Мотт — культурин куьзга

 

Дагестан – шира а, шен орамаш а йолуш мохк бу, шен лаьтта т1ехь дехаш дуккха а къаьмнаш долуш. Кхузахь йу дуккха а регионаш, шайн къоман ламасташца а, меттанийн тайп-тайпаналлица а дозалла деш йолу.
2016-чу шарахь дуьйна х1ора шарахь эсаран 21-г1а де Дагестанан культурин а, меттанийн а де, аьлла, билгалдоккхуш ду. Халкъийн къоман башхалла ларъйархьама а, кегийрхошка историн т1аьхье д1акхачорхьама а кхоьллина и дезде.

 

Ламасташ, г1иллакхаш, меттанаш дезаш а, лардеш а ду вай т1ейог1учу т1аьхьенашна. Оцу мехалачу г1уллакхана юкъаозош йу республикин культуран учрежденеш, халкъан искусство кхиорехь а, халкъан барта кхолларалла ларъйарехь а, исбаьхьаллин искусство кхочушъйарехь а, т1екхуьучу чкъурана иза йовзуьйтуш, инзаре боккха болх д1ахьош йолу.
Дуккха а къаьмнаш деха вайн регионехь. Уьш а, церан культураш а тайп-тайпана хиларо новкъарло ца йо вайн къаьмнашна машаре, бертахь даха. Вовшашца болу лерам, дикачу лулахойн юкъаметтигаш, хьошалла даран ламасташ баккхийчаьргара кегийчаьрга д1акхаьчна республикехь. Дагестанехь дехачу къаьмнаша къамелехь а, йозанехь а лелабо 10 сов литературни мотт. Цара гойту къаьмнийн оьздангаллин мехалла.
Дег1астанан къаьмнаша вовшашца уьйр латтош оьрсийн мотт лелабо, амма шайн къомах долчу адамашца шайн ненан мотт буьйцу.
Дезачу дийно дагадоуьйту къаьмнийн башхаллаш, къоман г1иллакхаш, ламасташ лардар, мехала г1уллакхаш т1аьхьенера т1аьхьене д1акхачор.
Дагестанан Республикин къаьмнийн министерствон г1оьнца, 2018-чу шарахь дуьйна д1айоьдуш йу «Дагестанан къаьмнийн меттанашкахь тотальни диктант» ц1е йолу мероприяти. Цуо вовшахтуху ненан меттанаш безархой — Дагестанан пачхьалкхан хьехархойн университетан а, муниципалитетийн а майданашкара белхахой.
Дег1астанан къаьмнийн меттанашкахь диктант йазъеш болчу нехан терахь х1ора шарахь алсамдолуш ду, цо гойту дагестанхойн ненан меттанаш 1амор г1уллакх алсамдалар.
Эсаран 21-чу дезчу дийнан сий деш, д1ахьо исбаьхьаллин гайтамаш, халкъан духарийн фестивалаш, декоративни а, прикладни а искусство кхиоран хьокъехь мастер-классаш. Дагестанан культурин а, меттанийн а де даздеш, хелхаран а, эшарийн а къийсадаларш д1адахьа а, г1арабевллачу йаздархошца, художникашца, скульпторшца цхьаьнакхетарш д1адахьа а меттигаш вовшахтуху.
Кегийрхоша юкъарчу хьесапехь культурин процессехь дакъалоцу, болх а бо. Ламастан культурина т1етовжаро шен орамаш довзар, шен ницкъех тешар, юкъараллин барт а, вовшех кхетар а хьал тодан а г1о до. Ткъа мотт, культурин куьзга хиларе терра, вайна гонаха долу дуьне гойтуш хилла ца 1аш, халкъан менталитет а, цуьнан къоман амал а, ламасташ а, г1иллакхаш а.
Меттигерчу историн а, кхечу музейшкахь а деза денош д1ахьо викторинашца а, лекцешца а, кхин а дешаран барамашца а. Республикин г1аланашкахь а, к1ошташкахь а, Дагестанан культурин а, меттанийн а де даздеш, д1ахьо кхетош-кхиоран къамелаш, баккхийчу дагестанхойн меттан говзанчашца цхьаьнакхетарш, литературинсуьйренаш, ешаран къовсадаларш, суртийн гайтамаш, дагестанхойн йаздархойн книгийн гайтамаш.
К1оштан муниципалитеташкарчу берийн учрежденешкахь д1ахьо классийн сахьташ, тоьлла сурт дилларан конкурсаш а, сочинениш а.

БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля