и г1уллакх лаккхарчу т1ег1анехь д1адахьа.
Хасавюртовски к1оштарчу Нурадилово йуьртара А. Адилсолтановн ц1арахчу «Оьздаллин а, машаран а Гимназехь» а хилира иштта диктант. Ала дог1у, дешаран туьшехь дикка къахьегнера оцу балха т1ехь – ишколана чу воллушехь д1ах1оттийна гайтаман у (стенд), хьеший т1елоцуш къоман духарш а дуьйхина дешархой, нохчийн г1арабевллачу йаздархойн жайнийн гулам иштта кхин д1а а.
Нохчийн меттан хаарш дуста кхуза баьхкинера администрацин а, Оьздаллин Ц1ийнан а, библиотекин а, участкови больницин а белхалой а, иштта, меттигера бахархой а. Бакъдолуш, хьехархой а бара. Верриге ткъе итт ца кхоччуш декъашхо вара дакъалоцуш. «Точка роста» аьлла кечйиначу класса чохь д1айаьхьира диктант.
Дуьххьара, гулбеллачаьрна йерриге текст д1айийшира диктант д1ахьош йолучу Адилсултанова Сапетас. Цул т1аьхьа, дешархошна санна цхьацца предложени а йоьшуш, т1аьхьа висиначуьнга собар а деш, йерриге диктант д1айазйайтира хьехархочо. Цул т1аьхьа х1оранна а аьтто хилира ша шен болх талла а.
Гимназин куьйгаллас а, нохчийн меттан хьехархоша а, шаьш биначу талламашца иштта жам1 дира – дукхахболчара лаккхара баллаш йаьхна. Ткъа массеран а уьш цхьатерра хуьлийла а дацара. Х1унда аьлча, дуьненан рицкъанашка хьаьжжина, х1оранна а белхан меттигаш тайп-тайпана нисйелла. Ткъа, х1ора денна бохург санна, кхечу аг1ора къахьоьгуш, белхаш д1ахьош волучунна хала ду меттан грамматика гуттар а дагахь кхаба. Бакъду, милла а, миччанхьа а хиларх а, шен ненан мотт беза а, бовза а беза. Иза дара кхуза баьхкинчара гайтинарг а.
Мероприяти д1айерзош массеран а аьтто хилира вовшашца иэсана сурт даккха.
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля