И ламаст лардийр ду вай…

 

Эсаран 22-г1а де лоруш ду Дагестанан халкъан поэтан Гамзатов Расулан поэзин дезде санна — «К1айн г1арг1улеш», аьлла, ц1е йу цунна.

 

Гамзатов Расулна литературин декъехь баккхий кхиамаш бахарна Дагестанера а, Россера а, Советан пачхьалкхера а, дуьненара а дуккха а ц1ераш а, совг1аташ а делла. Цуьнан поэзино тахана тайп-тайпанчу къаьмнех адамаш цхьаьнатуху, диканиг, хьекъал, безам хьоьху.
Г1арг1ули – ц1еналлин а, хазаллин а билгало а йу…
Иштта дийцар ду. Къилбаседа Х1ирийчуьрчу Дзуарикау йуьртара Газдановг1еран доьзалехь ворх1 к1ант вара. Цхьаъ велира 1941-чу шарахь Москохна гергахь. Кхин а шиъ — 1942-чу шарахь Севастополь ларъеш. Кхоалг1ачу тезетах кхелхина нана. Газдановг1еран кхо к1ант велира Новороссийскехь а, Киевехь а, Белоруссехь а хиллачу т1емашкахь.
Йуьртара почтальонна ца лиира Берлин схьайоккхуш кхелхинчу Газдановг1еран т1аьххьарчу, ворх1алг1ачу к1ентан «похоронка» д1адахьа. Ткъа т1аккха йуьртан тхьамданаш шаьш а бахара оцу керта. Шен цхьаъ бен йоцу к1ентан йо1 марахь а йолуш, наь1арт1ехь хиъна 1аш вара к1ентийн да: уьш ма-гиннехь хиира цунна церан хьабахкаран 1алашо…
Дзуарикау юьртахь 1963-чу шарахь х1оттийра вежаршна Газдановг1арна лерина х1оллам: г1айг1анехь лаьтта нана, ворх1 г1арг1ули а гойтуш. Скульпторан Санакоев Сергей Павловичан болх бу иза,
Оццу йуьртахь, меттигерчу бахархойн къинхьегамца, 1970-чу шерашкахь йуьртарчу школехь кхоьллина жима музей, цигахь лерина лардеш ду ворх1 вешийн суьрташ а, церан иэс а.
Х1олламна т1ех1оьттира Гамзатов Расул. Оцу дийцаро 1адийна, йазйина цо «Журавли» ц1е йолу суьйлийн маттахь стихотворени. Поэмин оьрсийн матте гочдар дина малхбален поэзин гоьваьллачу гочдархочо Гребнев Наума.
Поэма йийшира Марк Бернесо, цунна т1ом к1орггера шен тема йара. Ян Френкеле оцу мог1анашна т1е иллин мукъам биллийтира цо.
«Г1арг1ули» илли гучудаьлла масех шо даьлча, 1941-1945 шерашкахь т1емаш хиллачу меттигашкахь х1олламаш х1итто буьйлабелира.
«К1айн г1арг1улеш» ц1е йолчу литературин дезчу дийнахь вай дагалоцу массо а т1еман аренашкахь шайн синош д1аделларш. Гамзатов Расула кхоьллина и васт тахана а эзарнаш адамийн дегнаш хьийзош ду. Дерриге а дуьненахь т1еман бохаман символ ю иза.
1965-чу шарахь Гамзатов Японехь хилира — Хиросимехь атоман бомбанаш йиттина 20 шо кхачарна лерина д1айаьхьначу тезетан барамашкахь.
Эзарнаш к1айн духарш доьхна зударий (Японехь и бос бу тезетан бос) г1алин юккъехь гулбеллера йоь1ан Садако Сасакин х1олламна уллехь.
1945-чу шарахь г1алина т1е атоман бомба тоьхча, Садако вуно жима йара. Уьш бохам хиллачу меттигна масех километр генахь бехаш бара, цундела царна зе ца хилира. Амма итт шо даьлча, радиацино д1овш динчу х1авао а, хино а, латтано а д1адаьккхира Садакон са — иза цомгуш хилира радиацин цамгарца – лейкозца.
Японехь цхьа г1иллакх ду: кехатах эзар к1айн г1арг1ули йича, хьан даггара лаам кхочуш хуьлу, бохуш.
Кехатех г1арг1улеш йора цо — уьш эзар хилча, тойалар хир ду бохучу аларх тешаш. Цуьнан классерчу накъосташа а, кхин а дуккха а наха г1о дира кехатан г1арг1улеш йан. Амма цамгар кхин а ч1аг1ъелира…
Садако кхелхира эсаран 1955-чу шеран 25-чу дийнахь …
Дуьнент1ерачу тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара бераша эзарнашкахь г1арг1улеш йохуьйту Хиросимерчу Машаран мемориале, машар хиларе сатуьйсуш. Ткъа и к1айн г1арг1улеш Садако х1олламна гонаха лаьттачу йаккхийчу шишанийн йаьшканаш чохь д1ах1иттийна йу.
Поэт оцу дийцаро ч1ог1а г1айг1ане вожийра. Иза майданахь лаьтташехь, Хиросиман т1ехула стиглахь ц1еххьана гучуйелира г1арг1улийн тоба. Иза цхьа шатайпа билгало йу аьлла хийтира Гамзатовн.
«Журавли» илли иштта кхолладелла — Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1амехь кхелхинчу адамийн дагалецаман гимн. Ткъа таханлерчу халачу заманахь илли цкъа а ца хиллачу кепара мехала ду дерриге а дуьненна.
Зама т1аьхьататта йиш йац… Амма х1окху лаьтташ доцчу дуьненахь гуттаренна а мехаллаш хила еза, вайх адам ала бакъо луш йолу.
Царах цхьаъ ду — Даймохк ларбан, оьшуш хилча, цуьнан дуьхьа шен са д1адала кийча хилар.
Шайн Даймехкан дуьхьа кхелхинчу нехан дагалецамаш цхьаьнатуху Россин массо а къаьмнаш. Масех шо ду дуккхаъчу пачхьалкхашкахь «К1айн г1арг1улеш» деза де даздеш долу. И ламаст лардийр ду вай дуккха а шерашкахь!

БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля